ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Батукаев Iазиз набахтера аравалийтарна – набахте


Сагинбаева Динара
Сагинбаева Динара
Настоящее Время (Карара Хан)

Бишкеко лаьцна, изоляторе кхачийна, цомгуш ву аьлла, набахтера нохчо Батукаев Iазиз аравалийтина зуда - могашаллин министран гIовс лаьттина Сагинбаева Динара.

2011- 2014 шерашкахь Iийна министран когаметта Сагинбаева Динара. Иза лацарх йолу информаци яржийна гIиргIазойн "ИА 24.kg" а, "КирТАГ" а агенталлаша чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин хаамна тIе а тевжаш.

Криминалан гонашкахь авторитет ларалучу Батукаев Iазизна набахтера харцонца аравала аьтто барна бехкейо экс-министр.

2013-чу шарахь Нарын гIалин кхело хеназа набахтех мукъаваккха сацамбира Батукаев – герзаш, наркотикаш лелорна, нах гIовттамашка бахарна 16 шо дара цунна тоьхнарг.

Нохчо сихха маьршаваккха аьтто бинера лоьраша иза цIийца рак йолуш ву аьлла деллачу кехато.

Ткъа набахтера араваьлча, ма-воддара Бишкекерчу Манас аэропорте а кхаьчна, цхьаьннан доларчу кемана а хиина, Нохчийчу дIавахара Батукаев Iазиз.

Криминалан авторитет махкахваьлла сахьташ беш юкъа ца дулуьтуш, теллина, Iораяьккхира ггIиргIазойн Iедало Батукаев набахтех мукъавоккхуш динчу тоьшаллин къайле, даржийра, лоьраша йоцу диагноз хIоттина цунна аьлла.

2014 шарахь Интерполехула лаца кхайкхийра Батукаев. ГIиргIазойчуьра ведда Нохчийчу кхаьчна волу иза, дуьненна шех дерг ца хоуьйтуш къайлавелира.

Батукаев набахтера вадийтинчарна дов гIаттийра бехкечарна дуьхьал. Цхьа хан яьлча дIакъевлира иза. Делахь а, кхушеран юьххьехь шозлагIа а айбира талламчаша бехктокхуьйту болх.

Жоьпе ийзийна, лебеш ву харц диагноз хIотторна онколог Макимбетов Эмил, лаборант Цопова Ирина, махкара массийтта хьаькам, шайлахь депутаташ а, цул сов, ГIиргIазойчохь вице-премьер Iийна Атаханов Шамил а волуш.

Хьалхо ГIиргIазойчоьнан Лакхарчу кхелан куьйгалхочо Калиева Гулнарас элира ша Маршо Радиоца динчу къамелехь, криминалан авторитет Батукаев набахтера аравалийтар кестта листа долор ду кхело.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG