ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Къорза берет сийсазъяр". Росгвардехь нохчашца иккхина дов


Кадыровхой
Кадыровхой

ГIадужу-беттан 17-чохь "Комсомольская правда" газетерчу журналиста Коц Александра социалан машанехь хаам бира, къорза береташ лелон бакъо къовсучу эскархойн ловзаршкахь, нохчий декъахь а болуш, дов иккхина, аьлла. И информаци вуно сиха дIасаяьржира интернетехула, газеташкахула. Росгвардин хьаькамаша харцбира хаам, цхьаццаболу эскархой "сов чIиркъе" хьаьвзина хилар а къадош.

Юьйцу тIеман урхалла тIех къовлаелла еха - дукха яц хилларг довзуьйту информаци.

"Лерринчу ницкъашкара бIаьхой реза бац Ставропол-махкарчу "Тамбукан" центрехь къорза береташ йохуш дIабаьхьначу къовсамийн хотIанна. ГIаш некъ бан безачу меттехь Нохчийчуьра бIаьхой машенашца финише дIакхачо болийра церан накъосташа – къа стенна хьоьгуш ду?! Оцу харцоно цецбехира кхиболу эскархой, ца Iийра уьш бист ца хуьлуш. Лета хIиттина эскархой, видео чохь хезачу къамелашка ладоьгIча, дIасабаьхна довхой Росгвардин лерринчу ницкъийн коьртачу урхаллин буьйранчас, ша Семиляк Игора", – яздина журналиста Коца.

Цхьамма яьккхина видео а яржийна Коца: гуш бу цу чохь эскархойн духаршлахь леташ бохку нах, ахбIе гергга. Некъа тIехула хаьвдда боьлху уьш. Царна тIекхочу Iаьржа машен, чуьра араиккхина стаг ву конфликт ерзош.

Соьлжа-ГIалахь я "Тамбуканехь"?

"Тамбукан" центрехь ГIадужу-беттан 11-15 деношкахь официалехь къорза береташ лело бакъо йоккхуш, хаарш гойтуш вара 115 эскархо. Финале кхаьчна бIаьхой декхаре бара аренгахула 10 километр вада.

"Йисте кхача безачу новкъахь цхьа ирхе яра яккха езаш, минаш йоьхкина, кхераме йолчуха кечйина, дуьхьал хиш а долуш, цунах а, кхийолчу дуьхьалонех а чекхбевлира бIаьхой, герзаш а кхуьйсуш, акробатикан хьуьнарш а гойтуш. ТIаьххьара кандидатийн вовшашца хилира спаррингаш, толаме уггаре дика кечам бинарш кхечира. ХIораммо а рингехь латаран доьналла, ницкъ гайтира. Оцу муьрах чекх ца велира 38 бен", – йовзуьйту экзамен Росгвардин официалан сайто.

Кадыров Рамзана шен "ВКонтакте" машанерчу агIонехь декъалвина 7 нохчо-леринчу ницкъийн бIаьхо къорза береташ яхарна. Царалахь ву Росгвардин ОМОН-ан буьйранча Бисаев Анзор а, лерринчу ницкъийн (СОБР) "Терек" декъан куьйгалхо Лорсанкаев Сайди а, Кадыров Ахьмадан цIарах йолчу гIагIадиллинчу машенийн "Север" полкан, Соьлжа-ГIаларчу Рогвардин "Юг" батальонан бIаьхой а.

Иштаниг хилла дацара цкъа а… Иза эскар сийсаздар ду, кхардам бу. Къорза берет сийсазъяр ду

Масех сахьт даьлча хааман автора Коц Александра билгалдоккху, латар Ставрополерчу центрехь ца хилла, Соьлжа-ГIалахь хилла, цига экзамен дIаэца бахана инструктораш а болуш, олий.

"Тхан "Витязера" Соьлжа-ГIала бахана инструктораш бара уьш, нохчашкара экзамен схьаоьцуш. Цара шайн бIаьхой "Урал" машенашца буьгий, хьалхабохура, кхидIа ида буьйлалора уьш. Вайнчара боху: "Аш хIун леладо, шун хьерадевлла? " Цара уьш юха а "Урал" тIе хийшабо, хьалхабоху цхьа-ши километр, охьабиссабо. СадоIуьйту цаьрга… Вайнчара видео яьккхира, вуьйш лата чухьаьвдира. ГIурт бара цигахь. Иштаниг хилла дацара цкъа а… Иза эскар сийсаздар ду, кхардам бу. Къорза берет сийсазъяр ду", – боху яьржинчу цхьана аудио чохь ницкъхойн бIаьхочо.

Цо билгалдоккху къовсамехь 20 инструктор а, 200 Нохчийчуьра эскархо а хилар. Конфликт йоьдуш "кочабахара", "хьажийра", боху, инарла Семилякна.

"Семиляка ша юьстахваьккхира и (довхо – ред.) дерриг дирзича, могIара дIахIоттийтира. Юха волавелла дIавахара. Семиляка дукха харцона чекхйовлийтира. Политика бахьанехь, шегара дарж дожарна кхоьру, ахчан дуьхьа лела. Суна ца хаьа, цара цунна хIун лур ду аьлла. Ган а гуш, цаьргахьа велира", – дуьйцу кхечу аудиохаамехь.

Экзамен тергалъеш Iийна шаьш бохучара дуьйцу, Кадыровс шен бIаьхошна, экзаменах чекхбевллачарна, миллион соьмаш лур ду аьлла. Хаамийн гIирсаша яздарехь, девнехь жигара дакъалаьцна "Терекан" буьйранча лаьттинчу, хIинца ницкъаллин дакъошна тIехьожучу вице-премьера Висмураов Абузайда.

Дов иккхинчохь " Кадыровн гергара стаг" а вара, боху аудио чохь. Гарехь, вуьйцург ву эскархойшна говзалла Iамочу "Терек" центран буьйранча Кадыров Iабдул-Керим, мехкан куьйгалхочун девешин воI.

БIаьхоша дIайоху шайн береташ

Росгвардин официалерчу векала Грибакин Валерийс, хилла яц цхьа а конфликт, аьлла "Известия" газетехула, "амал гайтар бен, хилла хIума дац, ницкъ берг тоьлла, даима а санна, толамхой ас декъал а бо".

Оьрсийчуьрчу уггаре а коьртачех йолчу РИА Новости агенталло хаам арахецна даьллачу девнах лаьцна, "Цара Iехийна: къорза береташ бахьанехь долу къаьхьа бакъдерг" яра материалан цIе. Амма тIаьхьо и цIе, хийцина, къадйира, ткъа хьалхалераниг йисина кешехь.

Буьйса чекхъяьлча, Iуьйранна, 250 комментари язйира конфликтан декъа нисбеллачара, цара бакъбо хиламна резабоцурш

Росгвардин куьйалла гIиртина конфликт йижо, боху анонимехь висинчу "500-й" шех олучу тIеман хаамийн проектан шолгIачу авторо.

"Тхоьца зIене ваьлла Росгвардера массийтта бIаьхьо. Дерг талла а теллина, оха сацамбира хьал довзийта. Росгвардин куьйгалла хилларг дижо гIиртинийла а хаьа суна, ша конфликт йижорал а совнаха. Хаам арахецна буьйса чекхъяьлча, Iуьйранна, 250 комментари язйира конфликтан декъа нисбеллачара, цара бакъбо хиламна резабоцурш", боху журналиста.

Цо бакъдо конфликт яьлла хилар, бакъдо иза араяьккхинчу масех видеоно а.

"Нохчийчуьрчу Росгвардин хаарш мехе дахкалур дац соьга, со говзанча вац, амма иштаниг юьхьаръэцча, ала ду, кхечу регионашкахьчул ледара Iамабо цигахь бIаьхой. Видео хьажча го, масала, гIишло йоккху Iаморан барамехь ледара гайтина шаьш эскархоша. Реферис, ша цхьаъ юкъарвоккху, олу, эццахь нах чухьаьлха цунна. Кхиболу бIахой боьлу, нах толамах баккхийбечу юкъанна", – боху эксперта.

Цо билгалдоккху кхиболу эскархой, 604-чу "Витязь" центран декъашхой, оршотан дийнахь дуьйна охьатосуш бу шайгара къорза береташ, бохуш.

Экзаменехь кийтарлонаш лелорал совнаха, Нохчийчуьра ницкъхой, береташ баьхнарш, Росгвардера ламаст лардеш, гора а ца хIитира, боху эпсарша (хаам баржийна оцу хьокъехь Къилбаседа Кавказан тIеман гонан "СКФО Telegraph" телеграм-канало).

"Хьашт дац деза хабарш дийца, доцург десто. Къаьсттина социалан машанашкахула. ПарггIат листа деза хилларг. Иза эскаршкарчу "Къорза беретийн" кхеташоно луьстур ду, бовзуьйтур бу хилла сацам", – аьлла журналисташка "Къорзачу беретийн "Витязь" дакъойн" ассоциацин куьйгалхочо Лысюк Сергейс.

ШолгIачу дийнахь яьккхинчу видео чохь (ютьюб-канал War Gonzo, ГIадужу-бутт, 18) Люсюка бакъ ца до экзаменехь летта бохург, яьржинарг фейк ю, олу цо.

Кадыровгара масал а оьцуш

Иккхинчу конфликт туьдийла ду Кадыровн Рамзанан кхетамехула, цуьнан приоритеташкахула, коьрте дуьллург, бIаьхойн хаарийн метта "титул" а, "сертификат" а юйла гича, - дуьйцу Кавказ.Реалиица хилларг зуьйчу " Исламан ойланаш" ютьюб-каналан автора Белокиев Ислама.

Бен а дац и береташ цаьрга муха кхочу, Кадыровн "толаман" новкъахь нисвелларг хьаьшна дIавоккха веза

"Оцу схемица схьаэцна гIерта нах "кехаташ" я "дипломаш", церан кхетамехь оцу документаша лакха йоккху церан статус, базбо уьш. Иштта Кадыров а гIерта дуьнентIехь мел йолу регалеш долаэца. Иза академик ву, боксан мастер а ву, тоьлла фермер а ву, Оьрсийчоьнан турпалхо а ву, иштта дIа кхиверг а ву", – боху Белокиевс.

Алссам къорза береташ яхар а ду дахаран оццу схемица. Цундела аьлла Кадыровс, телеграм-каналаша бахарехь, экзаменах чекхбевллачу бIаьхошна ша миллион соьмаш лур ду.

"Бен а дац, и береташ цаьрга муха кхочу, коьртаниг – уьш хилар ду. Ткъа оцу Кадыровн "толаман" новкъахь дуьхьал нисвелларг хьаьшна дIаваккха веза. "Паччахьа" (иштта олу Кадыровх цуьнан куьйга кIелхьарчу наха – ред.) ша магийча бен ца вахана Висмурадов девнца къестамаш бан", – аьлла хета Белокиевна.

Кавказ.Реалиин корреспондента дийхира тIеман журналисте Коц Александре комментари ялар, амма цо жоп доцуш дитира дехар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG