ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керла "Путинский" кIошт кхолла бахархой резахиларх дIахьедина Соьлжа-ГIалин мэрихь


Соьлжа-ГIалин мэр Кадыров Хас-Мохьмад
Соьлжа-ГIалин мэр Кадыров Хас-Мохьмад

"Путинский" кIошт кхолла шаьш реза хиларх дIахаийтина Соьлжа-ГIалин бахархоша. Меттигерчу Iедалхоша чIагIдарехь, цуьнан тоьшалла дина охан-беттан 3-чуьра 5-чу дийне кхаччалц Шейх-Мансуран кIоштахь бинчу хаттамо. Оцу кIоштан декъана туьллур йу Оьрсийчоьнан президентан цIе.

"КIоштана "Путинский" цIе тилла кхаьжнаш тийсина 43 705 гIалин бахархоша, 200 сов стага хьийхира "шайн жоьпан варианташ". Карарчу хенахь хеттарийн материалаш Нохчийчоьнан республикин парламенте керла кIошт кхуллуш низам даккхийта хьажийна", -дIахьедина Соьлжа-ГIалин мэрихь, цуьнан куьйгаллехь ву регионан куьйгалхочун шичакIант Кадыров Хас-Мохьмад.

Чиллан-беттан 15-чохь Кадыров Рамзана дIахьедира, гIалара керла кIошт Путинан цIарах хир йу аьлла. Цуьнан дешнашца, оцу тайпа сацам тIеэцна "нохчийн къоман боккха ларам" цуьнга хиларца. "Уггар аьхна, тоьлла, эвсара" Соьлжа-ГIалин дакъа хила дезаш ду и, билгалдаьккхира Кадыровс.

  • Чиллан-беттан 20-чохь Нохчийчоьнан урхалхочо дIахьедира, Украинерчу тIамехь дакъалаца хьийсон нах кечбечу Гуьмсера "Оьрсийчоьнан спецназан университетана" Путинан цIе туьллур йу аьлла. 2008-чу шарера схьа дуьйна Путин Владимирна цIарах проспект йу Соьлжа-ГIалахь, цунна а Кадыровс йелла и цIе.
  • 2022-чу шеран аьхка Соьлжа-ГIалин мэро совгIатна схьаийцира Стадин Иосифан сурт тIехь долу гIалакх - и барам лерина бара Сийлахь Даймехкан тIеман рогIера шо кхачарна хьажийна. 1944-чу шеран чиллан-беттан 23-чохь Советан заманахь Сталинан омраца махкахь баьхна Йуккъерчу Ази кхалхийра цхьа миллион ахмиллион сов нохчий а, гIалгIай а. 2004-чу шарахь Европан парламенто геноцидан акт йара и элира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG