ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Казарма тоян" кхаьънаш эцначу Нохчийчуьрчу командирна таIзар тIечIагIдина кхело


Ростов-ГIалара тIеман кхел
Ростов-ГIалара тIеман кхел

Нохчийчуьрчу Калиновскехь куп тоьхначу минометан батарейн командиран декхарш кхочушдеш хиллачу Саракаев Сосланан хьокъехь Соьлжа-ГIаларчу гарнизонан тIеман суьдхоша дина таIзар хийцаза дитина къилбан гонашкарчу тIеман кхело. Иза бехкевина шегарчу бакъонел тIехваларна а, коррупци лелорна а, яздо Кавказ.Реалии портало.

Кхело тIечIагIдарца, 2019-2020-чу шерашкахь а къаьркъа а мелла, машен хехкарна бехкзуламан гIуллакхна тIеозийна волчу эпсаро шен куьйгакIелболчу эскархошкара кхаьънаш оьцуш хиллера гIуллакхдарх уьш мукъабохуш а, и тIеман декъан куьйгаллех лачкъош а. Итт эзар соьмаш эцна хиллера цо веангара, пхоьлгIачуьнагара 16 эзар сом.

ТаIзаре хIоттийначо а, цуьнан адвокато а чIагIонаш йора, цаьргара эцна ахча казарма тоеш а, тIеман декъан техникан хьелашка а хьежийнера бохуш, чекашца а, суьрташца а тоьшаллаш деш. Кхелан гIуда а тоьхна, иза валийтар доьхура адвокато.

Ростовехь апелляцино а тIечIагIдира хьалхарчу инстанцин кхелана хетарг, шена пайдечу Iалашонца лелаш ца хилла командир бохург тешалла доцу чIагIдарш ду аьлла.

"ТIеман декъан командиро бинчу хаамца а догIуш, минометан батарейн декъехь а, ракетан-артиллерин складехь а ремонтан белхаш бина бац (пенашна басар а дац хьаькхна), Саракаевна оцу хьокъехь тIедахкарш дина а дац, казарма тоян гIирс оьшура аьлла, куьйгалле хаийтина хIума а дац", - аьлла ду хаамехь.

Цул совнах, эпсаран банкан карти тIе хьежош хилла ахчанаш, оцу тIера кхечу чоьташ тIе а дохуш, шена оьшург оьцуш хиллера цо.
Оцу юккъехула кхело тидаме эцна иштта, "кхеле хIоттийначун дика агIонаш а, масала, тIеман ветеранан статусехь иза хилар а, балха тIехь дика цIе йоккхуш хилар" а. И дерриге а хьесапе а эцна, хьалхарчу инстанцин кхело кхин тIе а гIуданаш ца диттира Саракаевна, даржашкахь белхаш бан а ца дихкира, тIеман эскархочун цIарах а ца ваьккхира.

Шегарчу бакъонел а тIехвиларана пхеа эпизодехь гIуда хьарчийна тIемалочух 15 эзар соьмера 40 эзаре кхаччалц, кега-мерса эцна кхаьънаш бахьана долуш - 20 эзар соьмера 30 эзаре кхаччалц гIуда. 10 эзар соьмел а сов кхаъ эцарна юкъарчу рожан колонехь даккха кхо шо кхайкхийна цунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG