ГIалгIайчохь дIалаьцна республикан контролан-зерийн палатан куьйгалхо Белхороев Мустафа. Цуьнца цхьана Къоман гуламан депутат Алиев Микаил а, гIишлош йоттархо Зязиков Тархан а лаьцна.
Белхороев, Алиев герз лелорна шеконашка лаьцна ву, чIагIдо lenta_ry инстаграм-каналехь, уьш лацаран видео гайтина цара. Наггахь бен ган йиш йоцу Калашникован пулеметан экземпляр карийна низамхошна Алиевгахь, тIаккха Белхороевехь – тIулгашца кечйина тапча, дуьйцу канало шен хьастанна тIе а тевжаш. Цул сов, хьакамера хьолаллин хIуманаш, еза машенаш схьаяьхна, тIаккха дерриг хьал антикурхаллин низамашца догIуш хиларца толлур ду.
Newstracker.ru порталан хаамашца, Белхороев, Зязиков, Алиев дIалаьцна уьш батIалхьаьжхошца уьйр йолуш хиларна (суфийн шейхан тIаьхьахIиттинарш бу буьйцурш, низамхошна хетарехь, цхьамогIа зуламаш лелийна цара. – Ред. билг.). Церан юкъараллехь куьйгалла деш хила мега цара, цIагIдо портало, низамшна юккъера хьастанна тIе а тевжаш.
Хьалхо тешашна тIе а тевжаш, Белхароевн хIусаме хьожуш бу аьлла хаамаш баржийра SKFO Times телеграм-канало. Ницкъаллин хьукматашкахь цуьнан официалехь тIечIагIдар дац.
- 2021-чу шеран зазадоккху-баттахь а, 2020-чу шеран товбецан-баттахь а Белхороев Мустафан хIусаме хьийсира. 2020-чу шарахь талламан барамаш цуьнан вешина, республикан Къоман гуламан депутатна Белхороев Якъубна дуьхьал дехкинчу бехкашца доьзна дара. 19 миллион сом дола даккхарна а, ГIалгIайчоьнан экстремизмана дуьхьало яран Центран куьйгалхо Эльджаркиев ИбрехIим вуьйш дакъа лацарна а шеконашка лаьцнера иза.
- 2021-чу шеран дечкен-баттахь Белхороев Мустафан кIанта Белхороев Алихана ша Эльджаркиев верца доьзначу гIуллакхехула дIалаьцначул тIаьхьа, ницкъахоша ша Iазапехь латтийна бохура. Оцу хьокъехь бехктакхаман гIуллакх кхин ца долийра.
- БатIалхьажойн куьйгалхо Белхороев Якъуб 2020-чу шеран товбеца-беттан 10-хь дIалецира. Цул тIаьхьа ГIалгIайчоьнан Къоман гуламан депутатан мандатех ваькххира иза, тIаккха "Единая Росиия" партера дIаваьккхира. Иза дIалаьцначул тIаьхьа вежараллин 12 декъашхочунна терроран юкъаралла кхолларна а, теракт ярна а бехкаш дехкира.
- "Единая Россия" партера республикан Къоман гуламан депутат хиллачу Белхороев Яхьян ваша ву Белхороев Мустафа. 2019-чу шарахь шен тIедолу ахча хьулдарна бехкбиллира Белхороев Яхьяна, тIаккха ши шо даьлча депутатан мандатах ваьккхира иза.
- БатIал-Хьаьжин бусалба вежараллина юкъахь ву 20 эзар гергга стаг. 19-гIа бIешо чекхдолуш, 20-гIа бIешо долалуш ваьхначу гIалгIайн шайхан Белхароев БатIал-Хьаьжин тIаьхье лору цара шаьш.
- 2019-чу шеран лахьан-беттан 2-хь Москвахь герз диттина вийра г1алг1ан ЦПЭ-н куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим. Цуьнца цхьаьна вийра , цхьахйолчу Москварчу клиникехь лоьран болх беш хилла цуьнан ваша а. Бакъоларъяран органашна хетарехь, иза веран бахьана дара гIалгIайн "Э" Центран куьйгалхо иза хилар а, батIалхьажойн цхьахволчу хьалханча -Белхароев ИбрахIим- верна иза бехкехетар а.