ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Краснодарехь велла карийна "криминалан авторитет" Бойцов Отари


Краснодарехь велла карийна "криминалан къу" лоруш хилла Бойцов Отари(Кублашвили). Криминалан авторитетан дакъа хааделла еххачу хеначохь полисхойх хьулвелла иза ваьхначу петарахь.

2018-чу шарахь Бойцов-Кублашвили хенал а хьалха колонера араваьккхира, букъан тIум талхарца доьзна. Оццу шарахь лехамашка велира иза административан тIехьажарх кIелхьарваларна а, криминалан тIегIанашкахь лаккхара "дарж" шена тIеэцарна а, яздира Lenta.ru гIирсо.

"Прайм Крайм" сайтан информацица, Отари – Краснодарера схьаваьлла ву, 2013-чу шеран Зазадокху-баттахь криминалан къу ву аьлла, тIечIагIвира иза номер 13 йолчу Мурманскан кIоштарчу набахтехь.

Хьалхо хаамашкахь яздора, Удмуртехь 11 шо хан тоьхна Нохчийчуьрчу къуьна Бекаев Iумарна аьлла. Кримимналан гонашкахь Уфимский Омар цIарца гоьваьлла вара иза.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG