ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхелан сацам а боллушехь, шен бераш хиллачу цIийндегара схьадаха ницкъ ца кхаьчна Дагестанерчу яхархочун


Церетилова Нина
Церетилова Нина

Психолог а, берашна тIехь Iуналла латточу хьукматан белхахой а, пурстоьпаш а цхьаьна боллушехь, ден бакъонаш гатйинчу шен хиллачу майрчуьнгара бераш дIадига ницкъ ца кхаьчна Дагестанерчу Церетилова Нинин. Цо дийцарехь, пурстоьпаша накъосталла ца дина цунна бераш дIадига, мелхо а новкъарло еш хилла, яздо Кавказ.Реалиис.

"Дов дара дIахьош. Кхелан пурстоьпо сан карара бер схьадаьккхира. Мохьмада (хилла цIийнда) юристана туьйхира. Сайн берашка йист ца хуьлуьйтура со, уьш дIабига хьийзара, со дуьхьал тасаеллера, цаьрга йистхилийта бохуш. БархI баттахь церан шайн карара ца бовлуш, латточу бераша муха эра ду: "Тхо ненаца дIагIура ду?", - дийцина Церетилова Нинас.

Цо бахарехь, цуьнан хиллачу хIусамдас берашна пурба ца ло кхуьнга дистхила а. Ахшо хан ю, боху цо, бераш школе лелаш доцу.

"Мохамадан ден бакъонашна дозанаш ду тоьхна. ХIетте а пурстоьпаша и ца лору. Вовшашка бIаьцанаш еш, куьйгаш луш, эвхьазло – Дагестанехь лелаш долу низамаш уьш ду-кх", - аьлла Церетиловас.

Цигахь хиллачу "Черновик" газетан журналисто Хатукаева Иннас дийцарехь, Церетилов Мохьмадан кетIа уьш кхаьчча бухахь кегийнах бара. Девне бевлира уьш маьттаза мотт а лебеш, кхерамаш туьйсура, хуьлуш дерг камераца дIаяздан гIертара цхьаъ, аьлла дийцинера цо цигарчу хьолех.

Дагестанан Лакхарчу кхело кху шеран Охан-баттахь сацам бира, бераш ненаца Церетилова Ниница дуьтуш. Амма воккхахволу кIант бен шеца дIавига аьтто ца хилира цуьнан. ТIаьхьо иза а лачкъийна, юхавигира, тIаккха видео яржйира, шена деца виса лаьа шена бохуш цо.

Товбеца-бутт юккъе баьллачу хенахь Церетилован берийн ден Церетилов Мохьмадан бакъонаш гатйира кхело.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG