ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коьртахь йовлакхаш доцу зудабераш школа чу ца дитина директоран гIовс балхара дIаваьккхина Дагестанехь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Коьртахь йовлакхаш доцуш деша бераш чу ца дитина Дагестанерчу Кайтагскан кIоштарчу Маджалис эвларчу школан директоран гIовс Курбанкадиев Адамкади балхара дIаваьккхина. Кайтагскан кIоштан дешаран декъан хьаькамо Магомедов Шемала бина и хаам, яздо "360" телеканало.

Коьртахь хIума йоцу дешархой-йоьIарий пенаца дIа а хIиттийна, школа чу ца буьтуш яьккхинчу видеоно йоккха гIовгIа эккхийтинера. Оцу гIуллакхан хьокъехь талламбар дехнера Дагестанан прокуроре Оьрсийчоьнан бакъонашларъярхочо Москалькова Татьянас.

Кху беттан 6-чохь дийца даьккхира, Дагестанерчу Маджлис эвларчу цхьана школехь берийн дайша-наноша латкъамаш барх, шайн берашна коьртахь йовлакхаш а долуш школе дахкар тIедожийна аьлла.

Масех шо хьалхка Нохчийчохь парламенто хийцамаш тIеийцира дешарх лаьттачу низамехь, цаьрца а догIуш, дешархой декхаре бира динца а догIуш духар лелон доьшийлашкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG