ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мацаллин протест юкъахъяккха дагахь вац нохчийн полисхоша лачкъийна ши ваша


Исаев Исмаил а, Магамадов Салехь а
Исаев Исмаил а, Магамадов Салехь а

ГIаттамхошна гIоьналла латтийна ву аьлла Нохчийчохь бехкевечу шина вешин Магамадов Салехьа а, Исаев Исмаила а кхайкхийна мацалла бахьана долуш могушалла телхинехь а, юкъахъяккха лерина вац и шиъ. Оьрсийчоьнан кхечу регионе шаьшиннан дов хаттар ТIехьа-Мартанара дехьа ца даккхарна дуьхьал Магамадовс а, Исаевс а мацалла хьоьгу доьалгIа де ду.

Нохчийчохь шаьшиннан гIуллакх нийсонца къастор дац аьлла, тешна ву и шиъ, хаамбо "Кавказский узел" (арахьарчу агентийн могIаре яьккхина, хаамийн гIирс цунна реза ца хилла) гIирсо шина вешин адвокатна тIетевжина.

  • Магамадов а, Исаев а дуьххьара лецира 2020-чу шеран бIаьста, Osal Nakh 95 цIе йолчу оппозицин телеграм-каналан модератораш хилла аьлла. Цул тIаьхьа видео арахийцира цара нах къинтIерабохуш – оцу чохь гуш ду царна йиттина хилар. Стохка аьхка "Российская ЛГБТ-сеть" цхьаьнакхетаралло гIодира шина кIантанна Нохчийчуьра Нижний Новгороде дIаваха.
  • Чиллан беттан 4-хь Лахарчу Новгородехь юха а лаьцна, Нохчийчу дIавигира Исаев а, Магамадов а. Полицехь масийтта сахьтехь бакъ ца дора и шиъ дIалаьцна хилар. Адвокато кегийрхой лачкъийна хиларх лаьцна дIахьедар деш кехат чуделлачул тIаьхьа бен бакъ ца дира Нохчийчуьрчу Iедалхоша, уьш шайн кархь хиларх.
  • Лахарчу Новгородехь лаьцна Нохчийчуьра ши вахархо Магомадов Салахь а, Исаев ИсмаьIил а бехке вира низамашца йоцучу тIеман тобанна гIо дарна. Нохчийчурчу "Грозный" телеканахула вистхуьлуш Кадыров Рамзанан гIоьнчо Дудаев Ахьмада дIахьедира, лаьцна волчу шимма "гIо дина Котар-Юьртахь Дечкен-беттан 20-хь вийна волчу Бютукаев Асланан терроран тобанна юкъахь волчу низамца йогIуш йоцучу тобанан декаъшхочунна Борчишвили Рустамана" аьлла.
  • "Мемориал" бакъонашларъяран центро (арахьара агентийн реестрна юкъахь ю иза, организаци реза ца хилла цунна) политикан тутмакхаш лерина Магомадов Салехь а, Исаев ИсмаьIил а

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG