ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Талораш лелийначу шина нохчочунна таIзар дина Мордовехь


Нохчийчуьрчу шина вахархочун хьокъехь Мордовехь кхело сацам бина. "Талор дар", "Шена луъург лелор", "Бакъо йоцуш наркотикаш эцар, латтор" аьллачу артиклашкахь бехке а веш, колонехь даккха 2,5 шераш хенаш тоьхна цу шинне а.

Талламчаша чIагIдарца, стохка Гезгамашин-баттахь таIзре хIоттийна шиъ, оцу заманчохь Москвахь вехаш хиллера и шиъ, шайна евзаш йолчу зудчун дехарца Мордови а веана, цуьнан хиллачу везаро, Узбекистанерчу вахархочо, кхуьнгара духалург эцна ах миллион сом схьадаккха гIоьртинера.

Мордовин чоьхьарчу гIуллакхийн министралло хаам барехь, скотчаца дIа а вихкина, урс хьокхур ду бохуш, кхерамаш а туьйсуш, итун шнурца цуьнан садукъон хьийзинера и шиъ.

Цул совнах, цхьахволчо тIехь ницкъбийр бу бохуш, кхерам а тесна, цуьнан кисанара ворхI эзар сом даьккхинера.

Iазапе хIоттийначун ка яьллера полици кхайкха. Дийцарехь, и шиъ лоцучу заманчохь цхьаъ наркотикаша вахийна а хиллера.

  • Стохка Лахьан-баттахь Петарбургехь шен петарара лаьцна дIавигинера Нохчийчуьра веана веха 21 шо долу Абдылхаисиев Мансур. Меттигерчу "5-гIа канал" телевизионо дийцарехь, харцхьа леларна бехктакхаман дов айдира цунна дуьхьал. Лацале чекхъяьллачу буса цо социалан машанашка видео хIоттийна хиллера, "Лада Приора" машена чуьра, ша гIалин полицин урхаллина уллехула тIехволучу юкъанна, корах ара а яьккхина, маса-топ етташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG