ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коьртачу харжамийн комиссино дагардина 100% протоколаш. Думе чекхъяьлла 5 парти


Шинарин дийнахь Iуьйранна Оьрсийчоьнан Коьртачу харажамийн комиссино дIакхайкхийна, Пачхьалкхан думан харжамашкахь тесна 100 процент бюллетенашца болх бина ша яьлла хиларх лаьцна.

Эххаре а, карарчу хенахь долчу жамIаца, "Единая Россия" партино гулдина 49,8 процент кхаьжнаш, КПРФ -а – 19 процент гергга, ЛДПР-а – 7 процентал жимма сов, "Справделивая Россия" партино - 7,5 процент хиллал. 2003—чу шарахь дуьйна дуьххьара Думе чекхъяьлла кхин а цхьаъ - пхиолгIа - парти "Новые люди", 5,32 процент кхаьжнаш гулдина йолу.

Цхьаьнамандатан гонашкахь "Единая Россия" парти тоьлла 198-нхьа, КПРФ партин кандидаташ хьалхабевлла 9 гонехь, ЛДПР – 2-на гонехь. "Родина" а, Партия роста а, "Гражданская платформа" а партеша толам баьккхина цхьцца гонехь. Цул сов, Думе кхаьчна ша-шаьшша хьалхатеттина волу 5 кандидат а.

Харжамашкахь дакъалаьцна 52 процент харжамхоша.

Оьрсийчуьрчу парламентан харжамийн тIаххьара жамIаш дийр ду Гезгмашин-беттан 24-хь.

Гезгмашин-беттан 17-19 деношкахь хиллачу харжамашкахь "Единая Россия" партино шегахь йитина Пачхьалкхан думера дукхаралла, Оьрсийчоьнан парламентан лахарчу чоьнан лаххара а 300 меттиг дIа а лаьцна.

Кхажтасар дIадоьдучу хенахь дуккха а харцонаш лелийна хилар гучудаьлла тIехьажархошна. Амма церан уггар шеко кхоьллинарг ду дистанцин электронан кхажтасар, Пачхьалкхан думан харжамашкахь дуьххьара лелийна долу. Цуьнан жамIаш довзийтар тIаьхаьтеттира масийттаза, эххаре а жамIаш гучудевлира оршотан дийнан делкъхенахь, каппашкарчу харжамийн жамIаш динчул тIаьхьа. Эххаре а Москварчу 15 гонах бархIанхьа толам боккхуш хилла оппозицин кандидаташ, шайна юкъахь "Хьекъале кхажсаро" гIортор йинарш а болуш, ийшира, шайл а тIаьхьа хилларш цIеххьана хьалха а бевлла.

Оьрсийчоьнан Коьртачу комиссин векалша оршотан дийнахь хиллачу пресс-конеференцехь дIахьедира, електронан кхажтасар а, кхьажнаш дагардар а хила ма деззара дIадахара, амма Москвахь цу кепара кхажтеснарш дукха хиларна, царна жамI дан дукха а хан ийшира шайна, хетачул а, аьлла.

КПРФ парти реза ца хилла электоронан кхажтасаран жамIаш къобалдан. Цуьнан хьалханчо Зюганов Геннадийс кхайкхам бина берриг а шайн партин агIончашка, "харжамийн жамIаш ларде, подольскерчу курсанташа Москва ларйина ма хиллар" аьлла.

Москвахь Пушкинан майданахь акци хилла чекхбевллачу Пачхьалкахан думан харжамашкахь харцонаш лелорна дуьхьал. Цигахь дакъалецира масех бIе стага.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG