ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Казахстанехь лаьцна латточу Мовлаев Мансуран вешина тIехь ницкъбарх лаьцна дIахьедина жигархоша

Мовлаев Мовсар
Мовлаев Мовсар

Официалехь боцчу хаамца, Казахстанехь лаьцна латточу Мовлаев Мансуран лачкъийна вигинчу вешина Мовлаев Зелимханна тIехь къизаллаш лелийна. Мовлаев Оьрсийчу схьавалийта хьийзаш ду нохчийн Iедал.

Хиллачух лаьцна хаамбина Мовлаев Мансуран гIоьнна кхоьллинчу тобано. Жигархоша дийцарехь, стигалкъекъа-баттахь Мовлаев дарбанан цIийне кхачийна хилла, йоьхь-цIога лазийна. Карарчу хенахь лартIахь йа хиъна Iар а, йа наб йар а дайна цуьнан, цунна йина чевнаш бахьана долуш.

Йозуш йоцчу хьасташа кхунах лаьцна кхин йаздина дац, иштта билггал хууш дац, ницкъбинарг мила ву а. Жигархоша дIахьедина: "Кхин дIоггара хьекъал оьшуш дац, иза оцу хьоле валийначу цунна тIехь лелийначу къизаллин барам хаа".

Ишта цара билгалдоккху, "Мансура лелочуьнца а, йа цунна тIаьхьабовларца а Зелимхан воьзна цахилар, и хIума нисдалар бахьана ду боху цара, Казахстанехь лаьцна латточу Мовлаевна цуьнан гергарчу нахехула Iаткъам бан гIертар.

"Оцу хIуманаша тIечIагIдо, нагахь санна, Мансур Оьрсийчоьне дIалахь, цунна тIехь билггал къизаллаш лелориг хилар", - дIахьедина жигархоша

Нохчийчуьра Iедалхоша кху хаамах лаьцна цкъачунна йина комментарий йац.

  • Тхан редакцин информацица, 2020-чу шарахь Мовлаевна кхел йина Нохчийчохь наркотикашца доьзначу гIуллакхехула. 2022-чу шарахь иза маьршаваьккхира хенал а хьалха. 2022-чу шеран марсхьокху-баттахь иза йуха а лецира Шела кIоштан полицин декъан белхахоша, чохь латтийра цхьахйолчу къайлахчу набахтехь. Эххар а ша дIахецча, цуьнан ка йелира Оьрсийчуьра дIаваха, карахь кехаташ а доцуш кхечира иза ГIиргIазойчу.
  • 2023-чу шарахь Мовлаевна 6 бутт хан туьйхира Бишкекан кхело, бакъо йоцуш шайн пачхьалкхан доза хадорна. Шена тоьхна хан чекх ма йоллура, Мовлаев дIавахара ГIиргIазойчуьра. 2024-чу шеран гIадужу-баттахь цо кхайкхам бира, шен вежарий Зелимхан а, Хьамзат а лачкъийна вигина аьлла.
  • 2026-чу шеран стигалкъекъа-беттан 8-чохь Казахстанера Алматан кхело товеца батте кхаччалц Мовлаев лаьцна вуьтуш сацам бира. И бутт чекхболуш Казахстанан Венера векалтана хьалха нохчийн диаспоран векалша пикет дIайаьхьира, лаьцнарг Оьрсийчу дIаваларна дуьхьал.
XS
SM
MD
LG