ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Киеверчу шайн дипломатийн доьзалш кӀелхьарбаха йолаелла Пачхьалкхан департамент


Киев - Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн векалалла
Киев - Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн векалалла

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто омра делла Киеверчу америкахойн векалаллехь болх бечу дипломатийн доьзалшка, оцу пачхьалкхера дIагIо, Оьрсийчоьно тIом боло мегаш хиларан кхерам болун дела аьлла. Балхаэцна болчу белхахошна пурба делла шайн лаамехь цигара дIабаха, аьлла ду Reuters бинчу хаамехь.

"Хаамаш бу Оьрсийчоь дагахь ю аьлла, Украинина дуьхьал масштабан тIом боло. Кхерамазаллин хьелаш, къаьсттина Украинин дозанашкахула а, Оьрсийчоьно дIалаьцначу ГIирмехь а, Оьрсийчоьно Iуналла дечу Украинин малхбалехь а муха хир ду олийла доцуш ду, ткъа уьш чолхечу довла мегаш ду, цIеххьана", - аьлла ду америкахойн арахьарчу политикихела хьукматан дIахьедарехь, цитата ялайо Bloomberg агенталло.

Пачхьалкхан департаментан векло дIахьедина, Оьрсийчоь тIелата мегаш ю Украинин территорина "мичча хенахь", ткъа иза хилахь Вашинтонан аьтто хир бац шен махкахой кIелхьарбаха аьлла.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташна тIаьххье Украинера шайн дипломаташ арабаха дагахь яц Евробартан пачхьалкхаш, шайна иза дан дIоггара бахьана цагарна, хаам бина европахойн дипломатин куьйгалхочо Боррель Жозепа, Европан Бартан пачхьалкхийн арахьарчу гIуллакхийн министрийн кхеташо йолаялале хьалха. Цо дийцарехь, "хIоьттинчу хьолах драма ян оьшуш дац, дийцарийн процесс дIайоьдуш мел ю".

ДIадаханчу кIиранах The New York Times газето, Украинин кхерамазаллин Сервисан лаккхарчу жаржерчу белхахочунна тIе а тевжаш, хаам бира, Оьрсийчоьнан шина консультверчу дипломаташка кечло аьлла омра делла, Украинин территорина тIера дIабаха. Оьрсийчоьнан МИД-хь дIахьедина Киевера оьрсийн векалалла хьалха хиллачу рожехь болх беш хиларх лаьцна.

Стохка гурахь дуьйна Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа дIахьедарш до Украинин дозанашца Оьрсийчоьнан эскарш гуллуш хиларх лаьцна. ТIаьхьарчу кIиранашкахь Малхбузен пачхьалкхаш нисса дIа хаамаш беш ю баккъалла а кхерам хилархлаьцна Оьрсийчоь оцу пачхьалкхана тIелата мегаш хиларан.

Москвано харцдо шайн тIелата планаш хилар. Малхбузен пачхьалкхаша дIахьедина, нагахь иза хилахь, Оьрсийчоьнна дуьхьал йохур ю "цкъа а хилла йоцу санкцеш" аьлла.

Стохка ГIуран-баттахь Оьрсийчоьно цхьамогIа тIедахкарш кхайкхийра Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташка а, НАТО тIеман альянсе а, шайна юкъахь малхбалехьа шоръялар сацадар а долуш. ДIадаханчу кIиранах Оьрсийчоьнна а, Малхбузен пачхьалкхашна а юкъахь дийцарш хилира, Москвано йоьхучу гарантех лаьцна хаттар дийцаре деш. Оьрсийчоьно кхайкхийнарг Малхбузено юхатоьхнехь а, Москва жоп доьхуш ю кехата тIехь яздина долу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG