ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тутмакхашна тIехь гIело хьоьгуьйтуш видеош нахалаевллачул тIаьхьа 18 ФСИН-н белхахо балхара вохийна Саратовн кIоштахь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Саратовн кIоштарчу таIзар кхочушдаран федералан урхаллан (ФСИН) 18 белхахо балхара дIаваьккхина, кIоштарчу набахтехь тутмакхашна тIехь къизаллаш лелош гойту видеош зорбане яьхначул тIаьхьа. "Шога дисциплинин жоьпалла" тIедожийна 11-нна. ФСИН-н куьйгалхочун декхарш кхочушдечу Ефаркин Антона бина цунах лаьцна хаам, яздо "Интерфакс" агенталло.

Набахтен дарбан цIийнехь а, кхечу колонешкахь а чохь бахкочарна тIехь ницкъбеш, уьш хьийзош дIаязйина видеош дуьххьара нахалаехира байначу баттахь, кхин дIа а материалаш зорбане йохуш ю. Gulagu.net проектан бакъонашларъярхошка таIзар текхначу программисто Савельев Сергейс кхачийна уьш бохуш, чIагIдо. Набахтехь ФСИН-н машанаш лелош хилла ву иза.

Бехкзуламан гIуллакхна тIехула лаца кхайкхийна иза, белхан къайле лору информаци Iораяккхарна.

Хетарехь, Iазапашкахула чекхваьлла хила тарло бIеннашкахь тутмакхаш. Бехкзуламан пхи гIуллакх диллина.

Gulagu.net проект кхоьллинчу Осечкин Владимира диллина кехат яздина Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран цIарах, Iазап хьегийтар талла а таллий, царна бехкеболчарна луьра таIзар де аьлла.

Путинан пресс-секретаро Песков Дмитрийс дIахьедина, хиллачух лаьцна дуьйцуш, Инарла прокуратуро шен талламаш болийна, церан жамIашка хьежа еза Кремль аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG