ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхушара хIора пенсионерна 10 эзар сом даларх лаьцна хьахийна Путина


Путин Владимир
Путин Владимир

Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира хьахийна пачхьалкхехь вехачу хIора пенсинерна цо оьцучу пенсина тIе ахчанца цкъа долу гӀо деш 10 эзар сом даладеза аьлла. Цунах лаьцна хаам бо ТАСС агенталло.

"Хьахадо ас пенсионерашна кхин а кхушара цкъа 10 эзар сом далар", - аьлла пачхьалкхан куьйгалхочо кIиранан дийнахь "Единая Россия" партин векалшца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь.

Путина билгалдаьккхира, тIедогIу рицкъ цIенна Iедалх доьзна долчу бахархойн категорина – баккхийчу нахана а, пенсионерашна а – къаьсттина тидам тIебахийта безаш хилар. Цо дагадаийтира царна хьажийна индексацийн программа кхочуш еш хилар махкахь.

"Суна хетарехь, 10 эзар сом далар хьакхадала деза пенсионерийн ерриг а категорешна: болх беш болчу а, боцчу а пенсионерех а, тIеман министраллан а, чоьхьарчу гIуллакхийн министараллан а, орцаллин министраллан а пенсионерех а аьлла", - жамI дина президента.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG