ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса уьнах велла 76 стаг


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах 76 пациент велла, цомгуш хилла кхин а 1337.

Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь 30 стаг велла коронавирусах, Дагестанехь -14, Ставропол-махкахь – бархI, Кхарачой-Чергазийчохь а, Нохчийчохь а – ялх-ялх, Къилбаседа ХIирийчохь – пхиъ, ГIебарта-Балкхаройчохь а, ГIалмакхойчохь а – кхоккха, ГIалгIайчохь – цхьаъ велла.

Къилбаседа Кавказехь пандеми йолаелчхьана верриг а велларг ву уьнах 12 839 вахархо.

Цамгар кхетта уггаре дукха наханна Ставрополь-махкахь. КIеззиг буу н даьлла нах Адыгейхь.

Ставрополь-мохк+ 315 (63 657 ву пандеми яьржичхьана)

Краснодаран кIошт + 261 (58 259)

Дагестан + 200 (41 113)

Нохчийчоь + 124 (15 593)

ГIалмакхойчоь + 119 (24 463)

ГIебарта-Балкхаройчоь + 86 (26 738)

Къилбаседа-ХIирийчоь + 63 (18 565)

Кхарачой-Чергазийчоь + 57 (22 209)

ГIалгIайчоь + 57 (17 468)

Адыгей + 55 (I6 125)

Къилбаседа Кавказехь таханенна COVID-19 коронавирус гучуяьлла 304 190 стагехь. Ерриг Оьрсийчохь и терахь Товбеца-беттан 28-чу денна ду, Оперативан штабо бахарехь, 6 195 232*.

*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чуоьцу аннекси йинчу ГIирмерчу хьолах долу терахьаш.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG