ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кханенна лерина низам? ГIалгIайн суверенитет къобалйар хьехна Украинехь


Дозаш хийцоран хьокъехь бинчу бертана дуьхьал хIоттина барам. Магас, 2018 шеран гIадужу-бутт
Дозаш хийцоран хьокъехь бинчу бертана дуьхьал хIоттина барам. Магас, 2018 шеран гIадужу-бутт

Украинин Лаккхарчу радин депутатийн тобано низаман проект кховдийна, гIалгIайн шайн пачхьалкх кхолла бакъо хилар къобалдар хьоьхуш. И кехат тIелацахь – иза Оьрсийчуьрчу къаьмнаша шайн дозуш цахилар къийсарехь символикан гIулч хир йу, боху эксперташа. Амма карарчу хьелашкахь цо аьтто бийр бац республикан дозанашца долу хаттар листа.

Низамо къобалйо гIалгIайн шайн йозуш йоцу къоман пачхьалкх кхолларан бакъо, иштта йемалдо 1944 шарахь и къам дIадохор, 1992 шарахь Пригородан кIоштара латтанаш къовсуш хилла конфликт а.

ГIалгIай шайн дозанаш меттахIотто гIертар къобалдо до оцу проектан авторша, тIаккха и низам тIеэцначул тIаьхьа иза дуьненан йукъаралле хьажор ду, гIалгIашна тIехIоттар доьхуш.

Къоман шатайпаналла хIаллакйар

Масех фракцийн депутаташа хьалхатеттина и низаман проект – президентан "Слуга народа", "За будущее" партешкара а, иштта оппозицин "Батьковшина", "Европейская солидарность", "Голос" партешкара декъашхоша а.

Дешан маршонан хеттаршкахула йолчу Лаккхарчу радин комитетан хьалханча Юрчишин Ярослав, гуманитаран, хаамийн политикан хеттаршкахула йолчу комитетан куьйгалхо Потураев Никита а, Украинин Евробертерчу интеграцин хеттаршкахула йолчу комитетан секретарь Наливайченко Валентин а ву царлахь.

Оцу проектан кхеторан кехатехь шуьйра дуьйцу 1944 шарахь Сталинан омраца и къам дIадохорах. Иштта 1990 шеран йуьххьехь къуьйсуш хиллачу Пригородан кIоштан латтанашкахь иккхинчух а дуьйцу проектехь: Сталино дIабохорах сацам биначул тIаьхьа Нохч-ГIалгIайн АССР дIайохийра, тIаккха Пригородан кIошт Къилбаседа ХIирийчоьнна дIайелира. ХIинца и кIошт административан кепехь ХIирийчоьнан дозанехь йу.

1991 шарахь "Репрессеш йинчу наханна реабилитаци йаран" низам тIелаьцначул тIаьхьа гIалгIайн аьтто бара шайн дозанаш меттахIоттор деха, амма и даран барамаш билгалбаьхна бацара.

1991 шеран чакхенгахь ГIалгIайчохь референдум хIоттийра цхьа хаттар а луш: "РСФСР-на йукъайогIуш ГIалгIайн Республика кхоллийта реза дуй шу, низамца доцуш схьадаьхна латтанаш йухадерзош, Буьри-ГIала коьрта шахьар а йолуш?" ГIалгIайчоьнан Къоман Кхеташонан хаамашца, оцу харжамашкахь дакъа лаца аьтто болчу бахархойх 73% наха кхаж тессира, царах 92% "хIаъ" элира.

Лулахоша а само йира оцу хьоланна – Къилбаседа ХIирийчохь "Республика ларйаран пачхьалкхан комитет кхоьллира". ТIекхочучу девна цхьанна кепара реакци ца йира Кремло.

"ГIалгIайн къоман сацам тIелаца дуьхьал хилира оьрсийн Iедал, тIаккха цунах хIирийн-гIалгIайн конфликт олург хилира – бахархошлахь дуккха а нах хIаллакхилира цигахь. Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин эскарша дукхачу маьршачу гIалгIашна дуьхьал зуламаш лелийра", – йаздина низаман проектан авторша.

Цара иштта билгалдоккху, гIалгIашна дуьхьал зуламаш лелор дIадахделира Путин Владимир Iедале веъча а: 2011 шарахь республикан президентан дарж дIадаьккхира, 2013 шарахь дIабаьккхира къоман харжамаш, тIаккха дIайаьккхира Конституцин кхел (2022 шарахь), муфтият (2019), ГIалгIайн къоман тайпанийн кхеташо а (2020), тIаккха 2018 шарахь республикан дозах дакъа дIадаьккхина Нохчийчоьнца долчу дозан хьокъехь сацам биначул тIаьхьа. Оцу къоман шатайпаналла хIаллакйар ду дIахьош, дIахьедо депутаташа.

Къаьсттина хаам

И низаман проект кхуллуш жигара дакъа лаьцна украинхойн депутаташ боцурш, кхайкхина балийначу эксперташа а. Царлахь ву украинхойн юрист-дуьненайукъархо, профессор Василенко Владимир, "ГIалгIайн йозуш цахиларан комитетан" хьалханча Гархко Ансар а. Кехаташ листаро ах шо хан йайъина, дийцина Кавказ.Реалиин редакцига оцу цхьанатохараллехь. И болх лелоран коьртачех цхьа маьIна – историкан бакъо меттахIоттор ду боху цара.

ТIейогIучу хенахь Оьрсийчоьнна тIехь дуьненайукъара кхел йаран бух хила тарло оцу низаман проектах

"1944 шарахь гIалгIайн къоманна йина геноцид дуьненахь кIезга йевза. 2004 шарахь Европарламенто дуьххьара нохчийн къоманна депортаци йар хьахийра, гIалгIашна тидам ца беш, нохчашца цхьаьна махкахбаьхна болчу", – билгалдоккху оцу организацин векало.

Оцу къоман боламехь чIагIдо: гIалгIай маршоне, шайн пачхьалкх кхолларе стенна гIерта кхеташ хила деза дуьненна. Оцу империн долахь долчу йукъанна оцу къомо лайнарг довза деза хIоранна а: керстан дин кочаолла гIертар, паччахьан заманан Оьрсийчохь латтанаш тIера лахкар, Сталинан депортаци, этническан хIаллакбар, таханалерачу Оьрсийчохь латтанех бовлар, дагардо жигархочо.

"Оьрсийчоь шех олучу къаьмнийн набахтехь даха гIагIайн къам дуьхьал дуй гойтур ду дерриг дуьненна, Украино тхан къоман пачхьалкх кхолла бакъо хилар къобалдахь, – дIахьедо Комитетан векало. – ТIейогIучу хенахь Оьрсийчоьнна тIехь дуьненайукъара кхел йаран бух хила тарло оцу низаман проектах. Иштта оккупацехь латторан дерриг шерашкахь лайначух цуьнга репарацеш йалийта а".

Оьрсийчоь Украинерчу тIамехь эшначул тIаьхьа, тIаккха иза вовшахйаьлла, хийцамаш буьйлабелча аьтто хир бу и дан, тешна бу Комитетехь.

Европарламентехь кхоьллинчу Кавказ кIелхьарайаккхаран Комитетан хьалханчан гIовсо Албаков Шемала и низаман проект "идиологическан кепехь ладаме" гIулч йу боху. ГIалгIайн къоманна билггал хаам хьажабо оцу сацамо – цуьнан бохам, геноцид, йозуш йоцу пачхьалкх кхолла бакъо хилар билгалдоккху кхечу мехкаша, боху Албаковс.

"Шен дозанахь тахана коьрта политикан хиламаш дIахьош йолчу Украино оцу кепара сацам бар гуттара ладаме ду. Иштта и низам тIелацаро аьтто бийр бу къоман маршо йаккхаран боламийн гIуллакх долорехь, деоккупаци йайта гIертар низаман бух тIе даккхарехь", – дуьйцу жигархочо.

Кавказ маьршайаккхаран Комитето къобалйо Лаккхарчу радо кховдийна проект, дуьйцу къамелдечо. Иштта цуьнан векалша тайп-тайпанчу хьукматашкахь дийцаре деш ду, Кавказан къаьмнийн шайн пачхьалкхаш кхолла бакъо хилар къобалдайтарехьа, уьш империн чоьтера арабахарехьа хеттарш. Нохчий, гIалгIай боцурш, чергазашна йина геноцид а, церан пачхьалкх кхолла бакъо хилар а билгалдаккхийта гIерта жигархой.

МостагIчун гIора дайъаран дIадолор

Украинхойн "Сова" экспертийн тобанан куьйгалхочо, политолога Савва Михаила Кавказ.Реалиин корреспондентаца хиллачу къамелехь дIахьедо: оцу низаман проектан декларацин кеп йу, хIунда аьлча Украинин Лаккхарчу радин цхьанна кепара аьтто бац гIалгIайн пачхьалкх кхуллуш гIо дан. Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Iедал доьхча бен йиш хир йац и дан – 1917 а, 1991 а шерашкахь санна.

"Украинхойн низамаш кхолларан Iедало оцу къаьмнийн Оьрсийчуьра арабовла а, шайн пачхьалкх кхолла а бакъо политикан кепехь тIелацар ду иза, – дуьйцу экспета. – ТIом боьдучу йукъанна мостагIчун гIора лахдан Iалашонца лелош рогIера практика йу иза".

Низам тIелацар дуьйцуш Саввас билгалдоккху, Оьрсийчоьнца болчу тIамца дозна ду иза, агрессорна дуьхьал хьажийна ду а. Ца хилча йиш йоцуш санна тIеоьцуш дац и низам, амма тIейогIучу хенахь пайде хила мега, цундела депутаташа тIелаца тарло иза, дуьйцу Саввас.

Декларацин кеп йу оцу низаман проектан

Америкхойн аналитико, Jamestown Foundation-хь Къилбаседа Кавказан хеттаршкахула талламча волчу Гобл Поло масалаш даладо Оьрсийчуьрчу къаьмнийн пачхьалкхаш кхолла бакъо хилар Украно тIелацар дуьйцуш – советан Iедало Прибалтикина оккупаци йар америкхойн тIедало тIе ца лацарца дусту цо иза.

"Хенан-йохалла оцу кепара эффект хир йу цуьнан а, Къилбаседа Кавказан бахархой къийсаме кхойкхуш, уьш цхьалха боций, царна гIо хир дуйла дагадоуьйтуш, – тешна ву редакцица къамел динарг. – Баккъала йозуш цахилар дIакхайкхо бух кечбийр бу оцу хьоло".

Оьрсийчоь шуйрачу тIамца Украинана тIелеттачул тIаьхьа 2022-чу шарахь шайн маршо къовса Iалашо хиларх дIахьедира Къилбаседа Кавказан масех республикийн векалша. И процесс йолон дагатесира Киево, Украинан Лакхарчу радехь депутато Гончаренко Алексейс фракцешна йукъахь "Маьршачу Кавказехьа" тоба кхоьллича.

ХIетахь дуьйна шайн суверенитетехьа кеп-кепарчу форматашкахь дIахьедира Нохчийчоьнан а, Дагестанан а, ГIебарта-Балкхаройчоьнан а, ГIалмакхойчоьнан а векалша. ТIаьхьо царех дIакхийтира ГIалгIайчоьнан маршонан агIончаш а.

2022-чу шеран гIадужу-беттан 18-хь Украинан Лаккхарчу Радо Нохчийчийн республика Ичкери Оьрсийчоьно цхьана ханна оккупаци йина латта хилар тIелецира, иштта йемал йира "нохчийн къоманна йина геноцид" а.

Марсхьокху-беттан чакхенгахь Радо хаийтира цхьана ханна кхоьллина комиссех лаьцна – жимачу къаьмнашна "оьрсийн Iаткъамна кIелара" арабовла а, Оьрсийчоь вовшахйалийта а гIо дийр ду бохура цо.

  • Марсхьокху-беттан йуьххьехь Нохчийчоьнан Ичкерия республикин а, Чергазин а, ГIалгIайчоьнан а, ГIалмакхойчоьнан а, Кубанан а, НогIийн аренгара къаьмнийн боламийн жигархой а ворхIолгIачу "ПостОьрсийчоьнан къаьмнийн Форуман" декъашхой хилира. Токиохь дIайаьхьира иза.
  • Украинин доза Iалашдеш йу иштта нохчийн лаамхойн батальонаш а цхьаьна. Церан могIаршкахь – даймохк дIатесна Ичкерин агIончаш а бу, иштта Нохчийчохь ши тIом боьдуш тIемалой хилларш а бу.
  • Нохчийн Ичкерия республикин лаккхара ши совгIат дина Украинин президентана Зеленский Владимирна – "Къоман сий" а, Дудаев Джохаран цIарах орденаш а. И совгIаташ дина Зеленскийна "маршонан а, демократин а дуьхьа гIарадевлла гIуллакхаш дарна а, нохчийн къомана гергахь ша-къаьстина гIуллакхаш дарна а", билгалдоккху президентан официалан сайтехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG