ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказера бусалбанаша марха досту. Пхеа республикехь мукъаденош кхайкхийна


Ламазаш ден бусалба нах, архивера сурт
Ламазаш ден бусалба нах, архивера сурт

Охан-беттан 10-чу дийнахь бусалаба наха даздо Iийд ал-Фитр -Рамадан бутт боьрзуш догIу Марха дастаран де. Оцу денна лерина Къилбаседа Кавказан кхаа мехкашкахь мукъаденош кхайкхийна.

Нохчийчуьра бахархой цIахь бу охан-беттан 9-чу дийнера 11-чу дийне кхаччалц, Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а мукъаденош кхайкхийна охан-беттан 10-чу дийнера 12-чу дийне кхаччалц. ГIебарта-Балкхаройчохь цхьа де – охан-беттан 10-гIа.

Къилбаседа Кавказан мехкийн боллу куьйгалхоша къобалдина бахархойн марханаш. ГIебарта-Балкхаройчоьнан куьйгалхочо Коков Казбека шен къамелехь хьахийна Украинана Оьрсийчоьнан тIелатар а, цо дIахьедина, шен "махкахой Оьрсийчоьнан къам Iалашдеш ду хийра мехаллаш тIе ца лаца" аьлла. Нохчийчоьнан куьйгалхочун гоно марханаш къобладина къастош Кадырова Айманин а, цуьнан шен а.

Шен къамелехь Кадыровс хьахийна шен нана, регионалан йукъараллин Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан президент. Хьаькамо бахарехь, Рамаданан баттахь оцу фондо гIо дина меттигерчу бахархошна 2 миллиард соьмана, 350 сурсаташ чохь йолу тIоьрмигаш декъна цу ахчанах 360 эзар котам а, 300 устагI, бежана а, 21 доьзална керла хIусам йелла, 640 миллион сом дIаса а декъна, иштта Украинана дуьхьал тIом бачарна оьшург а эцна.

  • ГIурбанал тIаьхьа шолгIачу меттехь лору дозаллица Марха досту де. Мохьаммад Пайхамара 624-чу шарахь хIоттийна ларалуш ду и де. Рамадан баттахь кхаьбна марханаш дерзош даздарш дIахьо бусалбанаша оцу а, цул тIаьхьа догIучу масех а дийнахь.
  • Баттахь марханаш а кхаьбна, тахана уьш дерзар даздеш бу дуьнентIера массо а бусалбанаш. Уггаре коьртачех цхьаъ долчу кху дийнахь, сатесчхьана хьошалгIа оьхуш, вовшийн марханаш къобалдеш лела баккхийнаш, кегийрхой, бераш. Къаьсттина кегийчара сатуьйсу кху дийне: хIора кертахь йоькъучу кеп-кепарчу марзолгех дузу цара шайн тIоьрмигаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG