ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхерам лаккхара болчу мехкийн тептаре язйина Оьрсийчоь Америкерчу медицинан центраша


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу цамгарна тIехь контроль латторан а, профилактикан а Центраша (CDC) "уггар а лакхара" коронавирусан ун дала кхерам болчу пачхьалкхийн тептаре яьккхина Оьрсийчоь.

CDC-н барамашца а догIуш, уггар а лакхара, 4-гIа, кхераман тIегIа кхачайо тIаьххьарчу 28 дийнахь 100 000 бахархошлахь 500 сов дархо билгалвалахь.

"Голос Америки" хьосто бечу хаамца, америкхошна хьехна оцу тептарехь йолчу пачхьалкхашка ца лестар, нагахь санна, цига ваха цаторийла елахь, вакцина ян езар ю аьлла.

Оьрсийчоьнца цхьаьна оцу тептарехь ю Бельги, Буркина-Фасо, Словаки а. Лахьан-беттан 1-чу дийнахь хьолах динчу зерашца, кхерам лаьттачу 4-чу тIегIанехь ю 80 сов пачхьалкх, ю царлахь цхьа могIа гоьевлла туристаш леста меттигаш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG