1998-чу шарахь стаг лачкъорца доьзна таIзар деш сацам бина Ставрополан кIоштан кхело. Регионерчу Талламан комитето а, кIоштан прокуратуро а хаамбарца, луларчу махкара 52 шо долчу стагана исс шой ах шой хан тоьхна шогачу хьелашкарчу колонехь даккха. Бехкечун цIе а, къам а хьахош дац урхаллаша.
Талламан хаамашца, 1998-чу шарахь шен кхаа декъахочуьнца цхьаьна вуьйцучу стага лачкъийна хилла цхьахйолчу юьртбахаман организацин куьйгалхочун, хIетахь Ставрополан думан депутат хиллачун 19 шо долу кIант. Лачкъийнарг латтийна Нохчийчохь шаьш цунах доьху 73 эзар доллар каракхаччалц.
"Иза маьршаваьккхинчул тIаьхьа лаьцна хиллачу кхаанна хенаш туьйхира 1999-чу шарахь. Цхьана зуламхочун къайлавала аьтто баьллера. Талламхочо лехамашка веллера иза. Шен цIе а фамили а, ден цIе а хийцинера оцу стага, ша кхиэлах вер ву аьлла хеташ", - билгалдаьккхина Талламан комитетан хаамехь. Бехкехетарг децира 2020-чу шарахь Нохчийчуьрчу аэропортехь, белхан хьокъехь цхьанхьа воьдучу заманчохь.
- Стохка бехкевира Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Украинехь хилла векал Цицулаев Рамзан стаг вадорна а, нуьцкъала ахчанаш дахарна а, иштта баккхийчу барамашкахь ахчанашца курхаллаш лелорна а.
- Талламхойн версица, 2014-чу шарахь бизнесхо Закриев Iела лачкъа а вина, цуьнгара 100 миллион сом даккха гIиртинчу тобанца хилла ву Цицулаев Рамзан. 2014-чу шеран ГIуран-баттахь федералан лехамашка веллера Цицулаев. ТIаьхьо, Оьрсийчохь и стаг цахилар къаьстича, дуьненаюкъарчу лехамашка велира. 2017-чу шарахь дуьйна Москварчу СИЗО-хь латтош ву Цицулаев.