ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шийла хьал ду Ханты-Мансийн махкахь бехачу нохчашкахь


Халилов Нажмудди

Кху беттан 5-чу дийнахь Ханты-Мансийн Автономин Гонерчу Покачи гIалахь меттигерчу вайнахана тIелетта ОМОН-хой. Цигахь яьккхина видео яьржира социалан машанашкахула. Цу чохь го машенна тIе Iенна цIий а, кагдина машенан куьзга а. Зен хиллачийн адвоката Iораяьккхина и видео.

Шайгахь герзаш а долуш, масех ницкъахочо тIекхетта, йиттина Эрсиноев Османна а, Ялхотов Сайд-Iусманна. Герз кхийсина цара кегийнах болчухьа, кхерамаш тийсина, талхийна церан бахам, дIавигина масех стаг, яздо адвоката.

ДIадахначу кIирандийнахь «chp_grozny» агенталло зорбане яьккхира шолгIа видео. Эрсиноев Осман ву хилларг дуьйцуш. Коьртан хье лазийна, мара а кагбина, дарбанан хIусамехь ву иза. Цуьнан доттагI Ялхотов Сайд-Iусман а ву оццу хьолехь, кхин а тIе пIендарш лазийна, шина меттехь лерг а кагдина цуьнца дарбанан хIусамехь.

"Ахь хьайн ваша саца ца вахь, оха шуна садоIийла юьтур яц, шу массо а набахте хьовсор ду» - дуьйцу Османа, дов листа еъначу агIоно тийсинчу кхерамех лаьцна. Чернышёв фамили йолчу ОМОН-хочуьнца доьзна ду дерриг, боху Эрсиноевс видео чохь.

Маршо Радионо телефонехула къамел дира Османца. Цо дийцира шайн меттигерчу Iедалца йолчу юкъаметтигах лаьцна.

- Шена луъург леладо кхузарчу ОМОН-о. Цхьа а бахьана а доцуш, къаьсттина вайнехан кIенташна тIехь ницкъ латтабо. Тхо дехачу Покачи гIалахь лаьттина а ца Iа вайнахана тIехь и хьал, гонахарчу Ханты-Мансина чуйогIучу гIаланашкахь а ду ишта ирча хьал. Масала, Смоленскехь вайнахана тIехь ницкъ бина, бехк боцуш чубоьхкина меттигаш ю дукха. Тхуна дуьхьал лелийначух хуьлуш бекхам а бац кхузарчу ницкъалхошкара. Тхо дукха лелла хIара хьал а айдина, иза нахана дIахаийта гIерташ, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга дIакхачийта лаьара тхуна иза, цуьнгара гIо хиларе са а туьйсу оха.

Эрсиноевга ца кхочуьйту чевнех даьхна суьрташ тIехь долу кехатийн копеш, ца доккхуьйту цо талламан комитете динчу орзан сурт а.

- ХIун даьлла хьан вешегара царна хьалха? Муха, я хIун дина сацон везаш ву ахь иза, цара схьадийцарехь?

И хеттарш шега делча, царна жоп дала сих ца велира Осман. Кхераме хета цунна шена бевзаш боцчу нахе иза дийца, церан Iалашонаш шена цайовзаре терра.

ХIара материал кечъечу юкъанна, Османа хаийтира Маршо Радионе ша а, шен доттагI а дарба чекх ца доккхуш, дарбан хIусамера арахецнийла. Пхи де бен ца даьккхина цаьршимма цигахь.

- Иза муха нисделла иштта? Пхеа дийнахь йоьрзу чевнаш ю цаьршина йинарш?

…Оцу хаттарна, Османна хьалхара, жоп делира тхоьца хиллачу зIенехь цуьнан воккхахволчу вашас ИбрахIима.

- Ницкъхоша дарбан хIусаманна тIедожийна хила тарло и шиъ хенал хьалха араваккхар. Амма хIинца и шиъ юхаверзийтина цара дарбанан цIийне.

- ИбрахIим, стенна тIехула доладелла ОМОН-ца и дов?

- Кхушеран Чиллан-беттан 1-чохь хиллачу инцидентна тIехула доладелла дерриг а. Тхайн гергарчу стаге цо хьанал къахьегна, даьккхина алапа дIа ца кхочура. Ткъа, церан куьйгаллица оха зIене а девлла, стенца дозу иза, хаьттича, цо меттиг билгалъяьккхира, схьадуьйла, оха дерриг дуьйцур ду шуна, аьлла. Цхьа хIума дагахь а доцуш, охьадаханера тхо цига. Амма цигахь тхуна боккха тешнабехк хилира.

- ХIун тешнабехк бара иза?

- Бухахь, тхо лардеш, масийтта стаг вара, хIинца балхахь болу а, балхара дIабаьхна болу а ОМОН-хой шайлахь а болуш. Тхан къамел гIеххьа дола а далале, царна юккъера, Чернышёв Денис бохучо «Оса» олу травматикан тапча туьйхира сан накъостна Абдулаев Исламна коьртах. Цу юккъе хан ца юлуьйтуш, сан гергарчу стагана а туьйхира цо хье тIе и тапча. Царех кхин а кхо-виъ волавелира герз кхийса. Кхоъ сан дегIах а кхийтира, сан ненан вешина а кхийтира. Иштта зулам дина, дIабахара уьш.

- Iедале даьккхирий аш? Хилирий царна цхьанне агIор бекхам?

- И гIуллакх оха Iедале даьккхича, Чернышёв къайлавелира. Кхаа дийнахь лийхира иза. Юха, шен куьйгах травматикан тапча а тоьхна, Абдулаевс шена дуьххьара герз туьйхира, ткъа цул тIаьхьа иза цуьнгара схьа а даьккхина, ша дуьхьало ян волавелира, аьлла, дIахьедар дира Iедале Чернышёвс.

Денисна дуьхьала бехктакхаман гIуллакх долийра. Иза цуьнан пхоьалгIаниг ду. Кхул хьалха талор дар, кхидолу зумаш дар бахьанехь, кхеле ийзийна ву иза. Амма цкъа а ца хьажийна набахте. Чернышёв ОМОН-ехь болх бина ву, ницкъаллин урхаллерчу нахаца цуьнан йолчу уьйрашца доьзна ду иза набахте цахьажор а, цо лелочунна иза низмца богIучу бекхамна кIелхьаравийлар а.

РогIехь изоляторе хьажийра иза, тхан гIуллакх бахьанехь. Ткъа доьлхуш ладегIарш а долуш, тхуна хиира, иза маьрша ваьккхинийла. Тхоьга оцу хьокъехь цхьа а хаам ца бира кхело.

- Ткъа муха йоьду ша кхел? Цхьа а бух буй бехкечарна бекхам хир бу ала?

- Дийцича тешар а воцчу кепехь йоьду кхел. Чиллан-беттан I-чохь герз кхеттачех, берраш аьлча санна, кхела юккъе а ца буьтуш, долийна дов листа. Абдулов Ислам - цхьаъ ша ву зен хилла лоруш, ткъа, масала, кхузза герз кхетта волу со теш санна дакъалоцуш ву.

Суна герз диттинарг «вевзаш воцу стаг» ву боху кхело. Чернышёвс бехк шена тIелаьцча, кхело иза кIелхьараваьккхира, оха дуьххьарчу дийнахь дина тоьшаллаш тIепаза дайна, аьлла.

Тхоьгахьа хила веза прокурор а ву Денис кIелхьара вакхха бахьанаш лоьхуш. И хьал Iорадаккха лаьа тхуна. И ца дахь, хила ма беззара таллам цунах хир бац.

- Ткъа, ши кIира хьалха хьан вешина бина ницкъ, иза хьоьга Чернышёвн дуьхьал тоьшалла цадайтархьама бина бу-кх?

- Иштта зуьй иза ас. Кхин маьIна суна ца го, хьайн ваша сацаве, ма лейта иза тIелатар диначарна дуьхьал, боху соьга.

ИбрахIимна ца лиира кху беттан 5-чохь хиллачу тIелатаран хьокхехь арз чуэцначу талламан комитетан декъаца, зIене а девлла, тхоьга шайн хьокъехь хеттарш дайта. «Цкъачунна», журналисташа оцу гIуллакхна тIе тидам бахийтинийла Iедалхошна дIахаийта ца лаьа шайна, элира цо.

ИбрахIиман вешина, Османна, тийсина а ца Iа кхерамаш.

ЭрсиноевгIеран адвоката Израилов Хьамзатна кхаьчна "дакъа".

- Хьоьгахь герз я наркотикаш карор ю шайна, аьлла, суна тIе нах баьхкинера. Адвокат волчу соьга а цара и тайпа дIахьедарш деш хилча, кхета-кх шу гергарчарна а, тешашна а царамел тIеIаткъам беш хилабеза, - элира Маршо Радиога адвоката.

- ОМОН-ца долу и тайпа хьал пхьоазза-ялхазза хIоьттина лаьттина Ханты-Мансехь, суна а хууш. Цигара ОМОН иштта а яра, вайн цIахь тIом болчу хенахь яккхий къизаллаш лелорца гIараяьлла, - дийцира Израиловс.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

Халкъ дуьхьал гIаттарна кхоьруш, махкахойн коммуналан декхар тIерадаккха дагахь бу Iедалхой. Дог дохий аш шаьш декхарх мукъадовларе?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG