ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кавказан Албани а, аланийн тIаьхье а. Регионан географи муха толлу ширачу заманахь


Юьххьера аланаш(википеди)
Юьххьера аланаш(википеди)

"Ашхарацуйц" – VII-чу бIешерийн куьйгайоза ду, шена юкъахь Эрмалойчоьнан а, Гуьржийчоьнан а, Кавказан Албанин а, Къилбаседа Кавказан а историкан географин башха хаамаш болуш. Мацахлерачу хенахь оцу дозанех лаьцна ширачу историкийн-географийн Страбонан а, Птолемейн а белхашкара схьаэцначу хаарша дIадузу и довзарш. Оцу манускриптан маьIнех дийцаредира Вачагаев Майрбека историкан Iилманийн докторца, Кавказ толлучу дуьненаюкъарчу центран директорца, Абхази аьлла, шаьш дIакхайкхийначу республикан гуманитаран талламийн институтан белхахочуьнца Гумба Гурамца.

Гумба Гурам
Гумба Гурам

– Лараме Гурам Джотович, "Ашхарацуйц" трактат теллина ахь, оцу ширачу иэсаллин историх а, географих а хьайн интерес хиларан хIун бахьана дара?

– Дуьххьара доло деза ас, 1978-чу шарахь Абхазин Iилманан-талламан институтан цIарах со Ереванерчу пачхьалкхан университете Абхазех лаьцна дийцинчу ширачу эрмалойн хьасташ йоввза хьажорна тIера. Оцу Iалашонца ас Iамийра шира а, кхузаманан а эрмалойн мотт. Цул тIаьхьа аспирантурехь висира со. Сан хьехархо а, Iилманан куьйгалхо а вара гоьваьлла Iилманча, Кавказан талламхо, академик Еремян Сурен (цо Iамийна эрмалойн къоман генезисан хеттарш, юккъерчу оьмарера Эрмалойчоьнан, Кавказан, Хьалхарчу Азин социалан-экономикан а, политикан а истори. – Редакцин билгалдаккхар.) Со студент волчу заманахь дуьйна цуьнга ла а доьгIуш, цунах лаьцна хаарш кIаргдеш вара со. VII-чу бIешерийн эрмалойн"Ашхарацуйц" географи – иза шира, башха хьаст ду, Кавказан исторехула иштаниг кхин дан а дац. Иза хьакхало регионан хьалхарчу Юккъерчу оьмаран этникан а, политикан а географих.

– Ерриг а маса редакци ю"Ашхарацуйцан"?

– Ерриг а йисинарг шиъ: йоца а, йахйина а. Цхьана куьйгайозанехь бен йевзаш йац йахйина редакци, йоца редакцин 60 гергга куьйгайоза сийлахьчу Маштоц Месропан цIарахчу институтехь Iалашйеш йолчу заманчохь. Цуьнан цхьа дакъа – эрмалойн мхитаристийн католикийн килсехь ю, сийлахьчу Лазарян (Венеци) гIайри тIехь, Римерчу килсехь, ткъа 40 куьйгайоза Ереванехь ду.

Ширачу эрмалойн куьйгайозанан гайтаман сурт (Википеди)
Ширачу эрмалойн куьйгайозанан гайтаман сурт (Википеди)

– Ширачу эрмалойн маттах ахь дуьйцуш, къастон гIерта со, муьлхха а эрмало кхетийла дуй оцу маттахь йаздинчух?

– Цуьнан шеко йац, уггар хьалха историкаш а, лингвисташ а. Кхузаманара эрмало ца кхета, цуьнга деша а лур дац, оцу заманашкахь дина йозанаш. Мотт хийцалуш бу. Эрмалойн йоза кхоьллина ду V-чу бIешарахь. Тахана вайна дуьхьал VI–VII -чу бIешерашкара, йа X-чу бIешарера абхазаш, йа нохчий дуьхьалкхетахь, вайна хала хира дара вовшех кхета.

– Нагахь санна, вай юьйцург хIара цхьа хьаст йелахь, "Ашхарацуйц", Къилбаседа Кавказан цхьахдолчу халкъах лаьцна хаамаш цу юккъера схьаэца тарло?

– Ала догIу, Кавказан доллу къаьмнаш бохург санна цу тIехь хьахийна ду. Вай "Къилбаседа Кавказ", йа "Къилба Кавказ" йийцахь, и цхьа билламе кхетамаш бу, мел а кху заманара. Коьрта Кавказан дукъ цкъа а хилла дац къастош сиз хьаькхна, этникан йа Кавказехь дехачу халкъашна политикан доза хилла. Изза и цхьа къаьмнаш даьхна къилбаседан а, къилбан а дакъошкахь. Ша "Къилбаседа Кавказан къаьмнаш" боху кхетам ас лелор бацара Iилманан литературехь.

Страбон (Википеди)
Страбон (Википеди)

– ТIаккха муха билгалдаха деза уьш?

– Кавказан къаьмнаш. И терминологи Iаламат коьрта ю. Вай олу, масала, "кавказхойн халкъаш" а, "къилбаседакавказхойн меттан доьзал". Цунах муха кхетар ву? Стага йоьшу и цIе, и къаьмнаш даим а цхьана регионехь даьхна моьтту, и нийса ма дац.

Кавказхойн меттан доьзалх тоххара иберийн-кавказхойн олура, цул тIаьхьа юкъайаьккхира "къилбаседакавказхойн меттан доьзал" аьлла термин. И дерриге а цхьа билгале политикан ача йолуш ду. Юкъара кавказхойн дакъа лоруш ду иберийн-кавказхойн меттан а, картвелан а доьзал. Цул тIаьхьа гуьржийн, оьрсийн, малхбален Iилманчашна картвелан меттан доьзал къаьстина лерира, ю иштта кхин а абхазойн-адыгхойн а, нахийн-дагестанхойн а. Цхьана доьзална юкъа тарйина уьш. ХIинца дийца буьйлабелла, абхазойн-адыгийн тоба – къаьстина меттан доьзал бу бохуш.

Вевзачу этнолога Арутюнов Сергейс термин юкъайаьккхина "мацах дуьйна кавказхойн меттанаш" аьлла. Тоххара дуьйна Кавказехь даьхначу къамьнашна лерина ю иза. Иза абхазийн-адыгийн (хатийн меттанашца йоьзна) а, нахийн-дагестанхойн (хурито-урартхойн маттаца йоьзна) а меттанийн доьзалш бу. Суна хетарехь, иза мел а нийса хир дара Кавказан халкъийн меттанаш билгалдохуш аьлча.

"Кавказхойн халкъ" вай олуш, буьйцурш бу цхьана заманчохь кхуза баьхкинарш. Тюркийн, гIажаройн меттанаш дуьйцу тIаьхье – кхарачой, балкхарой, гIумкий, ногайцаш, хIирий – шеко йоцуш уьш а бу кавказхойн къаьмнех. ХIунда аьлча, церан этногенез Кавказехь хилла ю. Амма вай мацах дуьйна кавказхойн меттанан доьзалх долу къаьмнаш дуьйцуш делахь, хаа деза, дуьххьара дуьйна Кавказехь даймохк хилларш – хатийн-абхазийн-адыгийн а, хурритийн-урартхойн-нахийн-дагестанхойн меттанаш хиларх.

– ХIара цхьа башха хьаст ду, цхьана ханна хилла зама гучуйоккхуш: вайн эрил хьалха хилла I-чу эзаран шолгIа дакъа а, вайн эрил хьалхара V–VII-чу бIешераш а, аьлча а, хьалхара Юккъера оьмар.

- Хьалхарчу декъехь хьахийна Кавказера политикан хьал. Дуьйцурш ду оцу хенахь хилла пачхьалкхан дакъош. Цигахь хьахийна Малхбузенан Кавказера Сиракан-миотийн вовшахтохаралла, Юккъерчу Кавказан Нахийн вовшахтохаралла, тIаккха Аорси йа Аорийн вовшахтохаралла (Аорсаш – гIажаройн мотт буьйцу тIаьхье ю, вайн эре кхачале хьалха Волгин хидожехь баьхна. – Редакцин билгалдаккхар.). Оцу муьрехь а ширачу хьастийн Iаткъам чIогIа бара: царна хетарехь, масала, Терек хи Кавказан дукъан кIажехь охьадогIуш дара. ХIинца йолчу Дагестанан Кавказан дукъна къилбехьа долу доза гатлуш дара, цуьнан башха терго ца йо, Дагестан (церан кхетамехь) Кавказан Албанина юкъайогIуш ю. Оцу картанаша гойту, ширачу авторша Кавказан этнополитикан могIарш тIе ма-эццара.

ШолгIачу декъах дерг аьлча, цу юкъахь вайна гуш ду, Кавказехь деха доллу къаьмнаш аьлча санна билгалдаьхна. Малхбузера дIадуьйладелла, цигахь хир бу кашагаш, зихаш, аьлча а, адыгийн къаьмнаш- царна тIаьхьа абхазаш, дуьххьара оцу хьастанашкахь хьахийна бу Апснын абхазаш.

Кхин дIа – Юккъера Кавказ, цигахь охьайагарйина 20 гергга тIаьхье. Трактатан хьалхарчу декъахь хьахийна Нахийн пачхьалкхан вовшахтохаралла, Нохчиматья (Нахматьян) цIе лелийна. Хьалхалерачу абхазаша а, адыгаша а оцу вовшахтохараллех олура нахийн тотеман коьртачу делан цIарах – Малхи, ткъа дагестанхоша олура Масахи.

Нахийн тIаьхьенца цхъаьна заманахь гучубуьйлу гIажаройн мотт буьйцу тIаьхье- ашиш, асаш. Оцу этнонимашца мила билгалвоккхура ала хала ду, амма хIетахь гучубевлира аланаш, гучуйолу тюркийн тIаьхье а. Оцу вовшахтохараллех аланаш йа ардосаш, йа дзурдзукаш олура. Кхин дIа ю Дагестан. Цигахь хьахийна ю 20 гергга тIаьхье.

Кавказан Албани (шира пачхьалкх, вайн эра тIекхачале II-чу бIешерийн чакхенехь – I-чу бIешерийн юккъехь Малхбален Закавказьехь вовшахтоьхна йолу. Цо дIалоцура кху заманарчу Азербайджанан а, Гуьржийчоьнан а, Дагестанан а территореш. – Редакцин билгалдаккхар.) трактат жимма юьстахйоккху, хIунда аьлча, ширачу хьасташкахь Къилбаседа Кавказе Азиатийн Сарматига санна хьовсуш бара, и термин лелош ю географин маьIнехь. Птоломейс бахарехь, йоллу Малхбаленан Европа хьалха заманахь Европан Сармати, Азиатийн Сармати аьлла йекъалуш ю.

Гуннийн аланашца тасадалар (Википеди)
Гуннийн аланашца тасадалар (Википеди)

–Аланаш хьахийра ахь. Оцу хьасташкахь хIун дуьйцу царех лаьцна?

– Дуьххьара Юккъерчу Кавказан малхбузенан декъахь хьахийна уьш, аланаш а, аш-дигораш а бу уьш. ШолгIачу декъехь хьахийна аланийн вовшахтохаралла Терекан малхбалехьа.

"Ашхарацуйцехь" гайтина политикан ши вовшахтохаралла, Юккъерчу оьмарехь хилла йолу, малхбузенан-аланийн а, малхбаленан-аланийн а. "Аланаш" бохучу терминах кхузахь этникан маьIнехь пайда ца оьцу, политикан маьIнехь лелош ю. Асаш а, дигораш а бара цигахь, ши тIаьхье санна, царах лаьтташ йара аланийн цхьа вовшахтохаралла. И дуьйцуш ду "Ашхарацуйцехь". Аьлча а, и этноним доккха маьIна долуш ю Къилбаседа Кавказан юккъерчу декъера тIаьхьенийн вовшахтохараллина.

Таханалерачу Къилбаседа Кавказан халкъийн цхьаболу векалш -кхарачой, балкхарой, хIирий, гIалгIай, кIезиг нохчий а – луьра къуьйсуш бу ширачу аланийн тIаьхьенах дисинарг, цо хIумма а диканиг ца дохьу. Ас иштта эр дара: аланаш хIирий а, йа балкхарой а, йа кхарачой а, йа гIалгIай а, йа нохчий а ца хилла. Амма и доллу къаьмнаш аланаш бу. Иза церан юкъара тIаьхьало ю.

Сарматаш (Википеди)
Сарматаш (Википеди)

– Хьан диссертаци йоьзнера вайнехан къаьмнаш вайн эрил хьалха хиллачу I-чу эзара шерашкахь дӀасатардаларца. Эрмалойн географихь муьлхачу муьрехь гучуйевлира "кистой", "нахчматьянаш", "дзурдзукаш" терминаш?

– И кхуьй а термин йолуш ю "Ашхарацуйцехь", царех пайдаоьцу Юккъерчу оьмаран юьххьехь дуьйна, V–VII-чу а бIешерашкахь. ХIорш а, кхин а дуккха а кхинйолу нахийн терминаш а "Ашхарацуйцехь" хьехийна ца Iаш, кхин а хьалха хиллачу хьасташкахь а цхьаьна юьйцуш ю. Изза дзурдзукаш, изза нахчматьянаш, изза кистой буьйцу V-чу бIешерийн кхечу хьасташкахь а, амма пайдаоьцу царех II-чу бIешерашкара хиламаш бахьана долуш.

Эрмалойн историографин бухбиллархочо Хоренаци Мовсеса яздо, вайн эрил хьалха хиллачу IV-чу бIешерийн хиламех, билгалйоккху "кусты" термин – "кистой" маьIнехь. Ала догIу, академико Еремяна дуьххьара сан терго тIеуьйзира, кусты -кистой хиларна, кест-кеста уьш хьехабо "Ашхарацуйцехь". Цуьнан советан заманахь зорбане даьхначу картанаш тIехь эрмалойн маттахь нахчматьянаш дIатарбелла бу Ван Iоман кIоштахь, масийттазза хьахийна термин "нахчаван".

– Оцу трактатехь къилбаседакавказхойн тIаьхьенан дозанаш Донан бухе кхаччалц дIа хIунда ду? Оцу заманахь иштта дIа шуьйра дара церан къилбаседехь дIатарбар?

– И догIуш ду вайн эрил хьалха I-чу эзар шерийн шолгIачу эханца. Аьлча а, "Ашхарацуйцан" авторо Донан хикхоченан гонахара нахчимаьянна локализаци йина ца Iаш, Кавказехь даьхначу массо а халкъашна а йо. Къилбаседа Кавказан этникан карта къилбаседанехьа теттина ду. И доьзна ду, авторо шира хьастех пайдаэцарна, и йаздина цо шен белхан юьххьехь, ша оцу дозанех лаьцна дийца волалуш.

– "Нахчматьянаш"а, "нахаматьянаш" а терминаш – башхалла юй цаьрца? "Ашхарацуйцехь" муьлхарчух алсам пайдаэцна?

– "Нахчиматьянаш" куьйгайозанашкахь хьахийна 57-зза. Цхьана хьастера схьадогIуш хила тарло уьш. "Нахаматьян" кIезиг хьахийна. Монографи ас йазйечу хенахь, со талла волавелира, хIун йаздо нохчийн а, гIалгIайн а историкаша оцу теминан хьокъехь. Дуккха а къийсамаш, дуккха а хетарш дара. Амма "нахче" – нохчийн къоман цIе ю. Урартхойн муьрера схьа дуьйна хьахош ю иза. 3 эзар шо ду "нахче" этникан цIе лелаш йолу.

Бевзачу Iилманчийн, масала, Дешериев Юнусан, Чокаев Катин, белхашка хьаьжча, "адамаш", "халкъ" билгалдоккху термин цара йазйеш, жамI дойла ю, "нахи" боху термин, хетарехь, дуьххьара хилларг ю, ткъа "нахчи" тIаьхьо гучуйаьлла ю.

***

Оцу темица йогIуш хьоьху литература: Гурам Гумба. Нахи: вопросы этнокультурной истории (I тысячелетие до н. э.), Москва, издательство Литера, 2017 г. 544 с. Монография лерина ю нахийн- нохчийн, гIалгIайн, цова-тушийн (бацбийцаш) шира историн хеттарш талларна - йозанан хьасташкара хаамаш бустуш, археологин материалаш а, топонимикан а, лингвистикан а, антропологин а, фольклоран а хаамашна тIехь хIоттийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG