ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь а, Оьрсийчоьнан Къилбехь а ковидан ун цIеххьана даьржина  


Гайтаман сурт

Оьрсийчоьнан Къилбехь а, Кхилбаседа Кавказехь а коронавирусан ун кхеттачу нехан терахь цIеххьана кхиъна. Оцу терахьашца дуьстича, регионаш 2022-чу шеран зазадоккху-беттан терахьашка юхайирзина, амма меттигера Iедалхой сиха ца ло антиковидан дехкарш хIиттон.

Марсхьокху-беттан 14-хь Дагестанехь 185 ун кхетта меттиг гучуяьлла – иза зазадоккху-беттан 1-хь дуьйна уггара лакхара терахь ду. Дайначу дуьззинчу рузманан кIирнахь кхузахь цомгуш хилла 856 стаг. Цул хьалхарчу кIирнахь 317 стаг вара уьш, аьлча а, 170% кхиъна терахь.

Ростован махкахь 685 керла ун кхетта меттиг гучуяьлла – охан-бутт болабелчхьана дуьйна уггара доккха терахь ду иза. КIирнахь гучудаьллачу цамгарийн терахь 43% кхиъна.

Шортта лазарш гучудийлар лаьтта Ставрополан махкахь а – марсхьокху-беттан 13-хь 392 стаг а, 365 стаг марсхьокху-беттан 12-хь, 13-хь а. Зазадоккху-бутт юкъабаьллачу хенахь дуьйна уггар лакхара терахьаш ду уьш. КIирнахь тIекхеттачу терахьан барам 58% бу.

Краснодаран кIоштан оперативан штабо бинчу хаамца, дийнахь-буьйсанна 882 лазар кхетта меттиг гучуяьлла –керла лазар кхеттачарлахь 571 стаг а, 311 зуда а ю бархI дийнера 96 шаре кхачалц хенаш йолуш. КIирнахь тIекхеттачу терахьан барам 76% хилла. Иза ду зазадоккху-беттан юьххьехь дуьйна лаккхара терахь.

Волгоградан кIоштахь кIирнахь тIекхетта барам 37% бу, марсхьокху-беттан 14-хь 171 лазар кхетта меттиг яра билгалъякххина. Цунах тера динамика ю ГIалгIайчохь а – 12 лазар кхетар, 34% кхиар а.

Лазар кхетта керла 46 меттиг гучуяьлла Нохчийчохь – зазадоккху-баттахь дуьйна рекорд ю иза. Ши кIира хьалха республикехь лазар кхетта 74 стаг гучуваьлла хиллехь, амма дайначу кIинахь уьш 189 ву – 155% кхиъна терахь.

Къилбаседа-ХIирийчохь кIирнахь тIекхеттачу терахьан барам 94% бу, зазадоккху-баттахь 60 стаг хиллера цамгар кхетта. Кхачаройн-Чергазийчохь 67% тIекхетта терахь, 23 стагна цамгар а кхеташ, Адыгейхь – кIирнахь кхетта цамгарш 52% кхиъна, цомгаш хилларш 25 стаг ву.

Керла 109 лазар кхетар гучудаьлла ГIалмакхойчохь – масех дийнахь республико антирекордаш хIиттайо. Масала марсхьокху-беттан 12-хь 129 керла лазар кхетар гучудаьлла – иза уггар доккха терахь ду зазадоккху-баттахь дуьйна. КIирнахь тIекхеттачу терахьан барам 60% алсам ду.

  • Оьрсийчоьнан Къилбан регионаш, ерриг пачхьалкх санна, коллективан иммунитет олург кхоллаялийта оьшуш йолчу лаххарчу иммунизацин тIегIане ца кхаьчна – иза 80% бахархой вакцинан шолгIа дакъах чекхбевлча кхоллалуш ю. Официалан хаамашца, уггар лакхара терахь Дагестанехь ду – 28,3%, Къилбаседа Кавказехь уггар лахарниг ГIебарта-Балкхаройчохь – 5,9%.
  • ТуьтамIаьжгаш лелор а, буьйсанна кафешка болх ца байтар, нах гулбелла барамаш, митингаш хIиттор сецор а Оьрсийчохь официалехь дIадаьккхира товбеца-беттан 1-хь. Ши кIира даьлча махкахь доза хадоран дехкарш дIадехира – доккхачу декъанна уьш ПЦР-тестах чекхбовла декхаре хиларца йоьзна яра. Латтехула доза хадорах хьакхалуш дара керла сацамаш, иштта чубогIучу кхечу махкара бахархойн хьокъехь дуьссуш ду ПЦР-ца доьзна долу дехкарш, Беларусин бахархой бисалц.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG