ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къайладаьхна декъий: Соьлжа-ГIалано лечкъадо Украинехь байъинчу Нохчийчуьра эскархойн терахь


Нохчийн кешнашкахь, гайтаман сурт
Нохчийн кешнашкахь, гайтаман сурт

Украинехь тIом болабелчхьана Нохчийчуьра ши эскархо вийна аьлла, дIахьедина республикера Iедалша. ТIеман гIуллакхашка хьежийна болу шовзкъа гергга беллачу ницкъахойн терахь тIечIагIдан аьтто баьлла Кавказ.Реалиин. Баккъалла а и терахь кхин а алсам хила мега: дахначу кIирнах хьастша дуьйцура 60 веллачух лаьцна.

Нохчийчуьра Украине вахана мел эскархо ву билггала хууш дац. Дуьххьара тIеман тийсдаларш доьлхучу метте хьажийнера шина батальонан эскархой: "Север" цIарца евзаш йолу (Ханкалахь ю иза) Кадыров Ахьмадан цIарах йолчу лерина 141-гIа полкан а, 249-гIа къаьстина лерина "Юг" батальонан а (тIеман база Веданахь ю), оьрсийн эскаршна тIехьа а богIуш Киеван кIоштехь тIеман полицин гIуллакхаш дора цара. Зазадоккху-бутт юкъабаьлча Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедира, Мариуполе "эзарнаш эскархой" бохуьйтуш хиларх – оцу тайпа дIахьедарш хIинца цо хIора кIирнах аьлча санна до.

Кавказ.Реалиин шен хьостанашкара хиина, таханалерчу дийнахь Украинерчу тIамехь 42 нохчо вийна хиларх:

  • Шела – 12 стаг
  • Хьалха-Мартанан кIошт – пхиъ стаг
  • Закан-юрт, Веданан кIошт – кхоккха стаг
  • ШаIми-юрт, Устрада-ГIала, Эвтара, МахкатIе – шишша стаг
  • Мескер-юрт, Октябрьское, Илсхан-юрт, БелгIатой, Сиржа-Эвла, Алпатово, Элистанжа, Куьршлой-эвла, Дубин-эвла, Баса-ГIала – цхьацца стаг.

Биссинчу нехан балар редакцина цкъачунна тIечIагIдан аьтто ца баьлла. Хьалхо Кавказ.Реалиин СКФО-ра тIеман хьукматерчу хьостано хаамбира, Украинехь Нохчийчуьра мел-кIезга 60 стаг велла аьлла. Церан терахь кхин а алсам ду ала бахьанаш ду.

Тийна тезеташ

Нохчийчуьрчу Iедалхоша Украинехь тIеман агресси йолаелчхьана официалехь шиъ вийнарг бен тIе ца лаьцна – иза Тарамов Iабдулбек а, Исаев Тимирлан а ву. Луларчу регионашкара оцу тIамера белларш сийдеш дIабухкучу хенахь, Нохчийчохь дукхачу хьолехь тезеташ тийна дIахьо. Кавказ.Реалиига тайп-тайпанчу бюджетан организацин белхахоша анониман кепехь дийцарехь, оцу тайпа тезетах лаьцна мелла а кIезга наханна хаийтархьама Iедалхой дерриг дан гIерта. Цара бахарехь, оцу бахьанца, Нохчийчохь тIеэцна долу ворхI дийнахь веллачунна тезет латторан ламаст хIинца цхьана дийне дирзина.

Iедалхойн планашца, Тарамовн, Исаевн кхалхар гIардаккхаро гайта дезара, тIамехь вийначех цхьа а вуьссур воцийла тидам боцуш, иштта церан доьзалийн аьтто хир буйла тIеман министралло лур ду аьллачу ахчанал совнаха, регионерчу Кадыров Ахьмадан цIарах йолчу фондера гIоне сатийса.

Украинехь кхелхинчу Нохчийчуьра эскархойх лаьцна дуьйцу кхечу хьостанаша а. Иштта, Зазадоккху-бутт болалуш Беларусин президентан дарже кхача гIерташ хилла йолу Тихановская Свеланин пресс-секретара Красулина Аннас хаамбира, Мозырь гIалан моргаш нохчийн эскархойн декъех йоьттина ю аьлла. Цо бахарехь, и декъий цигахь еххачу ханна Iехкийтар тIедиллина, хIунда аьлча, Iедалхой кхоьру уьш республике хьовсон.

Кавказ.Реалиин хаамашца, Нохчийчу а, Къилбаседа Кавказан кхечу регионашка дахьийта дезаш долу декъий Ростовн кIоштара моргашка схьакхоьхьуш ду.

Украинерчу тIамехь байъиначийн тезетах лаьцна мелла а кIезга наханна хаийтархьама Iедалхой дерриг дан гIерта

Красулинас дина дIахьедар кхечу хьостанашкара тIечIагIдан, йа харцдан аьтто бац. Амма дукхаъ йолу видеош тIеман дуьххьарчу кIирнашкахь кадыровхоша яьхна яра Киевна къилбаседехьа – белорусхойн дозанна уггара йистерчу латтанаш тIехь. Украинан кхерамазаллин сервисо бинчу хаамца, кхузахь Нохчийчуьрчу эскархойх бIеннаш хIаллакхилира, Зазадоккху-беттан 13-хь и меттигаш дIатесира цара.

Иштта, Зазадоккху-бутт болалуш нохчийн оппозицин блогеро Халитов Хьасана скриншоташ гIаръехира тIехь республикера эскархойн суьрташ долуш, гергарчара, бевзачара кадамбеш йозанаш дара царна тIехь. Цул сов, меттигерчу социалан машанашкахь яржош аудио ю, оцу тIехь Нохчийчуьрчу яхархочо дуьйцу шен виъ кIентан кхалхарх лаьцна: Халитовс дIахьедира, шен хаамашца, уьш берриш Украинехь кхелхина аьлла.

Охан-беттан 11-хь украинхойн эскархоша иштта хаамбора, хьалхара батальонийн тактикан тоба 70-гIа мотострелкован полкан 42-гIа мотострелкован дивизи (гуттара дислокаци йолу меттиг – Шела гIала, Нохчийчоь) Донецкан кIоштехь хIаллакйина хилар. Дийна виснарг цхьа сержант Магомедов Гитиномагомед бен вацара, мел-кIезга ворхI вийначух лаьцна хаамаш до – эскархоша тIечIагIдо, иза йохийначу тобанан цхьа дакъа бен дац.

"Суперармех лаьцна туьйра"

Тахана Нохчийчохь аьтто бац веллачу эскархочух лаьцна официалан хаамаш довза: тIекхочийлехь цхьа информаци яц Украинан байракхна кIел оьрсийн эскаршна дуьхьала тIом беш болу нохчийн кхалхарх лаьцна.

Абдурахманов Тумсо
Абдурахманов Тумсо

Оппозицин блогера Абдурахманов Тумсос тIе тидам бохуьйту, байъиначийн терахьаш лечкъорна – иза ерриг Оьрсийчохь даьржина хIума хилар.

"Хетарехь, къоманна юккъера боьхна хьийзарш а, реза цахиларш а иштта юхатоха йиш ю моьттуш хир ду царна. Суна хетарехь, Чернобылера аварих лаьцна а, Афганистанера, Нохчийчуьра а байиначех лаьцна а бист ца хиларан бахьана ду кхузахь дерг а", - дуьйцу къамелдечо.

Украинехь байъинчу нохчех лаьцна дуьйцуш Абдурахмановс билгалдоккху, шен хаамашца, церан терахь иттанашка даьлла хилар.

Цуьнца реза бу Европерчу мухIажаршна бакъонийн гIодеш йолчу нохчийн "Вайфонд" организацехь а. НКО-н векало иштта билгалдаьккхира, Кадыровн тоталитаран режим дIахIоттар бахьана долуш, Нохчийчохь информаци Оьрсийчоьнан кхечу и регионашкахьчул кIезга гIарйоккху.

"Иштта делахь а, къаьсттина байъиначийн гергарчаьргара кхочу тахана Малхбузерчу оппозицин блогершка Нохчийчуьра информаци. Беллачийн бакъдолу терахьаш дийца аьтто бац. Амма Украине бахначийн а, цигахь беллачийн а терахьаш дуьстича, шеко йоцуш ала йиш ю, иза жимачу республикана вуно дукха хилар", - тIетоьхна къамелдечо.

Беллачех лаьцна хаамаш лечкъоран бахьана "дика кечамбина йолу суперармех" лаьцна туьйра гучудерг хиларна кадыровгIар кхерар ду боху цо: "Оцу гIуллакхна уьш кийча бу тIеман хьалхенехь кхалхарш доцуш шаьш тIом бо бохуш, кхин дIа а аьшпаш битта".

Ерриг Оьрсийчоьнехула, мехкан президентан пресс-секретара Песков Дмитрийс бахарехь, баларш шортта ду. Беллачийн терахь тIеман министралло шозза бен ца хьахийна: Зазадоккху-беттан 25-хь бинчу тIаьххьарчу хаамца, Оьрсийчоьнан 1351 эскархо вийна. Официалехь доцу терахьаш кхин сурт гойту. Масала, Охан-беттан 11-хь Кавказ.Реалиино хаамбира, Украинехь кхелхинчу Дагестанерчу нехан хууш долу терахь 100-на тIе кхаьчна хилар, Зазадоккху-беттан 15-хь регионан урхаллерчу хьостано 130-х лаьцна дуьйцура.

  • Украине баха лууш эзарнаш нах бу бохуш Кадыровс дIахьедеш далахь а, эскархошна хьехош ахчанийн совгIаташ делахь а, республикехь тIаме ваха луург карон атта дац. Социалан машанашкахь яржийначу аудио тIехь "Юг" батальонан хилла командир Межидов Хьусайн Веданан кIоштарчу ДаьргIарчу бахархошка вистхиллера, шайн лаамехь шен отряде дIабазбалар хьоьхуш. ТIаьхьо цо кхин аудио дIаязйира – юьртарчу бахархошкара бехкаш дохура цо, шен кхайкхамна цхьаьна стага а жоп ца делла бохуш. Хьалхо Кавказ.Реалиин эксперташа билгал ма-даккхара, Украине мел-хьажийна нохчийн эскархой бекъа йиш ю масех декъе: белхан декхаршца цига кхаьчнарш, шайна пайда лоьхуш арабевлларш, йа таIзарна цига хьовсийнарш - царах цхьаъ ца нисвелла тIамехь шайн лаамехь.
  • Цул хьалха Нохчийчуьрчу Iедалхошна оппозицехь долчу телеграм-каналаша видео яржийра, махкара "шайн лаамехь" Украине боьлхурш новкъабохучуьра яьккхина – коврана тIаьхьахьоьжучу зударийн белхарш хеза цу тIехь. Гоне ерзийначу меттигехь лаьтташ бу уьш, царна хьлаха герзашца нах а бу. Кадыровн критикаша чIагIдо, меттигера бахархой бертаза тIамехь дакъа лаца хьежош бу, ницкъаллин структурийн белхахой боцурш, шаьш тIаьхьадевлла лела нах а цхьаьна. Йозуш йоцчу хьасташкара информаци бакъеш тоьшаллаш дац.
  • Охан-беттан 13-гIа де –буьззинчу барамехь Оьрсийчоь Украине чугIоьртина 49-гIа де ду. Донецкан, Луганскан кIошташкахь йоккха тIелатаран операцина кечлуш ю Оьрсийчоь, дIахьедина ВСУ-н коьртачу штаба. Украинхойн Iедалша мехкан малбалерчу наханна эвакуаци яр хьоьху.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG