ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Стенна хьедо Оьрсийчоьно къаьмнийн меттанаш?


Хасу-Юьртан (Дагестан) бахархой реза бац къаьмнийн меттанаш Iамор тIерадоккху низам Пачхьалкхан Думе арахецийта.

Оьрсийчоьнан къаьмнашца йолу политика емалйо меттанашна тIеIаткъамбар ца тайначу наха

Къилбаседа Кавказера бахархой дукха хан яра протесташка бовлаза, амма церан сий човхийна пачхьалкхехь меттанийн цхьабакъо лагIъеш гIаьттинчу боламо. Дукха хьолехь лехамашца гарадовлуш хуьлу къаьмнаш а, масала, гIебартой, балкхарой, цхьаьнакхетта шайн резадацар дIакхайкхош. Кхечу къаьмнаша а санна, шаьш реза дац школашкахь регионийн меттанаш Iамор берийн лааме а диллина дитийта, боху цара.

Ур-атталла Iедалца цхьаьна хуьлуш болу политикаш а, юкъархой а бевлла Пачхьалкхан Думин инициативана дуьхьал – масала, Дагестанан куьйгалхо лаьттинчу Абдулатипов Рамазана ира критика йина депутаташа айдинчунна дуьхьал.

Делахь а, тешнабехк бина Дагестанан парламенто резабоцучарна – иза реза хилла лаамехь мотт хоржуьйтучу низаман проектна, аьлла ша "кестта къаьмнийн меттанех долу низам тIеоьцур ду".

Гарехь, меттигерчу Iедалша я къобалдо Къилбаседа Кавказехь юкъархоша ден дIахьедарш, гуламаш, кхеташонаш, я уьш къар ца яло оцу Iедалшка.

Мухха а делахь а, го Iедаллий, халккъий цхьана даггара доцийла. Ткъа стенна эшна Кремлна шений, къаьмнашний юкъа и дов дилла?

Ша ницкъах эшна, гIорасиз го регионийн меттанаш охьатаIо арадаьллачу Оьрсийчоьнан Iедална. Федералан бюджетан таронаш гIелъяларе терра, маллуш бу регионийн элиташ карахь кхобу мукъ а, ткъа элитех шайх а бац тешам - сахьт дац уьш сепаратизмехьа дIакарча. Цундела ца еза Москох Iачу Iедална къаьмнийн шатайпаналла.

"Дешарх долу низам" хийца деза аьлла вовшахкхеттачу ялханнан тобанехь бу Москохара, Москох-махкара, Омск-махкара, Нохчийчуьра, Чувашера депутаташ.

Проекто массо а декхарево оьрсийн мотт Iамо, ткъа къоман меттанаш Iамор дуьту берийн лаамехь. Берах жоп лучо, я дас-нанас, деха деза школе шен беранна ненан мотт Iамор. Ткъа проекто бахарехь, и "дехар кхочушдийр ду, нагахь санна школин таро елахь". "Таро яцахь", ца Iамийча а йолу школа беранна цуьнан ненан мотт!

Юкъадоккхучу низам автор ша президент Путин ву ала а тарлуш хIоьттира сурт. 2017-чу шеран Товбеца-беттан 20-чохь хиллачу Къаьмнийн юкъаметтигийн Кхеташонехь цо элира: "Оьрсийн маттана кхочош йолу терго а, хан а лагIъян ца магаре терра, магадойла дац берашна, церан лаам а боцуш, шайн боцу мотт Iамо тIедожор а. Ас къаьсттина цу тIе берзабо Оьрсийчоьнан Федерацин регионийн куьйгалхойн тидам".

Амма мухха а дийцахь а, дац тоьшалла ненан меттанаша оьрсийн маттана хало йо ала.

Массо а агIор Оьрсийчоьнан Iедало къаьмнийн меттанашна дуьхьал кампани йолор дозуш хила тарло "дукха а къаьмнех лаьтта импери" декъаза хетарца. Лелачу санкцеша ахча-бохча лагIдеш хилча, кхерам бу мехкашкахь сепаратизм гIаттарна. Цундела оьшучух тера ду Iедална дешар куьйга кIел эца, унификаци максимуме яккха.

Нийса дуй-те Кадыровс гIалгIай бехказабийла декхаребар?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG