ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Лаамхой" санна Украине хьийсорхьама Нохчийчоьнан бахархой лоьцуш бу - бакъоларъярхой


Нохчийчоь, Соьлжа-Гала
Нохчийчоь, Соьлжа-Гала

Нагахь санна, шайн "лаамехь" Украинерчу тIаме баха дуьхьал хилахь бехктакхаман гIуллакхаш дуьхьал дохур ду бохуш, кхерамаш а туьйсуш, Нохчийчохь божарий сецош бу аьлла дIахьедина бакъоларъяран организацеша. Доккхачу декъанна, оппозицин 1АДАТ телеграм-канало хаамбина Нохчийчоьнан "кеп-кепарчу кIошташкара [лачкъийначу] бIе стагах".

"Цхьахйолчу къайлахчу набахти чохь, цигахь хиллачара дийцарехь, 100 стаг ву латтош. Кхечухьа – 30 стаг. Кхо-диъ де хьалха кхачийра иштта хаамаш. Йоллу Нохчийчохь лечкъош бу, олийла дац цхьана Соьлжа-ГIалахь йа цхьайолчу кIошташкахь бен и дац. Кадыровна хьалха хестабалархьама хьаькамаша мел а дукха нах лечкъабо, шайн лаамхой уьш хилийта Iалашонца аьлла, хетало,– дийцина 1АДАТ боламан куьйгалхочо Янгулбаев ИбрахIима Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь.

Хьалхо 1АДАТ телеграм-канало нахалаяьккхира ишттачу Iалашонца лаьцначу шиннан цIе – Хайтаев Ислам а, Хануев Минкаил а. Жигархойн информацица, уьш сецош бу Серноводскан РОВД-хь.

Бакъоларъяран "Вайфонд" ассоциацино дIахьедира, Украинана дуьхьал тIом бан бохуьйтучуьра кIелхьарбовла некъаш лоьхучу Нохчийчуьрчу бахархоша шайга гIо дехарх. Цигахь тIечIагIдира Кавказ.Реалиина, тIаьххьарчу заманчохь иттаннашкахь шайга хаамаш кхачарх Нохчийчуьрчу бахархошкара, шаьш бертаза тIаме хьийсош ду аьлла – бара царлахь заьIапхой а.

"Тхоьца зIене бевллачарлахь тхуна билггал бевзарш а бу. Ишттачу кехатна куьйгъяздайтинчу административан структуран белхахочуьнгара дехар а ду. Цкъачунна тIамтIе бохуьйтуш бац уьш, резервехь латтош бу. Шайн лааамехь Украине даха реза ду аьлла, цхьана а агIор бюджетан сфераца боьзна боцу наха куьйгаш яздина меттигаш бу.

И доцург а, уьш реза бац, нагахь санна, шайна чевнаш йина йа шаьш дайина меттиг хилахь, компенсацин барам билгалбоккхуш хиларна документаш тIехь, официалехь дIахьединчул а лахара бу мах", - хаамбина "Вайфондан" куьйгалхочо.

Къамелдинчо тIетуьйхира, Украинехьа нохчийн Шейх Мансуран а, Дудаев ДжовхIаран а цIарахчу батальонашкахь тIемаш бечаьрца зIе муха тосур яра шаьш, цаьргахьа довла бохуш, цхьаболчара хоьттуш хилар.

"Нах чIогIа кхерабелла. Тхоьца зIене бевлла дукхахберш кхоьру шайн цIе йовзийта, тIаьхьалонех кхоьруш", - билгалдаьккхира "Вайфондехь".

  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо кест-кеста видеош яржайо, "лаамхой" бу боху нах тIаме хьийсош – Кадыровн критикаша хьалхо чIагIдора, меттигера нах бертаза декхаребеш хиларх тIамехь дакъалаца, тIехула тIе ницкъаллин структурийн белхахой боцурш, шаьш тIаьхьадевлла лела нах а цхьана.
  • "Лаамхой" вовшахбетташ бу карарчу хенахь Нохчийчохь Оьрсийчоьнан кхечу регионашкарчу бахархошлахь а – Гуьмсерчу университетан спецназехь "кечвеш ву 200 гергга лаамхо".
  • Украинана дуьхьал тIамехь дакъалаца хьовсйначу кадыровхойн а, шайн лаамехь бахначийн а цIераш тIехь йолу тептар зорбане даьккхина Украинан тIеман министраллан иччархойн урхалло. Къаьстина, цхьаболу "шайн лаамернаш" Iедалан къизачу къепешкахь таIзарш дина хилар.
  • Кавказ.Реалиин долакхаьчна, контрактхой санна, дIаязло Украине тIаме даха бохуш, меттигерчу бахархошна агитаци ечу Краснодаран махкарчу Армавиран а, Новокубанскан а, Успенскан а кIоштийн тIеман комиссаран Юров Николайн хиллачу шина цхьанакхетарера видео.
  • 300 эзар сом дала а, алапа ца хадо а, белхан меттиг латтон а чIагIо йо царна дуьхьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG