Дагестанерчу адамийн бакъонашкахула йолчу аппарато жоп делла Къилбаседа Кавказерчу зударшна гIо латточу "Марем" кризисан тобанан жигархошна. Хьалхо цара дехар динера Казанерчу шелтерера Сайгидгусейнова Iашат (шен жимачу йоIаца) а, Сайгитова ПатIимат а яран хьокъехь талламбар доьхуш, яздо Кавказ.Реалии портало.
Бакъоларъярхошна хетарехь, жима ши зуда лачкъийнера полицино, церан ден-ненан кара дIаяла - цигахь царна кхерам хила тарло аьлла.
Даийтинчу жоьпехь ду (редакцига кхаьчна кехат.- Редакцин билгалдаккхар.) аппарато хеттарш дахьийтинера Дагестанан а, ГIезалойчоьнан а прокуратуре, амма дуьхьал хилла жамIех лаьцна информаци кхачон, царех лаьцна персонале хаамаш гучубаьхна хиларна.
"Яйначу шина йоьIан шелтерца хIоттийна тешаллин кехат дара, хIетте а иза лоруш стаг а вац. Оцу зудаберашца дерриг а дика ду, аьлла, полисхой тешон, видео тIехь дIа а язйина, ган лаьа тхуна. "Бертаза", Тарамова Хьалиматца санна, сурт хIоттийнехь а, мегаш ду тхуна, и шиъ дийна-могуш хилчхьана", - аьлла "Мареман" жигархочо Анохина Светланас.
Кризисан тобано иштта дехарш дIакхачийна Оьрсийчоьнан омбудсмене Москалькова Татьяне а, Дагестнерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралле а. Цигара жоьпаш а цкъачунна кхачанза ду.
Анохинас бахарехь, жигархой кхин дIа а кеп-кепарчу урхаллашка яздеш схьабогIуш бу. Нагахь санна, яйначу шиан йоIах лаьцна хIуммаъ а хаа шайн аьтто ца кхачахь, и шиъ йийна хила тарло аьлла, шаьш дIакхайкхор ду, боху цо.
Сайгидгусейнова Iайшат а, Сайгитова ПатIимат а Дагестанехь ехара - Кикуни эвлахь а, Хасав-Юьртахь а. ЦIера еддера и шиъ, даим а шаьшинна Iаткъамбарна. Цара дийцарехь, етташ хиллера цу шинна, доьшуьйтуш ца хиллера, балха яха а, интерент лело а магош ца хиллера, ткъа церан дайша-наноша бертаза маре еллера и шиъ.
ГIадужу-беттан 18-чохь яйра ши йоI, бакъоларъярхоша дийцира, шелтерера и шиъ полисхоша лачкъийна йигарх.
Хьалхо Махачкаларчу "Марем" тобан кризисан петарера лачкъийна йигира иштта Нохчийчуьра Тарамова Хьалимат. Нохчийн а, дагестанхойн а ницкъхоша бертаза дIайигинера иза.
Петар чу а лилхина, цу чохь хиллачу волонтерашна а, жигархошна а етта а йиттина, полици дIахьовсийнера уьш. ТIаьхьо Тарамовас видео зорбане яьккхира, шеца дерриг а дика а ду, Iадйитахьара ша бохуш, тешон а гIерташ.