ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа ХIирийохь Пригородни кIоштахь летта хIирий а, гIалгIай а


Къилбаседа ХIирийчохь ,Пригородни кIошта
Къилбаседа ХIирийчохь ,Пригородни кIошта

Къилбаседа ХIирийчохь Пригородни кIоштарчу Дачный эвлахь летта масех хIирий а, гIалгIай а. Цхьа кхиазхо лазийна дIавигна лазартне. Меттигерчу МВД-но бинчу хаамца, конфликт хилла дахаран хьелашца доьзначунна тIехула.

"Полицин белхахоша, къаста а бина, лецна леттарш. Уьш жоьпе озор бу карарчу хенахь махкахь лелаш долчу низамца", - хаам бина министралло.

Оццу хенахь гIалгIайн "Фортанга" зорбан гIирсо яздо, меттигерчу вахархочунна тIе а тевжаш, "шина кIантана тIелетта хIирий" бохуш. Иза хуьлуш цигахь хилла кхечу регионашкара командировке бахкийтина ницкъаллин структурийн белхахой а, некъан-патрулан сервисан а(ДПС), патрулан-постан сервисан а(ППС) белхахой а, цхьа а хIума а ца деш Iийна болу, яздо гIалгIайн зорбан гIирсо.

Дачное эвлахь кест-кеста хуьлу конфликташ къаьмнашца боьзна бух болу. Оцу эвлахь цхьаьна бехаш бу гIалгIай а, хIирий а. 1992-чу шарахь и эвла яра хIиришна а, гIалгIашна а юкъахь хиллачу конфликтан центрех цхьаъ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG