ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Колонешкахь ницкъбарх керла кхин а видеоархив шега кхачарх дIахьедина Gulagu.net проектан авторо


Gulagu.net проектан автор Осечкин Владимир а, цуьнан информатор Савельев Сергей а
Gulagu.net проектан автор Осечкин Владимир а, цуьнан информатор Савельев Сергей а

Бакъоларъяран Gulagu.net проект кхоьллинчу Осечкин Владимира хаамбина, оьрсийн колонешкахь тутмакхашна тIехь ницкъбарх, шинарин дийнахь шен информаторан Оьрсийчуьра араяккха аьтто баьлла керла видеоархив шега кхачорах. Осечкина дийцарехь, 2016-чу шарера 2019-чу шаре кхаччалц Красноярскан а, Приморскан а кIошташкарчу а, Забайкальерчу а колонешкахь дIаязйина хилла 200 гигабайт видеош ю диска тIехь.

Шен дIахьедар дина бакъоларъярхочо, Осечкина чIагIдарца, Франци доьдучу кемана тIехь информаторо архив арайоккхучу заманчохь, оцу юкъанна лайнер "Оьрсийчоьнна тIехула доьдуш хилла". Оьрсийчоьнан Iедалхоша ян тарлучу провокацех ларлуш дина ша иштта аьлла, кхетийна Gulagu.net проектан авторо.

Осечкинан дIахьедарца а догIуш, керлачу видеоархивехь къаьстар ду, гIело еш дакъалоцуш ФСБ-н белхахой а цхьана хиларх.

Хьалхо Оьрсийчуьра дIавахначу Осечкин Владимира ГIадужу -баттахь дIахаийтира, оьрсийн набахтешкахь тутмакхашна тIехь Iазап латторах видеоархив шен каракхачарх. Хьалхо ФСИН-нна болх беш хиллачу програмисто Савельев Сергейс кхачийнера цуьнга и материал. Архиван цхьа дакъа зорбан гIирсашкахь даржийра, Европан къизаллашна дуьхьалояран комитете а дIакхачийна.

ЧIагIдарехь, оьрсийн къайлахчу сервисаша оцу файлех пайдаоьцуш хилла компромат санна, таIзар динчу нахана шантаж ян а, шайна оьшу мукIарло цаьргара даккха а.

Архив зорбане яьккхинчул тIаьхьа Талламан комитето масех бехктакхаман гIуллакх диллира, шайгарчу бакъонел совбийларна масех ФСИН-н белхахочунна, ткъа Саратоверчу ФСИН-н куьйгалхочо Федотов Алексейс шегара дарж охьадиллира. Оцу юкъанна Оьрсийчоьнан ФСБ-но а, чоьхьарчу гIуллакхийн министралло а дIахьедира, Савельев Сергейна экстрадици яйта, кехаташ кечдеш ду шьаш аьлла. Цунна тIаьххье Gulagu.net проект вовшахтоьхна Осечкин Владимир а федералан лехамашка велира. Бакъду, эххар а прокуратуро юхаийцира хьалхарниг лаца бина сацам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG