ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Контакт йоцучу латаран говзанча". Стенна хьажийна Кадыровс кIант летаршна юкъа?


Absolute Championship Akhmat лигин ийначу латарийн турнирехь ву Кадыров Эли. Чимаев Хьамзатан инстаграмера сурт
Absolute Championship Akhmat лигин ийначу латарийн турнирехь ву Кадыров Эли. Чимаев Хьамзатан инстаграмера сурт

16 шо долчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан кIанта Элис куьгйаздина ийначу кепехь латарийн лигаца юкъарло лело. ГIуран-баттахь толам баьккхира цо шен дуьххьара хиллачу профессионалийн латарехь, хIинца ши бутт а бу иза Дубайхь а, Таиландехь а UFC-н чемпионца Чимаев Хьамзатаца а, иттаннаш кхечу мехкашкара спортхошца а Iаморашкахь волу. Билггал цунах профессионале спортхо ван гIерта-те Кадыров Рамзан, редакцино хеттарш динчу эксперташна тамашен а хIунда ца хета и?

Кадыров Эли а, Чимаев Хьамзат а

ГIуран-беттан юьххьехь Нохчийчоьнан урхалхочун 16 шо долу кIант Кадыров Эли Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмираташка дIавахара, цул тIаьхьа говзалла йолчу ийначу кепехь латарийн спортхошца цхьаьна Таиланде. Политикан кIантана улло бевлла бара масех иттанашкахь нах. Мехкан куьйгалхочо юкъайаьккхинчу Absolute Championship Akhmat лигехь леташ болу Нохчийчуьра латархой хилла ца Iаш (Дудаев Iабдурахьман, Сулейманов Алихан, Магомадов Висхан), кхечу мехкашкара векалш а бара. Масала, америкахойн UFC-н экс-чемпион Гарбрандт Коди, британхойн вахархо волу Дагестанера схьаваьлла Мокаев Мухьаммад, шведахойн гуьржех волу латархо Кутателадзе Гурам, латвихо Скриверс Эдгарс, Францера Буафия Илиан, Узбекистанера спортхой – Якубов Фуркатбек а, Ахтамов Мирафзал а.

Тренировкашкахь Кадыров Элин коьрта партнер ву цуьнан ден гонашкара нохчо, UFC-н латархо, Шведин вахархо Чимаев Хьамзат. Цо а, Кадыровн кIанта а шайн социалан машанашкахь масех иттаннашкахь суьрташ хIиттийра Дубайхь а, Таиландехь а даьхна – цхьадолчу суьрташ тIехь бу иштта Элин вежарий Ахьмад а, Адам а, уьш а хилира Дубайхь церан Iаморашкахь.

Зорбане йаьхначу видеошца, Кадыров Эли баккъал а латаршца безам болуш ву. Цуьнан тоьшалла до цуьнан карьерехь дуьххьара хиллачу профессионалан латаро а.

ГIуран-беттан 24-чохь Кадыров-жимахверг ийначу кепехь латарийн Absolute Championship Akhmat (АСА) лигин турниран гурашкахь ринге велира. Лига йиллина 2019-чу шарахь Соьлжа-ГIалара латархойн "Ахмат", "Беркут" ши клуб вовшахтоьхна, оцу юкъанна "Ахмат" клубан президент вара карарчу хенахь Нохчийчоьнан вице-премьер волу Висмурадов Абузайд. Промоушенан долахо ву аьлла хIинца билгалваьккхина Хасиев Майрбек 2007-чу шарахь Кадыров Рамзана медико-социалан экспертизан институтан куьйгалле хIоттийнера иза. АСА-н президент ву экс-спортсмен, тренер Яценко Алексей.

Кадыров Эли, архивера сурт
Кадыров Эли, архивера сурт

Дуьххьарчу Кадыров Элин латарехь тренер вара Чимаев Хьамзат, ткъа цуьнца цхьана тасалуш вара 17 шо долу Акбаров Ислам. Хьалхо Iемаш вара иза лата армин куьйгалатарехь (АРБ), Москвана гергарчу Серпухов гIалигахьа. Доккхачу декъанна, стохка дечкен –баттахь Акбаров туьйлира Ерригоьрсийчоьнан Костромахь хIоттийначу турнирехь, ткъа зазадокху-баттахь туьйлира Оьрсийчоьнан АРБ-н Сочихь хиллачу турнирехь.

Кадыровца латарехь Акбаров кхаа раундехь ийшира – суьдхочо сацийра латар техникан нокаутна тIехула. Билгале ду кхузахь, хьовсархой резабоцуш бисар – ютьюбехь хIоттийначу трансляцина бухахь комментарешкахь йаздора, шаьш Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIантах "контакт йоцучу латаран говзанча" аьлла, нагахь санна Акбаров тоьллехь а, цунна кхерам лаьттара аьлла. Элис дIахьедира, спортан карьера кхин дIа а йахьа лаьа шена, карарчу заманчохь кхин а цкъа лата дагахь ву ша аьлла.

Баьккхинчу толамах Кадыров Элина совгIат дина йа ца дина, хууш дац.

Бонус а, контракт а

Хенал а хьалха нохчийн лигехь толам баккхарна Кадыров Элина бонусан баллаш кхечира, дукха хьолахь контрактна куьгйаздазчу спортхошна луш йац уьш – оцу цхьанацадаран тергойира "Вестник ММА" ютьюб-каналан авторо АСА-н лигин вице-президентаца Бадаев Асланбекца хиллачу интервьюхь.

Жоп лучу Бадаевс дIахьедира, Акбаровца леттачул тIаьхьа Кадыров Элис лигаца контрактна куьйг таIийра, рингехь летар волуш ву иза аьлла.

"Вай кхеташ хила деза, дуьхьал лаьтташ [рингехь] верг а изза кIант хила везаш хиларан, изза кечам а бина, цуьнан хеннара. Кадыров Эли шен некъан юьххьехь ву, хан оьшу", - элира Бадаевс.

Absolute Championship Akhmat лигехь Кадыров Элин профессионалехь латар дуьххьара хиллехь а, дуьххьара арени тIе ваьлла иза 2016-чу шарахь, шен 9 шо долчу хенахь. Цо а, цуьнан шина вешо а – 8 шо долчу Адама а, 10 шо долчу Ахьмада а толам баьккхира Grand-Prix Akhmat 2016 турнирехь. Цунах лаьцна инстаграмехь дIахьедира церан дас Кадыров Рамзана – цо тергойинера царна тIехь, ткъа летарш гайтира "Матч ТВ" федералан канало.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун воIарийн гIарайаьлла спортан карьера сацон дийзира хIетахь – берийн летарш тергоне эцнера федералан Iедалша. Берийн омбудсмено Кузнецова Аннас тIедиллинера спортан министраллина талламбар. Турнирана критика йира иштта ийначу кепехь латарийн Федерацин президенто Емельяненко Федора, оцу тIехула оьгIазвахийтира Нохчийчоьнан парламентан спикер Даудов Мохьмад.

2020-чу шарахь Кадыровн воIарша дакъалецира Соьлжа-ГIалахь хIоттийначу "Время Легенд-5" боксерийн турнирехь. Цигахь а толам баьккхира цара. Тренировкаш йар хIетахь а дIа ца тесира Элис, Ахьмада а Адама а, церан социалан машанехь мах хадабойла ю цуьнан. 17 шо долу Кадыров Ахьмад стохка Оьрсийчоьнан берийн а, кегийрхойн а боламан регионалан куьйгалхо хIоттийра, кху чиллан-баттахь къаьстинчу кабинет чохь шен дуьххьарлера кхеташо а дIайаьхьира цо. 15 шо долчу Кадыров Адаман инстаграмера агIо листича, дукха хьолахь герз кхосар дезаш ву иза. Жигара тренировкаш дIахьуриг цхьа Эли бен вац.

Ден лаамаш

Кадыров Рамзан спортан тIеман кепаш йезаш хиларх кIезиг ца дийцина – изза хазахеташ ву цуьнан кIант Эли а. Масала, Кадыров-воккхахверг боксан чемпионан Тайсон Майкан фанат ву. Иза масийттазза Нохчийчу веара – шен автобиографихь хьахийра Тайсона, цига вогIург ахча деллера шена аьлла. КадыровгIеран доьзалца уьйраш латтайо спортхочо – 2022-чу шарахь Эли декъалвира цо видеозIенехула винчу денца.

Ден а, кIентан а интересаш цхьаьнайар хила тарло, профессионалан латархошна юкъахь Кадыров Элина меттиг кечбеш хиларца аьлла, тешна ву Нохчийчоьнан куьйгалхочун критик, жигархо, бакъоларйархо Янгулбаев Абубакар. Цунна хетарехь, спортехь цхьана а кепара кхиамаш боцчу Кадыров Рамзанна шен кIантехула кхочушбан лаьа шен лаамаш.

Билгала ду, ши шо хьалха Кадыров Рамзан ринге ваьллера – бакъду, цIахь тренировкаш йечу хенахь, цунах лаьцна кест-кеста дуьйцура цо. Цуьнца спаррингехь хилира, масала, Чимаев Хьамзат а. ТIаьххьарчу шерачохь оцу тайпа цхьана а кепара видео зорбане йаьккхина йац Кадыровс.

Бат йохош, куьйгаш-когаш кегдеш самукъадолу цуьнан

"Рамзан агрессиве спортех ловзуш ву. Латар а дац иза, йа дзюдо а йац. Бат йохош, куьйгаш-когаш кегдеш самукъадолу цуьнан. Цундела цуьнан урхалла дар доьзна ду ницкъбарца а, нах байарца а. Джунглихь паччахь ву ша бохуш, иштта тоьшаллаш до цо. И бохург ду, ницкъаца бен авторитет йаккха ца ло аьлла цунна хеташ хилар", - боху бакъонашларйархочо.

Оьрсийчоьнан политолог Крашенинников Федор тешна ву, "исламан паччахьан Iедал долуш, шена луъург ден, "Тысяча и одна ночь" туьйранера ша урхалча ву аьлла" Кадыров Рамзанна хеташ хиларх. Цунна тIетов Прагерчу Карловн университетан профессор Аслан Эмиль а.

"Меттигерчу культурин башхаллашца а догIуш, кIентан сий цуьнан майраллица а, доьналлица а ду. ТIаьххьарчу хенахь Рамзана шен ницкъ мел берг до, шен гергара нах цхьа чIогIа бу, майра бу бохуш дIагайтархьама. И схемаш дукха хьолахь доллу дуьненара Султанан рожийн дIакъасталур доцу дакъа хилла дIахIоьттина, къаьсттина даьржина хуьлу уьш, доьзалехь шен тIаьхье урхалле хIоттон кечвеш цхьаъ хилча", - элира профессоро.

"Суна аьлла хета, Кадыровна политика – ца ваьллачу денна лелон дезарг ду, ткъа коьртаниг – шен доьзалца, доттагIашца Iедалх а, ахчанах а самукъа а долуш хан йаккхар, и ду цо дийриг а. Лаьий кIантана спортхо хила – хир ву. ЙоIана модельер хила лиин – хили. Вайна хетарехь, кIант спортхо хилар башха "эхI" аьлла дацахь а, Кадыровна а, цо къахьоьгучу оцу публикина а и чIогIа доккха хIума ду", - тешна ву Крашенинников Федор.

  • БерхIийтта шерашка бовлаза Нохчийчоьнан куьйгалхъочун воIарий Эли, Адам, Ахьмад Дубайхь машенийн урхалла деш боьлхуш хаабелла. ОАЭ-н Iедалхойн сайтехь болчу хаамца, пачхьалкхехь машен лелон бакъо йаккха берхIийтта шаре ваьллачун бен йац,карахь бакъо йолчун бен йиш йац машен лело.
  • Украинана дуьхьал беш тIом боллушехь, Оьрсийчоьнна дуьхьалйаьхна дуьненаюкъара санкцеш а йоллушехь, гурахь Соьлжа-ГIала веара америкахойн кхоъ UFC-н спортхо: Камару Iусман, Джастин Гейджи а, Генри Сехудо а. Гуьмсерчу Оьрсийчоьнан спецназан университете бигира уьш, цигахь тIамтIе бахале хьалха кечбеш бу лаамхой олурш. Йаккхий тоьпаш кхийсира цара цигахь, цул тIаьхьа спортхойх цхьаннан дийзира шен фанаташна хьалха бехказавийла. Гейджис дIахьедира, берийн тойне веанера ша аьлла. Хетарехь, дуьйцург ду, лахьан-беттан 24 –чохь 15 шо кхаьчначу Кадыров Адаман вина де.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG