ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Казахстанехь 8 эзар гергга стаг лаьцна дуьхьалонан акцеш юьйлаелчхьана


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Дуккха а адамаша дакъалоцу дуьхьалонан акцеш хиллачул тIаьхьа Казахстанехь дIалаьцна 7939 стаг. Цунах лаьцна хаам бо зорбан гIирсаша республикан МВД-н хIоьттинчу хьоланан центрана тIе а тевжаш, яздо Радио Свобода зорбан гIирсо. Алматыхь дийнахь-бусий лаьцна 508 стаг. Де хьалха оперативан штабан кхеташо дIайирзинчул тIаьхьа Казахстанан президентан зорбан сервисо хаам бира, къепедацарш лелийна 6 эзар стаг лаьцна хилар хьокъехь. Цул сов, талла долийна 125 бехктакхаман гIуллакх.

Казахстанан Iедалша чIагIдо, махкахь дуьхьалонан акцеш йоьлхуш а йолуш, къепедацарш лелийнарш террорхой бу, шайна юкъахь махкал арахьа кечбинарш а болуш бохуш. Казахстанан МВД-но хаам бина, лецначарна юкъахь "луларчу пачхьалкхан махкахой" бу аьлла.

Оршотан дийнахь хаамаш баьржира Алматыхь лаьцна хилла гIиргIизойн джазан пианист Рузахунов Викрам дIахецна хиларх лаьцна. ТIаьхьо и хаам тIечIагIбира гIиргIизойн Пачхьалкан къоман кхерамазаллин комитето.

КIиранан дийнахь Казахстанехь видео дIасаяржийнера кхечу пачхьалкхара вахархо лоцуш яьккхина ю аьлла, иза 200 доллар делча ГIиргIизойчуьра кеманца Казахстане веъна хиллера, Алматыхь митингехь дакъалаца аьлла. Цуьнан юьхьатIехь ларш яра цунна йиттина хиларан.

Оцу видео тIехь верг Рузахунов ву аьлла вевзира ГIиргIизойчуьрчу масех вахархочунна. ГIиргIизойчоьно дуьхьалонан нота хьажийра Казахстанна. Казахстанан Бишкерерчу векалалланна хьалха дуьхьалонан акци хилира. ГIиргIизойчоьнан МВД-но хаам бира, Рузахуновс Алматы билет эцна хиларх лаьцна ГIуран-баттахь, дуьхьалонан акцеш юьйлаялале дуккха а хьалха. Дечкен-беттан 2-хь иза Казахстане ваханера кеманца, концертан программаш яла. ГIиргIизойчоьнан юстицин министралло дIахьедина бехктакхаман гIуллак доло деза аьлла гIиргIазойн махкахочунна тIехь ницкъ барна.

Оршотан дийнахь Алматыхь тIаьхьарчу 3 дийнахь-бусий дуьххьара болх бан йолаелла мобилан а, стационаран а интернет. ЦхьамогIа кхечу регионашкахь болх беш ю мессенджераш а, ткъа иштта социалан машанаш а. Иза тIечIагIдина СНГ-н пачхьалкхашкахь блокаш хIитторна терго ечу GlobalCheck мониторинган сервисо. Нур-Султанехь болх бан юьйлаелла банкан карташца ахча схьаоьцу терминалаш, схьайиллина туьканаш, хаам бо ТАСС корреспонденто.

  • Дечкен-беттан 2-хь Казахстанан Мангистау областерчу Жанаозен гIалахь дуьхьалонан акцеш юьйлаелира, цIеххьана газан мехаш тIетохарна дуьхьал. Дечкен-беттан 4-хь дуьхьалонан акцеша лецира ерриг а аьлча санна мехкан яккхийн гIаланаш. Церан декъашхоша экономикан дехаршца цхьаьна дIакхайкхийра политикан дехарш. Iедалша дIахьедира газан мехаш охьадаьхна хиларх лаьцна. Дечкен-беттан 5-чу Iуьйранна Токаев Касым-Жомарта дIасахийцира министрийн кабинет, амма цо ца совцийра демонстранташ.
  • Ерриг а Казахстанехула даьржинчу тийсадаларан а, къепедацаран а эпицентр хилира шинарийн дийнахь дуьххьара ницкъаллин структурийн белхахойн а, дуьхьалонан акцийн декъашхойн а тасадаларш хилла Алма-Ата. Кхаарин дийнахь цигахь, дIа а лаьцна, ягийра гIалан администрацин а, прокуратуран а гIишлош.
  • Токаевс цкъа дуьххьара цхьацца областашкахь а, гIаланашкахь а, ткъа цул тIаьхаь ерриг а Казахстанехь а юкъаяьккхира чолхечу хьолан раж. Махкахь юкъахъяьккхира интернет.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG