ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коьртахь йовлакхаш доцуш школе дахка ца магийна Дагестанерчу зудаберашна


Гайтаман сурт

Коьртахь йовлакхаш долуш деша дахкар тIедожийна Дагестанерчу Кайтагскан кIоштарчу Маджалис эвларчу школан администрацино зудаберашна. Дешаран министралло толлуш ду иза.

Дешархойн дайша-наноша кху беттан 6-чохь дIа а язйина, социалан машанашкахь яржийначу видео тIехь гуш ду, коьртахь йовлакхаш доцу йоьIарий пенах дIа а хIиттийна, школа чу ца буьтуш. Гарехь, дай-наной реза бац оцу суьртана.

Республикерчу дешаран министралло Кавказ.Реалиига хаам барца, дешархошна йовлакхаш тIеэгорна бехк бу кIоштан куьйгаллин. Министраллан информацица, муниципалитетан массо а школашкахь и даржо хьийза кIоштан урхалла. Берийн дайшкара а, наношкара дуккха а аьрзнаш кхаьчна цаьрга оцу тIехула, урхаллан пресс-гIуллакххоша дийцарехь.

"Дешархойн духар а, цуьнан бос а, фасон а школо къастош ду, ишта доьшийлан кхеташоно а, дайн-нанойн комитетан а, школана тIехь терго латточу хьукмато а цхьаьна",- аьлла, билгалдаьккхина дешаран министраллехь. Юьйцучу кIоштахь талламаш бан дагахь бу уьш.

Коьртахь йовлакхаш дацара аьлла, бераш деша чу ца дитина школан директоран гIовс Курбанкадиев Адамкади шаьш жоьпе озор ву аьлла, чIагIо йина Кайтагскан кIоштан Iедалхоша.

Ойсхарарчу бахархоша латкъам бина, цхьацца бахьанашца, школашкахь ахчанаш дохуш хиларх а, "Фирдаус" фирмера дешархойн духар шайга оьцуьйтуш хиларх а лаьцна, яздора "Кавказский узел" интернет-ресурсо. Амма Нохчийчуьрчу Iедалша а, республикан дешаран министралло а харцдира иза, даим а санна.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG