ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Косачев: Москох Нохчийчохь дина гIалат деш ю Украина


Косачев Константин.

Оьрсийчоьнан Федерацин кхеташонан дуьненаюкъарчу гIуллакхашкахула комитетан гIантдас Косачев Константина дIахьедар дина, Украинера Iедалш карарчу хенахь гIалат деш ду «Нохчийчохь конфликт» йоьдуш Москох дина долу аьлла.

Цунах лаьцна хаам бина РИА «Новости» агенталло. «Тхо, Оьрсийчохь дуккха а хенахь гIиртира тхайн территорин цхьаалла ларъян, тIеман ницкъах пайда а оьцуш, ас юьйцург Нохчийчоьнца хилла конфликт ю, и некъ харц некъ бара», - аьлла Косачевс.

«Оьрсийчоьнан Iедалша Нохчийчохь тIеман ницкъах пайда эцар а сацийна, меттигера бахархой террористаш а, сепаратисташ а бу бохург юхадаьккхича, царца къамелаш дан дуьйладелча, тIаккха оха юхаметтахIоттийра тхайн территорин цхьаалла»,- боху Косачевс.

«ХIинца тхан гIалат деш ю Украина», - аьлла Косачевс Финляндин тIеман комитетан гIантда йолчу Канерва Илккаца шен хллачу цхьаьнакхетарехь.

Канерва ю ОБСЕ-н инарлан секретаран дарж дIалацаре кандидат.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG