ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КIистий, я Гуьржийчуьра нохчий. Паьнказан истори (1-ра дакъа)


Паьнказан чIаж

Паьнказан чIаж – Гуьржийчоьнан Кахетера, Алазань хин ирхошкара Ахмета муниципалитет. Карарчу хенахь цигахь ю I6 нохчийн юрт. Царех шайн коьрта шахьар лору бахархоша уггаре йоккханиг – Дуиси.

Паьнказарчу яртийн карта
Паьнказарчу яртийн карта

Ши бIешо гергга хан ю Паьнказахь нохчий беха. "КIистеби" олу царех гуьржаша. Муха кхаьчна уьш цига, муха кхоллаелла гуьржашца юкъаметтигаш, нохчийн муьлха тайпанаш ду царалахь? Оцу хьокъехь Кавказ. Реалиин "Кавказан хроника" подкастан автора Вачагаев Майрбека къамелдира историкца, чIожан этнографех, хиламех лаьцна дуккха а тептарш арахецна волчу Хангошвили Хасухица.

– Лараме Хасуха, Паьнказахь нохчий муьлхачу заманара дуьйна схьа беха ала тарло?

Вачагаев Майрбек
Вачагаев Майрбек

– Нийса хир ду уьш цигахь XIX бIешеран 30-чу шерашкахь дуьйна беха аьлча, бакъду луларчу Тианети кIоштахь нохчий хилла бехаш XVIII бIешеран юккъехь а – оцу махках олуш а хилла гуьржаша "жима КIистети". Амма оцу агIор беха нохчий дIаэбелла гуьржех, уьш хIинца гуьржий бу, бакъду, бу царалахь шаьш нохчех схьабевлла хилар хууш берш а, делахьа а, ца хаьа царна нохчийн мотт, гуьржий ала дезаш нисделла царех тахана.

Хангошвили Хасуха
Хангошвили Хасуха

Гуьржийн цхьаболчу Iилманчаша яздарехь, нохчийн баьчча Дишнийн Дуй 1826-чу шарахь вехаш хилла Паьнказахь. Хила тарло иза юхьанца Тинети махка а кхаьчна, цигара кху чIожа охьаваьлла. Хьасташа бахарехь, кхуза схьакхелхаш 35 шарал гена валанза стаг хилла иза. Кхузахь иза 30 шарахь ваьхна, велла 1856-чу шарахь.

Масала, "Ивери" газето 1887 шарахь яздина, регионехь ю "нохчийн бусалба эвла Дуй-юрт". Оцу тIерачу артиклехь боху, юрт кхоьллина 50 шо хьалха нохчийн МIайста-махкара веъначу Цицхашев Дуйс. Шеца шен гергара нах а балош веъначу цо кхоьллина Дуиси юрт. Газето тоьшалла дарца, 1837-чу шарахь а лаьтташ хилла и юрт.

ЧIожахь шен йоккхаллица шолгIа юрт ю Джоколо, 1854-чу шарахь кхоьллина иза. Иза вайна билгалдоккху элас Чолокашвили Левона а, Цискаров Иванэс а вовшашка яздинчу кехаташа, бина барт бу 1853-чу шарахь МIайстарчу Джоколица (нохчийн цIе – Жокъала) цхьанакхета, боху цхьана кехата тIехь. Оцу цхьаьнакхетаран тIаьхьало ю 1854-чу шарахь Жокъала Паьнказа дIакхалхар.

– Кхин цхьа юрт а ю шун цигахь, Дуисина уллехь – Омало, вуно лекхачу ломахь. Цхьа а гергарло дуй оцу шина эвланна юкъахь?

Лекхачу ломара Омало эвла
Лекхачу ломара Омало эвла

– Ю, иза Ломан Тушетехь ю, Мта-Тушетехь, бацой баьхна цигахь, тIаьхьо охьабевллачу цара кхоьллина ю ярташ Квемо-Алвани а, Земо-Алвани а. Оцу Омало юьртара нах бу цигахь бехарш. Царна юкъахь баьхна нохчий, хилдехьарой, масала (хилдехьарой – Гуьржийчоьнца доза долу нохчийн тайп – ред.).

Паьнказахь, Дуисина уллехь шаьш кхоьллинчу юьртах а аьлла цара Омало, ломахь йисинчу шайн Омало юьрте болчу безамна. Хилдехьароша шайн лору и тесна йитина ломара юрт. Оцу заманашкахь ломара и юрт йоккха хиллийла гойту цигара 38 доьзал охьабаьлла хиларо – хилдехьарой кIезиг хилла цигахь дац олийла.

XVIII бIешарахь ваьхначу, вевзаш волчу историкан, географан Багратиони Вахуштин жайни тIехь карта ду Паьнказан, цигахь гойтучу 25 ярташлахь ю Омало. Тахана йоллучохь гойтуш ю и нохчийн юрт.

– Иштта долийна нохчаша Панказахь ярташ яхкар. Лулахь гуьржийн ярташ а хилла хир ма юй. Муха нисъелла нохчийн бухарчу гуьржашца юкъаметтигаш?

– БIе шо а сов хенахь еса лаьттина Паьнказан чIаж, кхуза нохчий бахккалц. Дагестанхой тIелеташ хилла хьалха кхузахь баьхначу гуьржашна, цундела дIабахна уьш Паьнказара. Нохчийн Дуиси юьртана уггаре гергахь лаьтта гуьржийн юрт ю 12 километр гена – Матани (Кахетин Ахмета муниципалитетера юрт – ред.). Уьш вуно дика хилла кIистошца, гIодеш а, махкахь дика кхуьу стом, хасстом хьоьхуш а хилла цара.

БIе шо а сов хенахь еса лаьттина Паьнказан чIаж, кхуза нохчий бахккалц

Оцу заманахь Матани элин Чолокашвилийн шахьара лаьттина. Массийтта бIешарахь лоруш баьхна элий бу гуьржий ЧолокашвилигIар. Нохчашца гергарлонаш лелийна цара, тIеттIаоьхуш хилла вовшашна. Тхоьца даккхий гергарлонаш кхолладелла оцу нехан.

– Аьлча а, Iедало дIакхалхийна бац-кх нохчий? Уьш шайн лаамехь баьхкина Паьнказа?

КIистой
КIистой

– Дуиси кхоллаялар тидича, лаам нохчашкара шайггара хилла. Гуьржийчохь нохчий Паьнказа кхачале а баьхна, Тинети-махкахь а цхьаьна, бакъ ду, кхуза богIуш, гуьржийн Iедалца бертахь баьхкина нохчий – кхузарчу Iедало дуьхьало ца йина тхуна Паьнказа охьаховша. Амма хаа деза, Iедална лууш хилла иза, Дагестанера Кахете боьлхучу некъаш тIехь ма юй Паьнказан чIаж. Кху лаьттанаш тIехула богIий, тIелеташ хилла дагестанхой гуьржийн ярташна. Ткъа нохчаша и некъаш царна боьхкар буйла хууш хилла гуьржашна. Нис а делла иштта. Дагестанхой нохчийн ятрашна а летта тIе, тIемаш лаьттина дуккха а. И тIемаш юхатухуш, нохчий Дагестане кхаччалц дIабоьлхуш хилла лета.

Нохчашна шайна а тайна хIара меттиг. Шайн ломарчу ЧIаьнта-Оргин махкахь хала хилла тхан дайшна баха – лелон торуш латта ца хилла, цундела лехна гIолехьа меттигаш.

Бицбойла дац Кавказан тIом а. Оьрсийн инарла Ермолов Алексей Къилбаседа Кавказ яккха веъча, бухарчу нехан, Нохчийчоьнан бахархойн а, шера аренаш дIа а туьйсуш, лома хьалабаха дезна. Ткъа цигахь карош ца хилла ден-ара латта. Оцо нохчий декхаребина Кавказан Коьрта дукъал дехьа дахар лаха. Иштта нисделла гуьржийн а, нохчийн а хьашташ цхьанадахкар. Хаа деза, Оьрсийчоьнна а хилла и некъ пайдехьа – къарлуш боцчу нохчех церан дакъош юьстахдовларо, дIакъестаро аттачу боккхуш хилла паччахьашна тIом, нохчийн мухIажараллах масал а оьцуш, кхиболу кавказхой а лехка торуш хилла шайн латтанаш тIера.

– Кавказан дукъан дехьа агIор дIаоьху нохчий муьлхачу тайпанех хилла?

– Уьш бу маьлхий, мIайстой, дишний, харачой, тIерлой, хилдехьарой, шикIарой, нашхой – аьлча а, ЧIаьнта-Органца даьхначу тайпанийн нах.

Кистинцы
Кистинцы

– Иштта кхоллало нохчийн Паьнказа. Керста килса гIиртиний цигарчу нохчех керста дин тIеэцийта?

– ГIиртина. Схьаоьцур вай Джоколо юьртан истори. Иза кхоьллинарг – нохчо Деркизано Жокъала – мIайсто, вуьззина тIемало хилла ву. Бацошна кест-кеста тIелеташ а хилла иза. Бацоша барт бина цуьнца гергарло таса, къадийна иза Гуьржийчу ваха вуссийла шайна лууш хиларх лаьцна. Оцу хенахь моурави (махкаьхь урхалла дийриг – ред.) хилла Цискаров Иванэ – бацо, цо Тианетин коьртехь лаьттачу элица Чолокашвили Левонца барт а бина, Iедалан цIарах дехна Жокъале Паьнказа дехьавалар. Иза кхаа шарна Iедалан йолах мукъаваьккхина, гIодан дош а делла. Ткъа Жокъалин агIор оьшург хиллабацойн махканна тIе цалетар. Иштта кхаьчна иза 1854-чу шарахь, шеца 53 нохчийн доьзал а болуш, тахана цуьнан цIе лелош йолчу меттигашка.

Джоколо эвлара килс
Джоколо эвлара килс

Цул тIаьхьа ши шо даьлча Жокъала араваьлла Нохчийчу юхаваха, бухарчу хьелашна резавацарна. Оцу муьрехь ун иккхина хилла лаьмнашкахь, Iедал ша хилла гIелонехь, дийр ду баьхна гIо ца дина цо шайн махка баьхкинчу нохчашна. Нохчийчу дIабоьлхучу нехан некъаш бихкина бацойн эскаро, Паьнказа цаьрга дIа ца тосуьйтуш. Летарш а нисделла, вийна бацо-капитан Элизбараидзе, ши бацо лазийна. Жокъалас тIаккха къастам бар тIедиллина нохчашна, луург вуьсуш, цалуург шеца Нохчийчу дIавоьдуш. Барт хилла ПугIа юьртара цуьнан махкахой цуьнца цIабоьлхуш, ткъа луларчу ТугIа юьртара нах Паьнказахь буьсуш. Цундела къаноша тахана а олу шайн юьртах ТугIа-юрт. Дукха а ца хилла юхабаханарш, кхин билгалваьлла тхьамда а ца хилла церан, цундела цара бухахь гIело лайна. 1866-чу шарахь керста дин тIеэцийтина цаьрга. Алазань хин йистехь дIабаьхьна и барам. 1888-чу шарахь килс йина царна (Пресвятой Богоматери килс. –ред.). Амма ала деза, кепанна бен ца хилла царех керстанаш а. Ткъа масех стага ца эцна шайна тIе керста дин, бусалбанаш бисина даиманенна. Уьш маса стаг хилла ала-м хаац суна.

Омало юьртахь кхин хьал ду – кхузахь а висина масех стаг бусалба, амма дукхахберш керта дин тIеэцна баьхна оцу заманахь.

Iаьхье хир ю)

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG