ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кремлана хьалхара балийта": Иттанаш шерашкахьчул а дукха нах эскаре кхайкха мега Нохчийчохь


Оьрсийчохь мобилизаци кхайкхор ю боху къамелаш доьлхучу юкъанна Нохчийчоьнан куьйгалхочо гезгмашин-беттан 14-хь республикера "1995-2004-чу шершкара бахархой гIадужу-баттера гIуран-батте кхачалц эскаре дIакхайкхар кечдар" цIе йолчу омрана кIел куьйг яздина. Дуьххьара бIаьргтоьхча иза формале кехат ду, тайп-тайпана хьукматийн эскаре кхайкхарехула болу болх нисбан яздина, амма Кавказ.Реалиица къамел динчу политологаша, бакъоларъярхоша а дIахьедо, эскаре дуккха а нах дIабига мегаш хилар – тIаьххьарчу шерашкахь дуьххьара.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо куьйг яздинчу омрано резонанс гIаттийна социалан машанашкахь – Iедало арме кхайкхаран йоккха кампани йолийна моьттура бахархошна. Цунна жоп луш республикан зорбанан министро Дудаев Ахьмада дIахьедира: "лерринчу тIеман операцица" (оьрсийн Iедало официалехь иштта олу Украинина дуьхьал бечу тIамах. – Билг.) цхьанне агIор доьзна дац и омра, иштта кехаташ шарахь шозза арахоьцу – гурахь а, бIаьста а эскаре кхойкхучу юкъанна. Амма министран дешнаша юха ца даьккхира Нохчийчуьрчу бахархойн кхерар.

"Белхан накъосташца леррина теллира оха и омра – рогIера ду иза. ДIакхойкхучу нехан дуьненна чубевлла шераш дIакхйкхар ду тамашена… Оьрсийчохь а, ша Нохчийчохь а эскаре кхайкхаран план шорйийр ю, йа яц – иза ю коьрта интрига. Цигахь тIаьххьарчу шерашкахь дуьххьара масех эзар арме вига тарло", - дIахьедина бакъоларъяран "Гражданин и армия" вовшахтохараллин куьйгалхочо Кривенко Сергейс.

Цо билгалдоккху, тIедилларца эскаре кхайкхина болу нах биъ бутт баьлча тIеман тийсдаларш доьлхучу меттиге бига мега.

"Иза даьржина дац, [рогIерчу хьолехь] уьш ца бига гIерта [тIаме]. Амма тайп-тайпанчу агIонашца – дехаршца, харц информацица, аьшпашца – эскаре бигначаьрга контракташ яздайта мега, тIаккха тIеман тийсдаларшкахь дакъа лацийта", - билгалдоккху Кавказ.реалиица къамелдинчо.

Арме бигарх Нохчийчохь ца хеза

Дуьххьара нохчий армех бигаран истори (къобалъянзачу Ичкерин зама дIаяьлча) сиха йирзира 2001-2002-чу шерашкахь. Эпсаршца даима девнаш латтарна, хьанал юург эшар, буьйранчийн омранаш кхочушдан дуьхьало яр, шайца цхьана болчаьрца конфликташ латтор – оцу дерригено а нохчий цIа берзийра. ТIеман дакъошкахь бунташ гIитточарна дуьхьалдаьхна бехктакхаман гIуллакхаш, тIаьхьо юхадехира.

18 шо долчу кегийрхочунна тIе Iаткъам бан атта ду. РогIера тоьпан дилха дIагулош ду

Масала, 2004-чу шарахь Нохчийчуьра верриг вигинарг 39 стаг вара. Амма кхузахь а шатайпа дара – верриг уьш республикехь тIеман декхарш дIахьош бара. ТIаьхьо регионерчу военкоматаша армехь хила декхареберш гулбора, иштта кхойкхура меттигерчу комендатурашка, прокуратуре, Нохчийчоьнан масех ярташкахь куптоьхна йолчу 42-чу дивизе а.

2014-чу шарахь Кадыров Рамзана дIахьедира, республикехь нохчий буьззинчу барамехь оьрсийн эскаре дIакхойкхур бу, аьлла. Масех эзар жимстаг вара вуьйцург. Амма таханлера де тIекхачалц оцу хаттерехула мел дийриг формелан кепехь хуьлура. Аьлча а, кегийрхой дIагулбар республикера тIеман дакъош дIадузархьама бен ца хуьлура.

Нохчийчуьрчу комиссариатерчу информацица а догIуш, 2018-чу шарахь сацамбира, республикерчу кегийрхой Майкопехь армех чекхбевр бу, иштта Владикавказехь, Волгоградехь, аннекси йинчу Севастополехь, Къилбан тIеман гонан юкъайогIучу кхечу гIаланашкахь а. Амма верриг республикал арахьа тIеман декхарш дIадахьа 70 стаг бен ца вахийтира 2018-чу шеран гурахь дIакхайкхинчу 500 кегийрхойх.

2021-чу шарахь гIардаьккхира Москван тIеман комиссаран Щепилов Викторан кехат, цо тIедожийра, Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а армех буьгучу нехан терахь шайн ма-хуьллу лахдар – "хьахийначу къаьмнийн векалшка тIеман кечам баран гIуллакхна Iаткъам ца байта". "2021-чу шарахь Къилбаседа Кавказера армех кхойкхучу бахархойн терахь лахдан" дезаш хилар дуьйцура кехатехь.

"Хьахийначу къаьмнийн векалш цахилча кхин а дика ду", - дIахьедира Щепиловс кехатехь. Зорбанашкахь и кехат фейк ю аьлча а, тIеман комиссаро ша арахецнарг харц ца дора.

Ахча дIа а лой, тIеман декхарш кхочушде

"Сайна гинарг олу ас, хьалха нохчий шортта армех ца буьгура, пачхьалкхан кхечу регионашкахь санна. Масала, со 2014-чу шеран гурахь а, 2015-чу шеран бIаьста а дIакхайкхича, оьшуш йолу процессуалан, лоьрийн а талламех чекхвелира со, тIаккха цIа вахара. Соьга официалехь а доцуш элира, тIеман декхарш дIакхехьа йиш ю 200 эзар сом делча. Суна иза тамашена хийтира: картол цIанъярна, бецана басар тохарна дуьхьа и ахча стенна луш ду, идейн принципаш ца хьехийча а", - дагайоуьйту шен дуьххьара армица хилла юкъаметтиг нохчийн бакъоларъярхочо Янгулбаев Абубакара.

Цо бахарехь, армех кхача луучу нохчашна кхин а цхьа аьтто бара – кхечу оьрсийн регионехь регистраци йар. Амма, къамелдечо бахарехь, декхарца эскаре вигийтарна дуьхьа иштта "ловзарш" лело луурш кIезга бара, юьйцург МВД-хь, Росгвардехь карьера яцахь – цига армех чекхваьлла ца хилча дIа ца оьцу.

Нохчийчохь дерриг магийна ду, иза шен низамца ехаш ю – Кадыровн цIарх долчу низамца

2016-чу шарахь пачхьалкхо ахча латтош болчу "Это Кавказ" гIирсано хеттарш дина, регионера кегийрхой армех чекхбовла стенна гIерта, аьлла. Доьзало Iаткъам бар, низамо декхаре вар доцург, дIакхайкхинчара хьахийра белхазаллех идар, контрактехула декхарш дIакхехьа аьтто хилар, иштта администраце а, ницкъаллин хьукматашка а балха хIотта тIеман билет оьшуш хилар а – уьш регионехь уггар тоьлла белхан меттигаш ю, лакхара алапаш а, мел оьшург а латтош.

Оцу хенахь "Это Кавказ" гIирсано 2015 шеран гурахь дIакхойкхучу нехан терахь гойту таблица арахийцира. Ерриг Оьрсийчохь церан терахь 147 эзар дара – йа эзар пачхьалкхан вахархочунна дуьхьал цхьа стаг. Кхарачойн-Чергазийчохь, Ставрополан махкахь, Къилбаседа ХIирийчохь и терахь ур-атталла жимма лакхара дара, Къилбаседа Кавказан йиссинчу республикашкахь тоал лахара дара – ГIалгIайчохь 0,85 дIакхайкхинарг эзар вахархочунна дуьхьал, тIаккха Дагестанехь – 0,5. Нохчийчохь оцу хенахь дIакхайкхира 774 кегийрхо – республикерчу эзар вахархошлахь 0,56 стаг ву иза.

Амма военкоматаша массо хенахь дуьззина кхочуш ца до армех нах дIагулбар, дIакхайкхинарш аьллачул а кIезга хуьлу. Масала, ГIалгIайчохь 2022-чу шарахь кхачамбацаршца йирзира дIакхайкхаран кампани – нах дIагулбар чекхдала кIира диссича, хьехийначу 200 стагах дIагулвинарг 30% бен вацара, дуьйцура республикера пачхьалкхан телехьожийло.

Муьлхха мах лой а, чекхдаккха

Нохчийчуьра армех кхайкхинарш "жим-жима" бен ца буьгу боху информаци тIечIагIйира "Кавказан къаьмнийн Ассамблейн" куьйгалхочо Кутаев Руслана.

"Нохчаша армех баха лууш аьрзнаш дича, царна сийсазаллин кепехь дуьхьало йора. Гайтаман кеп хIоттош цаьрга олура: царах тешам бац, Оьрсийн Федерацин ТIеман ницкъашкахь декхарш кхочушдан йиш яц церан. ХIинца хьал хийцаделла – Кремлана шена хьалхара балийта нах оьшу. Кхеташ ду, диллина и терахьаш дуьйцург ца хиларх, амма, суна хетарехь, Кадыровс шен лаккхарчу буьйранче дош делла, контрактхой тIаме хьийсор конвейере дуьллур ду ша", - боху Кутаевс.

Цуьнца а догIуш, къамелдечунна хетарехь, хьалх санна формалехь дIахьор яц кху шарахь кегийрхой дIакхайкхаран кампани.

БIаьста хиллачу дIакхайкхаро гайтина, военкоматаша тидам ца бо, дIагулбечийн бакъонаш ларъярехула

"Шеко йоцуш, цаьрца (Нохчийчуьрчу дIагулбечаьрца. – Билг.) "либералалла" лелор яц, контрактана кIел куьйг яздойтур ду, тIаккха харжамна хьалха хIоттор ву: ЧГТРК "Грозный" телехьожийлан камершна хьалха сийсазвар, Iазап латтор, хьийзор, йа тIаме хьажор. Кхеташ ду, 18 шо долчу кегийрхочунна тIе Iаткъам бан атта ду. РогIера шайна хьалхара кIелкхуьйсурш дIагулош бу", - боху нохчийн политолога.

"Кавказан къаьмнийн Ассамблейн" куьйгалхо тешна ву, шен Украинерчу амбицеш бахьанехь Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир "ерриг Оьрсийчоь кхалхарна кIелкхосса кийча ву, тIаккха цуьнан "гIашсалти" Кадыров [Рамзан] – берриг нохчий". Амма хаттар лаьтта, кийча буй оьрсий а, нохчий а Iожална кIел нисбала, чекдаьккхина Кутаевс.

"Нохчийчохь дерриг хила тарло, иза шен низамца ехаш ю – Кадыровн цIарх долчу низамца. Нохчийчоьнан куьйгалхо хIинца шеко йоцуш тIеман компанин куьйгаллехь ву, шена тIаьххье республика дIатекхош а ву, олуш ма-хиллара, хьалхалелхаш, шен махкахошка тIеман тийсдаларшкахь дакъа лацар тIе а дожош", - аьлла хета "Школа призывника" бакъоларъяран вовшахтохараллин куьйгалхочунна Табалов Алексейна.

Цундела регионера гурахь йолу дIакхайкхаран кампани керлачу кепехь хила мега, тешна ву къамелдийриг.

"Путинна шен муьтIахь хилар гайта гIерташ а, шен генна хьалхъевлла йоьлху амбицеш а бахьанехь Кадыров [дуккха а нах дIакхайкха гIортахь], тIаккха план тIех сов чекхяккха мега – ур-атталла могушаллица проблемаш хиларна федералан низамаша арме вахар дIататта бакъо луш хилар тидаме а ца оьцуш. Ерриг пачхьалкхехь бIаьста хиллачу дIакхайкхаро гайтина, военкоматаша тидам ца бо, дIагулбечийн бакъонаш ларъярехула", - билгалдаьккхина Табаловс.

  • Кавказ.Реалиино яздора, Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а регионашкара салти сих-сиха реза ца хуьлу Украинерчу тIамехь дакъа лаца, цигара юхабоьрзу уьш – тIаккха Оьрсийчохь балхара дIабоху уьш "тIеман декхаршна кийча бац", олий. Ишттачу хьоле нисвелира ГIебарта-БалкхаройчуьраРосгвардин 115 белхахо, Владикавказера 50 контрактхо а, Краснодарерчу ОМОН-н "Пластун" ротера 12 эскархо а. Ша дIакхайкхийна йолчу Къилбаседа ХIирийчуьра оьрсийн базера 300 гергга эскархочун аьтто белира, шайн лаамехь Украинера цIабахкарна жоьпаллина кIел ца нисбала.
  • Къинхьегаман а, белхийн а Федералан хьукмато кхоьллинчу пачхьалкхан белхан меттигийн "Работа России" базехь хIоттийна Ростован махкахь контрактехула тIеман декхарш кхочушдаре кхойкхуш 2075 белхан меттиг ю – пачхьалкхан ерриг регионашкахьчул а дукха ю уьш.
  • Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а регионашкара Украине хьовсо кечбеш салти лоьху Iедало кхайкхамашца а, хIусамашна тIе кехаташ леторца а; Дагестанехь гIудаш йиттина болу машенлелорхой сеца а беш, церан гIуданаш 50 эзарал сов ялахь "чIогIа хьоьху" царна военкомате бахкар. Машенан долахочун харжам бан йиш ю: контрактхочун кепехь тIамтIе вахар, йа доккха таIзарна кIел нисвалар.
  • ТIеман декхарш кхочушдан дуьхьал болу къечу доьзалшкара божарий пачхьалкхан гIоьнах дIахедабе, аьлла тIедиллина Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG