ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Набахтешкахь нах хьийзорах видеорхив Gulagu.net дIаелларг лаца кхайкхийна Оьрсийчоьнан Iедалхоша 


Gulagu.net проектан куьйгалхо Владимир Осечкин, церан информатор Савельев Сергей а
Gulagu.net проектан куьйгалхо Владимир Осечкин, церан информатор Савельев Сергей а

Оьрсийчуьрчу къайлахчу сервисаша а, чоьхьарчу гIуллакхийн министралло а лаца кхайкхийна Gulagu.net проектан информатор Савельев Сергей. Иза лаца а, цунна Оьрсийчу экстрадици яйта а кехаташ ду вовшахтухуш. Gulagu.net проектан куьйгалле чоьхьарчу гIуллакхийн министралло информаци бакъйина.

Шен телеграм-каналехь яздо Gulagu.net проект кхоллинчу Осечкин Владимира:

"Ницкъ бен конвейер гучуяьккхинчунна "баркалла" олучу метта - иза лехамашка а велла, лаца хьийза, хIуъа дина а Оьрсийчу иза юхавало. Оьрсийн ницкъахой шаьш шайна нахалабуьйлу, адамаллина дуьхьал лелийна къизаллаш дуьненна дIайовзийтинчун Iа лакъон а гIерташ. 100 процент - политикан сацам бу иза, оцу гIуллакхана санкци елларг Путин Владимир ву. И ду цара тхуна делла жоп. Бакъдерг мел дуьйцург чуволла лууш бу уьш, политикан Iалашонашкахь сов буьйлу шайгарчу бакъонел а.
РогIера Интерполехла схьавоьхур ву цара иза. Оха а кехаташ хьовсор ду Интерполе, хьоьхур ду оцу дуьненаюкъарчу организацина мораторий кхайкхайе аьлла, Оьрсийчоьно Интерполохь дакъалацарна, федералан таIзар кхочушдаран урхаллехь а (ФСИН), йоллу талламан-кхелан системехь а реформа яллалц а, лецначарна а, тутмакхашна а дуьхьал Iазапан конвейерх пайдаэцар сацадаллалц а.

ХIаъ, Сергей оха царна дIалур вац!".

ГIадужу-беттан юьххьехь Gulagu.net проекто зорбане ехира Саратовн кIоштарчу ФСИН-н туберкулезан дарбан цIийнехь тутмакхаш хьийзош, сийсазбеш, царна тIехь къизаллаш лелон видеош. Дарбан цIийнан куьйгалхой балхара дIабехира, масех бехктакхаман гIуллакх а долийра.

Бакъонашларъярхошка видеоархив дIаеллера Беларусин вахархочо, программисто Савельев Сергейс. Видеокамерашна тIехьожуш администратор хиллера иза Саратовн кIоштарчу ФСИН-н туберкулезан лазартнехь, наркотикаш дехьаяхарна бехкевина, исс шо хан а токхуш.

Оьрсийчуьра дIавахара Савельев, цо политикан тховкIело ехна Францига.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG