ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса уьнах велла 69 стаг, вирус кхетта ву - 1369


Гайтаман сурт

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах 69 пациент велла, цомгуш хилла кхин а 1369.

Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь 32 стаг велла коронавирусах, Дагестанехь а, Ставропол-махкахь а –исс-исс, Кхарачой-Чергазийчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а – пхиппа, Адыгейхь а, ГIалгIайчохь а – кхоккха, Нохчийчохь цхьа дархо велла.

Къилбаседа Кавказехь пандеми йолаелчхьана верриг а велларг ву COVID- 19 уьнах 13 767 вахархо.

Цамгар кхетта уггаре дукха наханна Ставрополь-махкахь. КIеззиг бу ун даьлла нах ГIалгIайчохь.

Ставрополь-мохк + 336 (67 547 ву пандеми яьржичхьана)

Краснодаран кIошт + 260 (61 399)

Дагестан + 199 (43 512)

Нохчийчоь + 140 (17 080)

ГIалмакхойчоь + 112 (25 832)

ГIебарта-Балкхаройчоь + 87 (27 793)

Къилбаседа-ХIирийчоь + 67 (19 332)

Адыгей + 59 (16 809)

Кхарачой-Чергазийчоь + 56 (22 901)

ГIалгIайчоь + 53 (18 147)

Къилбаседа Кавказехь таханенна COVID-19 коронавирус гучуяьлла 320 342 стагехь. Ерриг Оьрсийчохь и терахь Товбеца-беттан 28-чу денна ду, Оперативан штабо бахарехь, 6 469 910 *.

*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чуоьцу аннекси йинчу ГIирмерчу хьолах долу терахьаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG