ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Малхбузера коалици еза Оьрсийчоьнах схьакхета, боху Клинцевичо


Шема -- Оьрсийчоьнан сапоьр ву Палмирехь минаш лоьхуш, Оханан-беттан 16, 2016
Шема -- Оьрсийчоьнан сапоьр ву Палмирехь минаш лоьхуш, Оханан-беттан 16, 2016

Террорхошна дуьхьал Шемахь бечу тIамехь малхбузера коалици еза Оьрсийчоьнах а, цуьнан бартхойх а дIакхета. Иштта коммент йина Британин арахьарчу гIуллакхийн секретаран Джонсон Борисан дешнашна Федералан Кхеташонан кхерамзехула а, тIеман гIуллакхехула а комитетан хьалхьара гIовса Клинцевич Франца.

Ала догIу, селхана Британин арахьарчу гIуллакхийн секретаро Джонсон Бориса дIахьедар дира, Оьрсийчоь Шемахь тIомбечу малхбузерчу коалицих схьакхета еза, аьлла.

“Cуна “ДаIишца” тIомбо ша бохуш, моттаргIанаш лелош йолчу малхбузерчу коалицих дIакхетар нийса харжам бу аьлла ца хета," элира Клинцевичо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG