Американ Цхьаьнатоьхначу Шаташа 2013-чу шарахь дуьйна дуьххьара кхиаме дIадирзина аз даржаран сихаллел а тIехчехка йолу (hypersonic) тIемаш долу ракета зер, хаам бо Свобода Радионо. Ракета аьтто болуш ю аз даржаран сихаллел а пхоьзза чехка яха, хаам бина Американ тIеман министралло оршотан дийнахь.
Ракета хецнера кемантIера. Пентагона динчу дIахьедарца,1алашонашна юкъахь дара кхидоцург, ракета кеманах хоттаеллачуьра дIаяларан кхерамазалла а, ракетан мотораш латаран система а зер.
Northrop Grumman компаница цхьаьна ракета кхуллуш а, иза еш а ю реактиван мотораш еш йолу Raytheon компани. Говзанчаш дийцарехь, Raytheon-но юкъаяьккхинчу технологино аьтто бо цу тайпа ракеташ бомбанаш тухучу кеманашна тIерахецна ца Iаш, штурм еш лелочу кеманашна тIера а хеца.
Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа Hypersonic олу тIехчехка герз дан долор жоп дара Оьрсийчохь цу кепара герз даран программа хиларна. Официалан дIахьедаршца, Оьрсийчоьно хIинцале а хан дан дIахIиттийна"Авангард" олу, континенташна юкъара баллистикийн ракеташна тIера хоьцуш йолу ракетийн комплексаш.
Кхушара Мангал-баттахь Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира хаам бира, кестта тIеман ницкъаша пайда эца болор бу аз даржаран сихаллел а тIехчехка йолчу тIемаш долчу "Циркон" ракетех аьлла.
Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь цу тайпа ракеташ яран белхаш беш ю Loсkheed Martin компани. Иза тайпа ракета хоьцур йолуш ю стратегин бомбанаш тухучу кеманашна тIера.
Американ тIеман хIордан ницкъаш а дагахь бу, хи бухахула лелачу кеманашна тIера хоьцур йолу аз даржаран сихаллел а тIехчехка йолу ракеташ зен.