ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчуьрча "коллекторш" олучу белхахоша 20 петаран неIарш йохийна Петарбухехь. Эшам хилларш бу Невский кIоштара бахархой. Зазадоккху-беттан 25-чу дийнахь шайн петаршна чура ара ца бовлалуш бисинера уьш, яздо "Фонтанка" сайто.

Церан неIарийн догIанашна чу гIишлош еш лелон чопа тоьхна хиллера, "Виктория цIе йолу зуда 100 000 сом декхарелахь ю" аьлла, телефон а юьтуш, хаам а битина.

Бахароша телефон тоьхча, иза схьаэцнарг хилла Муслим цIе йолу стаг. Эххаре гучудаьлларг ду декхарш схьалахьо компани “Терек” хилар а, и "гIуллакх" динарш оцу Муслисан белхалой хилар а, ткъа ша компани, Петарбухехь болх беш ялахь а, Соьлж-ГIалахь кхоьллина хилар а.

"Фонтанка" сайто дийцарехь, зе хиллачу наха латкъам бина полице.

XS
SM
MD
LG