Оьрсийчоьнан Инарла прокуратуре хаам кхаьчна Интерполера, Владимирерчу кхелах ведда криминалан къу Абуладзе Леван, Сухумский Леван цIарца вевзарг, Испанехь лацарх.
"Абуладзе дIавоьхуш хаттар Испанин компетенте органашка дахьийтарх дерзо дагахь бу, 1957-чу шеран Дечкен-беттан 13-чохь Европан конвенцино дIаваларх магийначу хенаца а догIуш", - хаамбина Новости агенталле Инарла прокуратурехь.
Гезгмашин-беттан юьххьехь Испанин Къоман полицино хаам бира, Владимирехь шен хьокъехь кхелан процесс йолалучу юкъанна ведда криминалан авторитет Абуладзе Леван лацарх. Стохка Дечкен-баттахь къайлавелира иза Владимирерчу Октябрскан кIоштан кхелан гIишлочуьра, туалете воьду а аьлла.
Абуладзе лаьцна Барселонерчу аэропортехь, украинхойн харц паспортца пачхьалкха чувогIуш, хаамбина Испанин полицино. Гуьржийчоьнан полицица цхьаьна талламаш бина, лецира криминалан авторитет.
Оьрсийчохь Абуладзе Леван бехкевеш ву, "зуламхойн иерархехь лаккхара дарж караэцар" артиклехь. БархI шарера пхийтта шаре гергга набахтехь яккха хан кхачайо цо.
- 2020-чу шеран бIаьста маьршаваьккхира Сухумский Леван, амма Охан-беттан 17-чохь юха а лецира иза. Арахьара нелегалаш латточу куьпахь дIатарвира иза кхелан сацамца, тIаьхьо Оьрсийчьура араваккха. Чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовса Ваничкин Михаила куьйгъяздира, велла дIаваллалц иза пачхьалкхе ца вуьтучу сацамна.