ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхерам лаьтта? Къилбаседа Кавказера бахархой Европера цIа хьийсор


Нохчийчуьра бахархой бу Хорватехь дозанхойн пунктехь лаьтташ, архивера сурт
Нохчийчуьра бахархой бу Хорватехь дозанхойн пунктехь лаьтташ, архивера сурт

Европехь тховкIело лоьхучу Къилбаседа Кавказера бахархоша хаамаш бо депортацеш йеш хиларх а, цхьацца бахьанашца шайгара мухIажарийн статусаш дIайахарх а. Оцу йукъанна бакъоларйаран органаша тидаме эцна царна гIо деш болу бакъоларйархой а цхьана. Масала, Швецера мигрантийн урхалла хьийза нохчийн "Вайфонд" ассоциацин цхьахйолчу белхахочуьнгара статус дIайаккха. Европан пачхьалкхашкахь Оьрсийчоьнан Iедалхойх бевддачу нехан хьал муха хийцалуш ду, дийцира тхан редакцин корреспондентана эксперташа.

Бельгихь лаьцна вуьтуш ву гIалгIайх схьаваьлла БуьритIера вахархо Мейриев Руслан. Терроризмана бехке ву аьлла, шеконаш йолуш лаьцна ву иза, бехкаш тIе ца дуьту цо ша. Хьалхо Оьрсийчохь бехкала вахийтира иза террорхойн "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанца уьйраш хилла ву аьлла. Оьрсийчуьра Украине дIаваханчу Мейриевна пачхьалкхехь ваха бакъо йелира, шайн йахархо цуьнгахь марехь хиларна. Амма 2015-чу шарахь миграцин кехат дIадаьккхира цьунгара: СБУ-но лецира иза джихIад дина ву аьлла. ТIаьхьо бехказа ваьккхира иза, мухIажар маьршаваьккхира, амма Орсийчоьно Украинехь тIом болийча Швеци дIаваханера Мейриев. Стохка гурахь Бельгин Iедалхойн дехарца лаьцнера иза.

ХIара эхь ду – цхьаьнга куьг деллера аьлла, стагана мотт тохар

Кхин цхьаъ Нохчийчуьра вахархо, Н.А. (йуьззина йолу цуьнан цIе йоккхуш йац) Венера дIахьажийра Оьрсийчу дечкен-беттан 23-чохь Гуьржийчухула. И стаг шайн пачхьалкхехь веха итт шо хан хиллашехь, цуьнан лелош бизнес а йоллушехь. Бахьана хилла дуккха а шераш хьалха кхечу мухIажарца цуьнан даьккхинчу суртах, ткъа оцу тIера стаг цул тIаьхьа Шема дIавахана хиллера радикалан исламистийн агIор тIемаш бан, дIахьедира Нохчийн Ичкерия Республикин Австрера векало Дунаева Розас.

Ишта дечкен-бутт бовш дийца даьккхира Германихь Д.Зелимхан цIе йолу нохчо лацарх – даIишца уьйраш хилла аьлла, шеконаш кхоллайеллера цунах а. Иза лаца динчу омрана тIехь билгалдаьккхина ду, 2022-чу шеран марсхьокху-баттахь, терроризмана ахчанаш гулдан Iалашонца вовшахтоьхначу зуламан тобанах дIакхетта хилла иза аьлла. ЧIагIдарехь, социалан машанашкахула шайга кхачийна ахчанаш дозанал арахьарчу тобанашна хьежош хилла цара джихIадхошна а, курдойн набахтешкахь латточу "Исламан пачхьалкх" тобанан декъашхошна-зударшна а гIоьнна. Талламан версица, Зелимхана Берлинехь вовшахтухуш хилла ахчанаш, цуьнан гIоьнца 60 эзар евро сов ахча гулдинера, аьлла хета низамашлардаран органийн белхахошна.

Дечкен-бутт бовш Швецера миграцин урхалло йолийра процесс нохчийн бакъоларйаран "Вайфонд" ассоциацин белхахочуьнгара мухIажаран статус схьайоккхуш. Оцу йукъаралло юридикан гIо латтадо Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а дIабахначу нахана. Пачхьалкхан кхерамзаллин сервисо (SÄPO) йолийна йу статус дIайоккху процесс. Тхан редакцига "Вайфондехь" болучара дийцарехь, кхаьчначу документаш тIехь йоца абзац йу кхерам хила тарло аьлла, ткъа биггал йолу шайн претензеш йуьйцуш йац.

Хуьлуш долчух лаьцна дийца бакъо йац организацин белхахочун, хIунда аьлча, оцу гIуллакхан йоллу материалаш кхайлайаьхьна йу. Шена дохку бехкаш тIе ца лоцу цо, дIахьедо, низамашкахь доцу хIуммаъ а ша лелийна йац бохуш. "Вайфондо" пост хIоттийра цунна тIехIуьттуш: цу тIехь билгалдоккху, даймахкахь цуьнан дахарна кхерам латтарх а, ткъа кеп-кепарчу нахаца къамелашка йийлар цуьнан белхан цхьа дакъа дара, миграцин гIуллакхашкахула иза юрист а, бакъоларйархо а хиларе терра.

Керла депортацеш

Нохчий цхьа зуламхой болуш санна хьуьйсу тахана а Европерчу пачхьалкхийн Ӏедалш, амма ма-дарра аьлча, иза иштта доцу дукха хан йу, комментарий йо дозанал арахьарчу Ичкерин Австрерчу векало Дунаева Розас. ТӀаьхьарчу хенахь Къилбаседа Кавказера бахархой Евробертан пачхьалкхашкара арабаьхна гӀуллакхаш охьадагардира цо: "Дечкен-бутт чекхболуш Австрино а, Германино а Гуьржийчухула араваьккхира кхо стаг. Ишта масех де хьалха Австрехь набахтехь кхелхина цхьа нохчо, цуьнан гергарчарна ца лаьа цуьнан цIе йоккхийла. Полицино а ца дуьйцу иза валаран бахьана".

Дунаевас дийцарехь, цхьана бахьанашца полисхойн бIаьрг тIехIоьттина, йа набахтехь хан йаьккхина, масала, летта аьлла, нах бу цара пачхьалкхера арабохуш берш. Ишта хIума делахь, ша маьршаваьккхинчул тIаьхьа и стаг полици тIе а воьдуш, куьг йаздеш хила везаш ву, ткъа рогIера иза тIевахначу заманчохь йуха а лаьцна, чуволла тарло, бохура цо.

Масех денна депортаци йар дIатоттуш хилча, тхан ницкъ кхочур бара иза йухайаккхийта

"Вайфонд" йукъараллин белхахочо дийцарехь, Дунаевас хьахийна, Австрино дIавелла стаг, оцу махкахь мухӀажарийн статус йаккха хьийза дуккха а шераш дара, амма иза эца аьтто ца баьллера цуьнан: "Иза махкахваккха луучу дийнахь оха латкъам бира Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле. Масех денна депортаци йар дIатоттуш хилча, тхан ницкъ кхочур бара иза йухайаккхийта. Цуьнан хIусамнанас дуьхьало йеш, шен пхенаш хедийнера. Ткъа цунна депортаци йинчул тIаьхьа, цуьнан психика галъйелира, бераш а ду чӀогӀа баланаш токхуш".

Иза стенгахь ву хIинца – хууш дац, кхин дIа дуьйцу "Вайфондан" белхахоша: "Шена Оьрсийчохь кхерам хиларх тоьшалла деш цхьацца кехаташ гайтинера цо. Амма церан терго ца йира – бохура, Оьрсийчоьнан муьлххачу меттехь а ваха йиш йолуш ву, цунна кхераме дац. Амма вайна диц ма ца делла, пачхьалкхан кхечу агIор Iаш хилла Гадаев кадыровхойн каравахар а, Краснодаре ведда вахана Тепсуркаев лацар а

Нохчийчуьра бахархошна Германино экстрадицеш йарх лаьцна дуьйцучу оцу пачхьалкхера Ичкерин векало Сулейманов Хизира "тIехьашхула тIелатар" ду боху депортацийн керла тулгIе.

"Тоххара Германира аравала кIира, йа цхьан кхин хан лора. Ткъа хIинца цхьана мIаьргонехь аратосу: оцу дийннехь йа шолгIачу дийнахь, аьлла хIума а доцуш. Стохка наха масийттаза дуьйцуш хезна, шайна депортаци йан кхерам бу бохуш, ткъа кхана-лама и стаг Москвахь хуьлура", – тIетуьйхира цо.

Цунна билггал хууш ду, стохка оцу пачхьалкхера араваьккхинчу шен пхеа махкахочух лаьцна, цхьаъ кху шеран дечкен-баттахь дIахьажийна ву. Нохчийчохь хьалхара а, шолгIа а тIемаш боьлхучу хенахь тIемалой хилларш а цхьана бара царлахь – оцу тIехула даймахкахь бехкзуламан гIуллакхаш дуьхьал дохур ду царна. Оьрсийчуьра мухIажарш дIабоьхуш кехаташ кхехьийтар марсадаларх цо кхетийра, шайн дуьхьалончийн рожах уьш бовдарна бехке беш бу аьлла.

"ХIара эхь ду"

Стохка Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело сацам бира, Францера нохчийн мухIажар дIа ца вала, хIунда аьлча, цо йохош йара адамийн бакъонаш Iалашйарх хIоттийна Конвенци. Оцу пачхьалкхе 2009-чу шарахь кхаьчнера 55 шо долу нохчо, мухIажаран статус йелира цунна 2012-чу шеран стигалкъекъа-баттахь. И статус дIайаьккхира цуьнгара – къайлахчу сервисаша кхетийра цунах, шайн пачхьалкхана цуьнгара кхерам бу аьлла.

Францхойн юрист Сотаева Амина-Аннас дийцира: стохкалерачу цхьана шарчохь цуьнга гIо дехна хилар Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а бIе гергга вахархочо, шайна пачхьалкхера арадаха кхерам лаьтта аьлла. Ткъа церан а мухIажарийн статусаш йолуш йара. "Боккха кхинхетам хилира, царех масех бен дIавелла цахиларна. Дукха хьолахь и стаг махкара араваккха гIертар йукъахдоккхийла йу апелляцин инстанцин тIегIанехь", – бохура цо.

Юристо дагалоьцу, ша Iалашван тIелаьцначу цхьаннах Iоттаделларг. Бельги шен доттагI волчу вахана хиллера иза, ткъа цо шен накъостий бовзийтинера цунна. "Цуьнан телефон чохь нашидаш керийна аьлла, полицино тIехь терго латтош цхьа стаг хиллера оцу тобанехь. Цул тIаьхьа Францин Iедалхоша шайн пачхьалкхера дIагIо аьлла хиллера оцу тобанехь хиллачу нахе. Церан хIусамех хьийсинера, телефонаш а, компьютерш а дIайаьхнера. Оцу йукъанна, сан клиент вара хьуна тховкIело йала сацам а бина Iаш, амма хIинца кхоалгIа шо а ду цхьа а документаш цунна луш доцу. Кхелехь толам баьккхина оха, цуьнан доттагIаша Францихь а, Бельгихь а санна, амма хIара эхь ду - цхьаьнга цо куьг деллера аьлла, и стаг кхеле валар", – эргIад оьху Сотаева.

Махкахь тIом боьдучу хенахь гIаттамхо хилла шолгIа цо Iалашван тIелаьцначуьнга а, юристо дийцарехь, кехат кхаьчна Оьрсийчу дIагIо аьлла. Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелехь ши шо хьалха тоьлла ву хьуна иза а, амма карарчу хенахь Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министр волчу Дарманен Жеральда дIакхайкхийра, кхелан сацамел а деза ду шена францхойн паргIато а, маршо аьлла.

Цуьнга хаьттина хиллера, леррина полици вогIуш хиларна дIайаьшнерий ахь маж

Къамелдечо дийцарехь, хьаькамаш боцурш, Францера цхьаболу социологаш а, антропологаш а бу Нохчийчуьра мухIажаршна даймахка баха кхераме дац бохуш, къамелаш деш. Даим а санна, уьш тIетуьйжу, Нохчийчохь ницкъахоша нах байъар, тIехь ницкъбар даим а лелош хIума дац, церан "шайлахь нислун хIуманаш" ду бохуш.

Хьал чолхе доккху мигранташца доьзна зуламаш бахьана долуш а, боху Сотаевас: "2023-гӀа шо чекхдолуш цхьана гӀалгӀачо урс хьаькхнера профессорна (20 шо долу Могушков Мохьаммад бехке вира – Редакцин билгалдаккхар), цул тӀаьхьа нохчашца а, гӀалгӀашца а лелон миграцин политика кхин а тIе чIагIйелира. Кхузаманан лелар долчу сан вешина дуьхьало йира хIетахь пачхьалкхан паспорт дала тIелатар динчул тIаьхьа. Иза а, кхинболу нохчий а масийттаза тIекхайкхира полици, церан хIусамех талламш бира, суна хетарехь, цуьнан цIарца доьзна хир дара и, Ислам йу цуьнан цIе. Леррина хьуо полице вогIучу хенахь дIайаьша йуй ахьа маж, хиттина хиллера цуьнга".

  • Стохка гIуран-баттахь немцойн "Дойче велле" гIирсо хаамбира, тIеман гIуллакх дан реза ца хиллачу Оьрсийчуьра бахархошна къаьсттина хала хуьлу Германихь тховкIело карон. Церан могIаршкахь бу – Къилбаседа Кавказера бахархой а. Украинана дуьхьал тIемашка хьийсорна кхоьручу Оьрсийчоьнан бахархошна билггал дуьхьало хила тарло Берлинан-Браденбурган Лаккхарчу административан сацамах.
  • Дечкег-беттан 8-чохь Брюсселера юстицин министралллина хьалха митинг хIоттийра Мейриев Русланан хьокъехь бехкзуламан гIуллакх даккхарна а, цунна депортаци йарна а дуьхьал. Цигахь дакъалецира 20-х стага, церан карахь дара "Мейриев Русланца нийсо лелайе", "Мейриев Русланна маршо ло", "Адамийн бакъонаш талхор сацаде" тIе йаздина плакаташ.
  • Атта дацара 2024-гIа шо Евробертан пачхьалкхашкахь политикан тховкIело лоьхучу Къилбаседа Кавказера бахархошна. Дуьненайукъара а, меттигерчу а бакъоларйаран организацеша дехарш дешшехь, векалташна хьалха митингаш, пикеташ хIиттош йоллушехь, Интерполехула Оьрсийчоьно дIабоьхуш уьш хиларна хIинца а дIалуш бу. Цхьацца меттигашкахь адвокатийн а, бакъоларйархойн а аьтто болу оцу кепара сацамаш йухабахийта. Делахь а диаспоран векалша чIагIдо: нохчий потенциале террорхой бу бохуш, Кремло йаржон пропаганда хIинца а йолуш йу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG