ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь полисхоша ницкъбарх рапорт арахецна "Iазапашна дуьхьалояран Командо"


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Гезгамашин-беттан 26-чохь бакъоларъяран "Iазапашна дуьхьалояран Командо" "Арифметика пыток" аьлла рапорт арахецна Къилбаседа Кавказерчу мехкашкахула долчу хьолах. Бинчу талламашца а догIуш, Къилбаседа Кавказ ша цхьаъ бен йоцу регион ю, масех шарахь шайгарчу бакъонел совбуьйлуш, ницъбинчу ницкъахойн хьокъехь цхьа а таIзар ца кхайкхийначех.

Масала, бинчу талламехь хаамбо, 87 процент меттигашкахь Талламан комитето дуьхьалойеш хиларх бехкзуламан гIуллакхаш доло. Иза нисло Оренбурган кIоштан статистикаца (85% дуьхьалояр) а, Краснодар-махкаца (90%) а.

Практикехь аьлча, нагахь санна, Къилбаседа Кавказан регионашкахь ницкъбарна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долош делахь а, цул хьалха талламчаша юккъерчу барамехь шозза дуьхьало йо гIуллакх дуьхьал айдан. Дустуш аьлча, Краснодаран кIоштахь гIуллакх доладалале хьалха ворхIазза дуьхьало йо, ткъа Оренбургехь – 11-зза.

"Оцу юкъанна гIуллакх долийнехь а, цо тоьшалла ца до даржхой жоьпалле озийна хиларан. Нагахь санна, кхечу регионашкахь тхан юристаш бехкечунна таIзар дайта гIиртинехь а, Къилбаседа Кавказехь цкъачунна аьтто хилла бац. Бакъонаш хьоьшуш хиларх кхочучу хааминй доккхаха дакъа Нохчийчуьра доллушехь, цигахь тхан дIахьедаршца дина цхьа а таIзар дац", - дийцира Кавказ.Реалиига Къилбаседа Кавказан филиалан куьйгалхочо Ванслова Екатеринас.

Лаьцначарна тIехь ницкъахоша дукха хьолахь латточу гIелонех ю царна буйнаш беттар (78% меттигашкахь 25 стагана тIехь йина и гIело), иштта ах бохург санна – 56 процент (18 стагана тIехь) – дуьйцург ду ток йеттийтар, 53% (17 стагана) йеттара мийрашца. Кест-кеста ницкъбеш методаш лелийна цхьаьнаэдина – полисхоша йетта а, ток йеттийта а тарлора.

Доккхачу декъанна, билгалдоккху Вансловас, цхьа могIа статистикан хаамаш тера хиларо тоьшалла до ницкъаллин блокехь проблемаш хиларх.

  • Къилбаседа Кавказехь болх бечу бакъонашларъярхоша а, адвокаташа а дIахьедо, наркотикашна тIехула ийдеш долчу гIуллакхийн доккхаха долу дакъа шаьш полисхоша доьллуш ду, тIехула тIе кеп-кепарчу бахаьанашца.
  • Бакъоларъяран "Iазапашна дуьхьалояран Команда" организацино зорбане яьккхинчу "Арифметика пыток: Краснодаран кIошт" рапортехь Кубань хьалхара регион ю пачхьалкхехь. Деа шарахь зенаш хиллачаьргара шайга кхаьчна дIахьедарш зийначул тIаьхьа дийцина эксперташа, ницкъахоша лецначарна тIехь полицин дакъошкахь гIело латтош хиларх, ницкъахоша царна тIедожочух, мел дуккха хан оьшу бехктакхаман гIулакхаш дуьхьалдаха.
  • Шена йеттарх а, низамехь доцуш 15 дей-буьйсий даккха карцер чу кхоссарх а латкъам бинчу Пираев Мохьмадна кхачочу компенсацин барам ХIинжа-ГIаларчу Кировскийн кхело 20-зза лахбира. Цо дехначу ахмиллионан метта цунна 25 эзар сом кхачийра.
  • СИЗО-хь латточу дагестанхойн "Черновик" газетан журналисто Гаджиев Iабдулмумина зорбане даьккхина, Дербентерчу экстремизмана дуьхьало латточу Центран белхахоша шегахь латтийначу гIелонех лаьцна шеца цхьана камери чохь волчу тутмакхан Мирзалиев Мирзалин дийцар. Оцу публикацин хьокъехь Дагестанерчу адамийн бакъонаш Iалашъян векал винчу Алиев Джамала махкарчу Талламан комитете таллам бар доьхуш, кехат дахьийтира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG