ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен бераш къуьйсу Нохчийчуьра нана тоьлла ЕСПЧ-кхелехь


Адамийн бакъонашкахула йолчу Европан конвенцин ши артикл: 14-гIа а, 8-гIа а йохийна пачхьалкхо Нохчийчуьрчу яхархочун Тапаев Луизин аьлла, сацамбина Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело. Суьдхойн сацамца а догIуш, Оьрсийчоьнан Iедалхой декхаре бу Тапаеван сина динчу зенна дуьхьал 16 250 эзар евро компенсаци кхачон а, исс эзар сов евро кхелан харжашна охьадилла а.

2015-чу шарахь Тапаева Луизин хIусамда веллачул тIаьхьа мардас кхуьнан диъ бер дIадаьккхинера цуьнгара. Оцу заманчохь шина шарера ворхI шаре кхаччалц хенаш яра цуьнан йоьIарийн.
2016-чу шарахь зудчо Хьалха-Мартанарчу кхеле делира и гIуллакх, амма суьдхой тIехIиттира берийн дедена. Дукха хан ялале сацам хийцира Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхело, делахь а бераш дIа ца деллера Тапаевага.

Тапаеван интересаш хьалхаяьхнера Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхелехь "Правовая инициатива" (Оьрсийчоьнан Iедалхоша арахьарчу агентийн статусе яьккхина - Редакцин билгалдаккхар.) проекто. Шайн сацамехь ЕСПЧ-кхело билгалдоккху, оьрсийн Iедалхоша хьем боцуш оьшу барамаш ца лелийна, нанна берех дIакхеташ гIодархьама аьлла.

"Психолога динчу жамIийн ши документ ду тхоьгахь. Таллам бинчул тIаьхьа PAS синдром ю (ненах хераяккхар), дуккха а шерашкахь нана ца гинчу йоьIаршна чов хилла аьлла, яздинера цо. Нанна херабахархьама Iаткъамбеш хиллера царна. Царна тIеIаткъам бечу деда волчохь бистхилийта ца беза уьш бохуш, дехарш дира оха, цкъачунна тхан билламаш кхочушбеш бац, лело дезарг кхочушдан а хала ду", - аьлла, Тапаева Луизица Оьрсийчоьнан кхелашкахь болх беш хиллачу адвокато, Магомадова Айзас.

"Правовая инициатива" проектехь билгалдоккху, бераш нене дIало аьлла, амма Оьрсийчохь кхочуш ца бен рогIера кхелан сацам хIара хилар.

"Къилбаседа Кавказерчу бахархоша чукхачийна масех оцу кепара латкъам хIинцале а шаьш листина хилар билгалдаьккхина ЕСПЧ-кхело, Iедалхой низамашца а ца лелаш, меттигерчу Iадаташна -"бераш деца дуьсуш", тIетийжаш", - дIахьедина "Правовая инициативан" адвокато Гнездилова Ольгас.

Хьалхо Европан Кхеташонан министрийн комитето дийцаредира Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан сацамаш кхочушбарх а, уьш кхочушбарехь лаьттачу дуьхьалонех а. Кеп-кепарчу хенашкахь ЕСПЧ-кхело сацамаш бира Муружева Лайлаэхьа а, Губашева Асетехьа а, Юсупова Фатимехьа а, Ферзаули Расинехьа а, шайн бераш шаьш кхион бакъо къуьйсучу Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а бахархошкахьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG