ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказан ялх республика белхазаллин рейтингехь тIаьххьарчу меттигашкахь нисъелла


ГIалгIайчуьра бахархой, архивера сурт

Оьрсийчоьнан регионашкахь белхазаллин рейтингехь тIаьххьара меттигаш кхаьчна Къилбаседан Кавказера ялх республикана. 2021-чу шеран тIаьххьарчу куьпера статистка ялайо РИА Новости хьостано.

Рейтингехь тIаьххьара 85-гIа меттиг кхаьчна ГIалгIайчоьнна – цигара белхазалла 30% хьалакхаьчна. Чакхенехьара шолгIаниг ю Дагестан 12,1% белхазаллица. Нохчийчоьнна 82-гIа меттиг кхаьчна – цигахь болх бац 10,9% бахархойн, Кхарачойн-Чергазийчоьнна 79-гIа меттиг кхаьчна - 10,1%, ГIебартойн-Балкхаройчоь 78-гIа меттиге нисъелла (9,6%).

Оцу Iилманан талламехь дуьйцу, мел хан йойъу Оьрсийчоьнан регионашкара бахархоша болх лохуш.

ГIалгIачохь уггара кIезга хан йойъу болх лохуш – юккъерчу барамехь 6,9 бутт. Нохчийчохь болх лохуш 7,7 бутт хан йойъу, ГIебартойн-Балкхаройчохь – 9,7, Дагестанехь – 9,9, Къилбаседа ХIирийчохь – 11,7, Кхарачойн-Чергазийчохь – 12,6 бутт.

Уггара кIезга белхазалла Къилбаседан Кавказан регионашлахь Ставрополан махкахь ю – 56-гIа меттиг (4,8%). Рейтингехь дуьххьара меттиг кхаьчна Санкт-Петербургана 1,5% белхазаллица.

  • Хьалхо СКФО-н ерриг регионаш а, Краснодаран мохк, ГIалмакхойн чоь, Адыгея а хIора шарахь хIотточу ипотека эца аьтто хиларан рейтинган тIаьххьарчу меттигашка нисъеллера. Къилбаседа Кавказехь 17% доьзалийн бен аьтто бац хIусам эцархьарама банкера юхалург ахча эца.
  • HeadHunter онлайн-рекрутинган хаамца, Къилбаседа Кавказехь болх лохуш 1-3 бутт болу, аьлла белхазаллехь бехачу нехан кхоалгIачу декъо, 9% наха шаьш эха шарахь лоьху къахьега меттиг, боху, ткъа 26% респонденташ болх лоьхуш лела, лаххара а, цхьана шарахь.
  • Бахархойн юкъараллин Фондан талламца а догIуш, Оьрчийчохь уггара кIезга алапаш ду Нохчийчохь – 30 эзар, Дагестанехь – 32,3 эзар, ГIебартойн-Балкхаройчохь – 32,6 эзар, ГIалгIайчохь – 35,1 эзар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG