ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбехьарчу мехкашкахь а, Къилбаседа Кавказехь а къайлахчу герзанчийн цIийнех хьовсарах дIахьедина ФСБ-но


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Дагестанехь, ГIалгIайчохь, Къилбаседа ХIирийчохь, ГIебарта - Балкхарчохь, Ставрополан а, кхин а 39 махкахь (Оьрсийчоьно дIалаьцна Украинин латтанашкахь цхьаьна) цIийнех хьовсарш дIадаьхьира. Низамца доцуш герз чохь латтор, дохкар толлуш, арабевллера Iедалан белхалой. Цу белхан жамIаш цара ФСБ урхаллина довзийтира.

Урхаллехь дIахьедира, 400 герзан гIирс карорах - царех кхо пулемет, 46 автомат, 36 тапчанаш - пулеметаш, 107 топ, карабинаш, кхинйолу тоьпаш, 207 тапча, револьвераш, - аьлла ду ФСБ-н пресс-центран хаамашкахь. Ницкъахоша дийцира 40 къайлахчу меттигийн болх шаьш сацорах а.

Хьалхо леринчу урхаллийн белхалоша дIахьедира, Къилбехьарчу махкашкахь а, Къилбаседа Кавказехь а низамца доцуш герзанца белхаш барехь шеконе лийцинарш шаьш дIалацарах.

  • ГIадужу-баттахь ГIебарта-Балкхарчуьра аьчкан некъана уллохь герз тоьхна, ши адам дийра. Ницкъахоша дийцарехь, вийна шиъ луьрачу зуламашкахь бехке хила тарлуш вара - муьлха зуламаш ду динарш, ца дийцира. Цаьргахь, Iедалхоша бахарехь, герз а, шаьш бина эккха гIирс а хиллера. Цхьа де даьлча, ФСБ-н белхалоша дIахьедира, и операци шаьш аьчкан некъан низамхошца цхьаьна дIайаьхьна аьлла - некъаш лелхийта кечйина теракт шаьш гучуйаьккхина олуш.
  • ГIадужу-беттан 28-хь ФСБ-но дийцира Ставрополан мехкан Предгорный кIоштахь виъ стаг сацорах. Уьш "мехкан административан гIишлошкахь" теракт кечйан лерина бара аьлла. Урхалло уьш "украинхойн националистийн векалш" бу элира.
  • Кавказ.Реалии сайто дийцира, ницкъаллийн урхаллаша украинхойн националистийн агIончаш лахарехь, жоьпе озорехь беш болу болх жигара баккхарах.
  • Оьрсийчуьрчу адвокаташа а, бакъонашларйархоша а билгалдоккху, тIемалой лоруш дIалийцинчара кхелашкахь дIахьедарш до, хьалхо шаьш дийцинарш шайга таIзарш деш, дийцитийна олий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG