ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кандагарерчу маьждигехь 47 вийна, бомба а эккийтина, 70-нна чевнаш йина


ШиIатийн маьждигехь, ГIадужу-беттан 15-хь эккхийтар динчул тIаьхьа
ШиIатийн маьждигехь, ГIадужу-беттан 15-хь эккхийтар динчул тIаьхьа

Кандагарерчу шиIатийн маьшдигехь пIерасакан дийнахь иккхина террорхо-Iожалхо, хаам бина меттигерчу Iедалша, хаам бо "Американ аз" зорбан гIирсо, Свобода Радионна тIе а тевжаш. Эккхар дина гIалин юккъерчу Фатимия маьждигехь. Кандагар провинцин талибаша кхоьллинчу культуран а, информацин а департаментана тIе а тевжаш "Ассошиэйтед Пресс" агенталло бинчу хаамца, вийна лаххара а 47 стаг, 70 чевнаш йина ву.

Афганистанна урхалла дечу "Талибан" боламан векало дIахьедина, кхерамазаллин сервисан белхахой сихха кхаьчна хилар бохам хиллачу метте, хьал талла а, эккхийтар дарна бехке болу нах каро а. Болчу хаамца, ГIадужу-беттан 16-хь Iуьйринна а и тIелатар шена тIеэцна дац цхьаммо а.

Ша вовзийта ца лиъначу цхьана тешо, дийцина France-Presse агенталле, шена кхо эккхар хезира, маьждигана чохь а, цунна уллехь а аьлла. Агенталло билгалдоккху, и лелхарш хилла хилар, мехкан къилбаседа-малхбалерчу Кундуз провинцехь ГIадужу-беттан 8-хь террорхо-Iожалхочо маьждигехь бомба эккхийтинчул тIаьхьа цхьа кIира даьлча. ХIетахь вийра 50 гергга стаг, 140 - чевнаш йина вара. И тIелатар шена тIелецира Оьрсийчохь йихкина йолчу "Исламан пачхьалкх" вовшахтохаралло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG