ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шема хьовсийнчу нохчийн полисхойх кIеззиг хаьа церан цIерачарна


Нохчийчоь --нохчийн полисхой Ханкалехь

Вайнехан кегий нах Гергарчу Малхбале Шемарчу тIаме хьовсош, гIардаьккхинарг дара уьш ДаIиш боламан тIемалойх мукъаяьккхинчу Алеппо гIала буьгу бохург. Iедалан хаамийн гIирсаша чIагIдарца царна тIедехкина декхарш дара лаьтта бухахь эккхаза дисина, минаш, фугасаш, хIоьънаш, кхидолу а ницкъалла герзаш лохуш, кхераме болх беш болу, сапераш олу говзанчаш ларбар. Цул тIаьхьа Iорадаьккхинера Нохчийчуьра Шема хьовсийначу тIеман полисхоша Алеппо гIалахь мукъаяьккхинчу меттигашкахь беха суннитийн синтем ларбийр бу аьлла ,царна шиIитийн дакъошка харц тIеIаткъам ца бойтуш. Лазархочунна кIез-кIезигчу барамашкахь лучу молханах тера,тIаккха хааме даьккхина нохчийн кIенташа блокпосташкахь къепе ларьян а мега,джихадан агIончаш бу-бац толлуш, меттигера бахархой литта а тарло аьлла. Цу генарчу хийрачу тIаме хьовсийначу кIентийн гергарчара ечу къароца юьхьанца, дIабигначу хьалхарчу баттахь, вайнехан векалша декхарш кхочушдеш, бакълена а гIуллакх дина Алеппо гIалахь,ткъа тахана цхьаболу дай-наной хадам боллуш ала хIуьттуш бац шайн доьзалхой мича меттехь бу. Иштачех цхьаъ ву сан юьззина цIе йоккхийла доцу цхьана тIеман полисхочун да. Цо дийцарехь цхьа къовзийна хаамаш бен ца кхочу Шемахь волчу кIантера.

КIентан да: « ДIабигначу хенахь Алеппохь бара уьш. ХIинца билггал хууш дац уьш мичахь бу. Кхечанхьа баьхна.Цо дийца-м ца дуьйцу, ма-дарра дийца дихкина ду-дацца а хаац. Эзар а сов ву кхузара вигнарг. ТIебогIучу баттахь цIа бахка а тарло,билггал хаа-м хаац. Накъостий а дика бу боху…»

Вайнехан векалш Шема пачхьалкхе къепе хIотто хьовсор хьокъехь юьхьанца дай-наношлахь дуьйцург дара цхьана баттана бен буьгуш бац нохчий, и бутта-м, дIасахьаьжжа а валале, сихха дIабер бара боху хьааме къамел. Цул тIаьхьа даьржира, хIинцца лакхахь къамел динчу цхьана полисхочун дас ма эккхийттара кхаа баттана бигна, тIебогIучу зазанан баттахь цIахь хир бохург. Официалан олуш хIума цахиларо а дебадо эладитнех тера, шеконах дуьзина хабарш. Схьадалар миччара делахь а,карарчу хенахь дийца даьккхина ду Iаьрбийн Шема пачхьалкхе хьовсийна кIентий аьхкенан юьххьехь бен юхаберзор бац бохург. Цу декъехь Iедалхой мотт кхобуш хиларо могIарерчу нехан дегнашкахь кхерам чIагIбалийтина. И кхерам кIаргбеш,кхин а шорбина Цхьаьнатоьхначу Штатийн тIеман министаралло хIинцца дIасарбаржийначу хаамо. »Пентагоно дуьххьара дийца даьккхина Шема тIамтIе, ИГ олу ДIаIишан ницкъаш хIаллакбан гIашлойн эскарш хьовсор. Цу хиламо дай-наной сагатдар марсадаьккхина. Дуьйцуш ву Шемахь волчу цхьана эскархочун СоьлжагIалин кIоштера деваша.

Деваша: «ЦIа мича хена балабо билггал хууш дац.Кхаъ батана аьлла бигнера дIабуьгуш, хIинца цхьа эладита санна аьхка цIабалор бу боху хабар а ду хазош. ТIема юкъахь бацца –м боху уьш. ТIемаш хиллачу меттигашкахь къепе латтош, хьал тидамехь латтош бу. Иза а бу-кх цхьа хьаам. Хорам а хилла Iаш-м ю и нана, кIант цIа варе сатуьйсуш».

Шема пачхьалкхе хьовсийначу кIентийн цIерачара, шеконашка буьйлуш, лерса ирдина ладегIар бахьана ду, юкъараллина дIадалхориг, гIардоккхург цхьаъ а долуш, Оьрсийчоьнан тIеман министараллин буьйранчаша нохчийн векалш мичча а, Iожаллина мел кхерамечу а меттигашка кхисса тарлуш хилар.

XS
SM
MD
LG