ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхаьънаш эцна ГIалмакхойчуьра колонин белхахо лаьцна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ГIалмакхойчуьра номер 1 йолчу колонин лакхара инспектор лаьцна, тутмакхера ахчанаш дохуш хилла аьллачу шеконашца. Регионера Талламан комитетан урхаллан пресс-гIуллакххоша бина и хаам.

Бинчу талламца а догIуш, карарчу шеран Охан-баттера ГIадужу-батте кхаччалц хан токхучун мобилан телефонехула ахчанаш кхочуш хилла лакхарчу инспекторе, колонехь хан йоккхучу заманчохь цуьнан дола дарна.

Инспекторо "бIаьргаш дIакъовлуш хилла" тутмакхашна лело магийна йоцу хIуманаш а, гIирсаш а цара лелочу заманчохь.

  • Хьалхо хаамашкахь яздора, гIалмакхойн номер 3 йолчу колонин хьаькам лацарх. Талламан версица, буьйсанна тутмакхаш шен цIа а кхуьйлуш, цаьрга кертахь белхаш бойтуш хиллера цо.
  • Циггарчу набахтен белхахочунна арахь даккха диъ шо хан кхайкхийра, шен белхан кабинет чохь цIано ян дуьхьалваьлалчу шина тутмакхна еттарна.
  • Иркутскера СИЗО-1 тутмакхаш хьийзош а, царна къизалла гойту а меттиг ю, цигахь тутмакхашка шайгга шайн накъосташна тIехь гIело йойту, аьлла хаам баржийра хьалхо бакъонаш ларъен Gulagu.net проект кхоьллинчу Осечкин Владимира. Цо бовзийта болийна Саратовн, Владимиран, Иркутскан мехкашкарчу набахтешкахь изза къизалла латтош хилар гойту видеоматериалаш – 40 гигбайт ю уьш. Набахтешкахь терго еш хIиттийначу камерашкара, цигарчу белхахоша лелочу видеорегистраторшкара ду и тоьшаллаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG