ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров шек вац малхбузено санкцеш яхъярх


Нохчийчоь -- Кадыров Рамзан Чиллан-бутт 22, 2017

Зазадоккху-беттан 13-чу дийнахь Оьрсийчоьнна дуьхьалъяьхна санкцеш кхин а 6 баттана яхйира Евро Барто. Cанкцеш яхъярна коммент еш, Кадырова дIахьедира, “малхбузено бахьанаш лоьху экономикан а, социалан а, политикан а хьал Оьрсийчохь карзахдаккха,” аьлла. “Вай бехке ду вайна ваьш онда пачхьалкх хетарна а, Iамеркан а, Европан а бага а хьаьжна даха ца лаарна а, вайн дуьненахь интересаш хиларна, вайн Даймехкан - Оьрсийчоьнан бакъ йолу маршо ларъян аьтто хиларна а”, аьлла дIахьедира цо. Кадырова кхин дIа элира санкцеш Нохчийчоьнна новкъарло ца йо республике инвестицеш чуян.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG